167-гIа дакъа
Некъан накъостий лахар а, цара, цунна муьтIахь хила, шайх цхьаъ воккханиг (амир) балгалваккхар а суннат хилар
958. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь нахана хаахьара ша цхьаъ (новкъаваларах) лаьцна суна хууш дерг - цхьа а бере буса ша цхьаъ новкъа вера ма вацара» (Бухари: 2998).
959. Iамр бин ШоIайба дийцина, шен дас дийцира, шен дендас[1] (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьа бере - шайтIа ду, ши бере - ши шайтIа ду[2], ткъа кхо (бере) - ковра (къепал) ю» (хIара хьадис, иснадаш «сахьихь» а йолуш, далийна Абу Дауда: 2607, Тирмизис: 1674, Насаис. Тирмизис аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).
960. Абу СаIийда а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь кхоъ новкъа валахь - шайх цхьаъ амир хIоттавойла цара» (хIара хьадис «хьасан» даржехь иснад а йолуш, Абу Дауда далийна: 2608).
961. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Доллучул а дикаха ду - некъан накъост (некъахой) виъ хилар. Уггаре дикаха (тIемалойн) тоба - виъ бIе ю, уггаре дикаха эскар - диъ эзар ду, ткъа шийтта эзар (тIемало) - цкъа а кIеззиг хиларан бахьанина оьшур вац[3]» (Абу Дауд: 2611. Трирмизи: 1555, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).
[1] Кхузахь хьехориг - Iамр бин ШуIайбан ден ден да Iамр бин ал-Iас ву (АллахI реза хуьлда цунна).
[2] Оцу кепара цхьа бере, ши бере шайтIанах тарваран. ШайтIанна шена а дукха деза шадалар, нахана а хаздо цо и, бохучу маьIне ду.
[3] Кхечу дешнашца аьлча: нагахь уьш эшахь а - кIеззиг хиларна оьшур бац, муьлхха а цхьана кхечу бахьанина оьшур бу.