157-гIа дакъа
Докъан ламазехь доьшуш долучуьнан хьокъехь
(Докъан ламаз дечу стага) доьазза «АллахI Воккха ву!» («АллахIу Акбар!») ала деза. Хьалхараниг аьллачул тIаьхьа - ларвар доьхуш долу доIа дийр ду АллахIе, цул тIаьхьа - «Фатихьат» деша деза. Цул тIаьхьа шолгIа а «АллахI Воккха ву!» ала деза, тIаккха – пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дилла деза. (Салават) хIокху кепара (доьшур ду): «Я АллахI! Къинхетам бехьа Мухьаммадах а, Мухьаммадан доьзалах а…» («АллахIумма солли Iала Мухьаммадин, ва Iала али Мухьаммадин…»). Доллучул а дикаха хир ду цо иза хIокху дешнашца дерзийча: «…Айхьа ИбрахIимах а, ИбрахIиман доьзалах а къинхетам баре терра» («…кама соллайта Iала ИбрахIима ва Iала али ИбрахIима»). ТIаьххьара а тIе хIара (дешнаш) а олуш: «Боккъалаъ, Хьо ву-кха - хастамна хьакъ верг, Сийлахь верг!» («Иннака хьамидун мажид!»).
Дуккхаъчу юкъарачу наха дийриг дан ца оьшу, (деккъа хIара) аят а доьший, тоам беш болучу: «Боккъалаъ, АллахI а, Цуьнан малекаш а пайхамарна салават дуьллуш бу» («Ал-Ахьзаб», 56). ХIунда аьлча, боккъалаъ, деккъа и цхьа аят а дешна тоам беш волучуьнан ламаз нийса хир дац.
Цул тIаьхьа кхоалгIа а «АллахI Воккха ву!» боху дешнаш ала деза, ткъа цул тIаьхьа – веллачунна а, бусалба нахана а доIа дийр ду. АллахIана лаахь вай дуьйцур ду (цигахь догIу) хьадисаш.
Цул тIаьхьа доьалгIа а «АллахI Воккха ву!» боху дешнаш ала деза, ткъа тIаккха – АллахIе доIа дан деза. Дича доллучул а дикаха (долу доIа, хIара ду): «Я АллахI! Цуьнан йолах ма даха Ахьа тхо. Цул тIаьхьа тиларна чу ма эгаде Ахьа тхо! Тхуна а, цунна а геч а де Ахьа!» («АллахIумма ла тахьримна ажрахIу, ва ла тафтинна баIдахIу, вагIфир лана!»).
Дуккхаъчу наха гуттар а дийриг а ца деш, доьалгIа (Акбар аьлча), доIа дехха дар бакъахьара лоруш ду. Ибн Абу Авфас дийциначу хьадисан чулацамна, Сийлахь-Везачу АллахIана лаахь, вай дуьйцун долу.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхоазлагIа «АллахI Воккха ву!» аьллачул тIаьхьа деш хиллачу доIанех дерг дийцича, царех ду (тIаьхьадогIу доIанаш):
935. Абу Iабдуррахьман Iавф бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) докъан ламаз дира, ткъа цо (оцу веллачунна) дина хилла долу доIа аса дагахь латтийра. Цо элира: «Я АллахI! Гечде Ахьа цунна! Къинхетам бе Ахьа цуьнах! Хьалхаваккха Ахьа иза![1] КъинтIера вала Хьо цунна![2] ТIеэцар хаза де Ахьа иза! (я: Веза хьаша ве Ахьа цуьнах!)[3] ЧугIойла[4] паргIат е Ахьа цуьнан! ДогIанца а, лайца а, къоранца а цIанве Ахьа иза![5] Айхьа кIайн бедар мIодех ма цIанъярра[6] къинойх дIацIанве Ахьа иза! Цуьнан хиллачу хIусамал кхин а тоьлуш йолу хIусам а ло Ахьа цунна! Цуьнан доьзалал кхин а тоьлуш болу доьзал а, цуьнан хиллачу зудчул кхин а дика йолу зуда а (ло Ахьа цунна)! Ялсамане а вахийта Ахьа иза! Кошан Iазапах а, ЦIеран Iазапах а хьалха а ваккха Ахьа иза!» («АллахIуммагIфир лахIу, вархьамхIу, ва IафихIи, ваIфу IанхIу, ва акрим нузулахIу, ва вассиI мадхалахIу, вагIсилхIу билмаи, вассалжи, валбаради, ва наккъихIи минал хатIайа кама наккъайтас совбул абйад минадданаси, ва абдилхIу даран хайран мин дарихIи, ва ахIлан хайран мин ахIлихIи, ва завжан хайран мин зовжихIи, ва адхилхIул жаннахI, ва аIизхIу мин Iазабил къабри, ва мин Iазабин нари»). (Оцу) веллачуьнан метта со велар-кха аьлла, ма хеттера суна» (Муслим: 963).
936. Абу ХIурайрас а, Абу Къатадас а, Абу ИбрахIим ал-АшхIала а, шен дас олуш хезначунна тIе а тевжаш (цуьнан да а ву иштта асхьаб хилла (АллахI реза хуьлда царна)) дийцина. (Царна хезна, цкъа) докъан ламаз дан хIоьттиначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш: «Я АллахI! Гечдехьа тхан дийначарна а, беллачарна а, кегийрачарна а, къеначарна а, стегаршна а, зударшна а, (цIахь) болучарна а, (новкъахь) болучарна а! Я АллахI! Айхьа тхоьх бахар делларш - Исламан (динна тIехь) бахабе Ахьа! Айхьа тхоьх дIакхалхош верг - иманехь кхалхаве Ахьа! Я АллахI! Цуьнан йолах ма даха Ахьа тхо! Цул тIаьхьа тиларшка а ма эгаде Ахьа тхо!» («АллахIуммагIфир лахьаййина ва маййитина, ва сагIирина ва кабирина, ва закарина ва унсана, ва шахIидина ва гIаибина. АллахIумма, ман ахьйайтахIу минна, фа ахьйихIи Iалал ислами, ва ман таваффайтахIу минна, фатаваффахIу Iалал иймани. АллахIумма ла тахьримна ажрахIу, ва ла тафтинна баIдахIу!»)
(Тирмизи (1024), Абу Давуд (3201). Тирмизис далош дерг - Абу ХIурайрас а, ал-АшхIалис а дийцина хьадис ду, ткъа Абу Дауда далориг - Абу ХIурайрас а, Абу Къатадата а дийцинарг ду. Хьакима аьлла: «Абу ХIурайрин хьадис «сахьихь» а ду, Бухарин а, Муслиман а бехкамашца догIуш а ду». Тирмизис аьлла, Бухарис элира аьлла: «Оцу хьадисан ривайатех «асахь» («уггаре а бакъ дерг») ал-АшхIалис дийцина хьадис ду». Бухарис кхин а аьлла: «Оцу декъан хьокъехь мел долучух «асахь» («уггаре а бакъ дерг») Iавф бин Малика дийцина хьадис ду).
937. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шаьш веллачунна докъан ламаз дечу хенахь - доггаха АллахIе доIа де цунна» (Абу Дауд: 3199).
938. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша докъан ламаз деш элира: «Я АллахI! Хьо ву-кха цуьнан Дела! Хьо ву-кха иза кхоьллинарг! Хьо ву-кха иза Ислам (дине) нисвинарг! Хьо ву-кха цуьнан са эцнарг! Хьо ву-кха цо хьулдинарг а, хьуламаза динарг а массарначул дика хууш верг! Тхо цунна тIехIиттина дехаре даьхкина Хьоьга: гечдехьа цунна!» (Абу Дауд: 3200).
939. Васила бин ал-АскъаIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхоьца цхьаьна цхьана бусалба стагана докъан ламаз дира. Ткъа суна цо олуш хезира: «Я АллахI! Боккъалаъ, хьенехан кIант минех - Хьан гIоьнна а, доланна а кIел ву-кха! Кошан питанах а, ЦIеран Iазапах а ларве Ахьа! Хьо ву-кха ваIда кхочуш йийриг а, хастамна хьакъ верг а! Я АллахI! Геч а дай, къинхетам бехьа цуьнах! Хьо ма вуй – Гечдийриг а, Къинхетам бийриг а!» («АллахIумма инна фулана бин фулан фи зимматик, ва хьабли жаварихьик, факъихIи фитнатал къабри, ва Iазабаннари, ва анта ахIлул вафаи вал хьамди, АллахIумма фагIфир лахIу, вархьамхIу, иннака антал гIафуру-р-рохьим!») (Абу Давуд: 3202).
940. (Шен хенахь) IабдуллахI бин Абу Овфас (АллахI реза хуьлда цаьршинна), шен йоIана докъан ламаз дечу хенахь, доьазза «Такбир» дош[7] элира. ДоьазлагIа уьш олучу хенахь - (ламаз деш) шина Такбирана юккъехь яьккхиначу хеннал хан яьккхира, АллахIе (шен йоIанна) гечдар доьхуш а, (цунна) доIанаш деш а. Цул тIаьхьа элира цо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) а дора иштта гуттар а».
(Оцу хьадисан кхечу) ривайатехь дийицина (и дийицначо элира аьлла): «Доьазза «АллахI Воккха ву!» элира цо. Цул тIаьхьа ша воллучохь сел веха (лаьтташ) Iийра иза, суна цо пхоьазлагIа а «АллахI Вокха ву!» боху дешнаш ала тарлора-кх аьлла а хеталуш. Делахь а, цо салам делира аьтту агIор а, аьрру агIор а дIасавоьрзуш. (Ламаз) дерзийна иза ваьлча, оха цуьнга хаьттира: «ХIара хIун ду?». Тхуна (жоп луш) цо элира: «Боккъалаъ, сайн бIаьра хьалхха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш сайна гиначул а совнаха дерг деш вац-кха со шуна (хьалхахь)! (я: АллахIан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) а дора иштта!)» (Хьаким: 1/360, цо аьлла «сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).
[1] Кхузахь дуьйцург - Iазапах а, кошан боданах а хьалхаваккхар ду.
[2] Кхузахь дуьйцург - Ислам-динан декхарш кхочуш ца деш дийлийтиначу тайп-тайпанарачу кхачамбацаршна гечдар дехар ду.
[3] Вуьшта аьлча: «Ялсаманехь дика а долуш дакъа де Ахьа цунна! Лакхарачу меттиге а кхачаве Ахьа иза!».
[4] Кхузахь дуьйцург - каш ду.
[5] Кхузахь динарг - дустаршца пайда оьцуш дехар ду: веллачунна массо а тайпа къинхетамаш бар а, цо мел летийначу къиношна а, дийлийтиначу кхачамбацаршна а гечдар доьхуш.
[6] Цуьнан маьIна – гуттар а цIена къинойх цIанвар дехар ду.
[7] «Такбир» дош - «АллахI Воккха ву!» («АллахIу Акбар!») бохучу дешнех олуш ду.