ХIан, нагахь дуьйцург (бакъо йоцуш цо доладерзийна я лачкъийна) ахча, я иштта йолу муьлхха а кхин мехала хIуманаш елахь - ткъа уьш йолучу дена юхаерзон езаш ю цо.
Нагахь КъурIанан а, Суннатан а бакъонашкахь билггал таIзар дан догIуш долу эладитта, (цIе) кхоллар я муьлхха а цуьнах тера кхин къа делахь - бехкечо шен лаамехь и таIзар дайта деза шена я зен хиллачуьнга гечдар деха деза шена.
Нагахь динарг гIийбат делахь – шена гIийбат а дина зен хиллачуьнга къинтIера валар деха деза цо.
Массо а къинойх дан дезаш ду тоба.
Нагахь стага цхьадолучу къинойх тоба динехь - цо оцу къиношна дина тоба, Суннатан тIаьхьабазархошна гергахь, нийса лорур ду. Ва амма диссиначу дерригенна а тоба дар тIехь дуьссу цунна, хIунда аьлча тоба дар важиб хилар гойтуш ду КъурIанера а, Суннатера а тоьшаллаш а, умматан (Iеламнехан) барт а.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллинарш! Тоба де АллахIе массара а цхьаьна - декъала хила мега шу» («ан-Нур», 31).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Гечдар деха шайна шайн Деле. Тоба а де Цуьнга» («ХIуд», 3).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллинарш! Тоба де АллахIе, даггара (а деш)!» («ат-Тахьрим», 8).
13. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «АллахIах дуй ма буу аса: дийнахь кхузткъей уьттазза дехна ца Iаш, АллахIе гечдар ма доьху аса. Цуьнца тоба а ма до аса» (Бухари: 6307).
14. Ал-АгIарр бин Йасир ал-Музанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, нах! Тоба де АллахIца. Гечдар а деха Цуьнга. Боккъалаъ, со а ву Цуьнца дийнахь бIозза тоба деш» (Муслим: 2702).
15. АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ялхочо Абу Хьамзат Анас бин Малик ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Шен лайно тоба дича АллахI воккха ма вево - гIум-аренгахь яйна хилла йолу шен эмкал дагахь а доцуш карийначу шух муьлххачул а сов» (Бухари: 6308, Муслим: 2747).
Муслиман ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Боккъалаъ, Шен лайно тоба дечу хенахь, цо и дарна АллахI сов воккхавево - шух эмкалахь гIум-аренгахь (новкъа воьдуш) волучул а, цуьнан ерриге лахьанан тIаьхьалонаш, хи тIехь а долуш, цуьнан карара а яьлла, иза шена карор ю бохучух дог а диллина, цхьана диттана тIе а веана, цуьнан IиндагIехь охьавижиначу, кхин шена (шен эмкал гур ю я карор ю бохучуьнга цхьа а) догдохийла а йоцуш. Иштта оцу хьолехь иза а волуш, «лап» аьлла шена уллохь лаьтташ карийна цунна (эмкал). Цул тIаьхьа, цуьнан архаш схьа а лаьцна, дукха чIогIа хазахетар хилла, цо аьлла: «Я, АллахI! Хьо – сан лай ву, ткъа со – Хьан Дела ву!». Дукха чIогIа хазахетар бахьана долуш гIалатваьлла иза.
16. Абу Муса IабдуллахI бин Къайс ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа Шен куьг кхийдор ду буса - дийнахь муьлхха а цхьа вониг диначуьнга тоба дайтаран дуьхьа. Дийнахь а Шен куьг кхийдор ду Цо - буса муьлхха а цхьа вониг диначуьнга тоба дайтаран дуьхьа. (Иштта дIа) чубузучуьра малх схьакхета хан-зама кхаччалц (хир ду)» (2703).
17. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Чубузучуьра малх схьакхетале хьалха тоба дина волучуьнан тоба АллахIа къобалдийр ду» (Муслим: 2759).
18. Абу Iабд ар-Рахьман IабдуллахI бин Iумар бин ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа лайн дохковалар (тоба) къобалдийр ду - лечу хенахь (деш долу) дехьар дан волавелла иза мел воцу» (Тирмизи: 3537, цо аьлла хIара «хьасан» дарж долуш хьадис ду).
19. Зирр бин Хьубайша дийцина: «(Цкъа) Сафван бин Iассал (АллахI реза хуьлда цунна) волучу веара со - маьхьсешна (мачашна) тIе мосхьа дарах лаьцна цуьнга хаттар дан[1]. Цо хаьттира: «Сте валийна хьо, хIай Зирр?». Аса жоп делира: «Хааршка гIертаро (Iилма лехаро)». Цо элира: «Боккъалаъ, малекаш шайн тIемашца дIахьекхало Iилма лоьхучух - цо лоьхучунна реза хуьлий!». Цул тIаьхьа аса хаьттира: «Доккха гIуллакх хилча а, жима гIуллакх хилча а маьхьсешна (мачашна) тIе мосхьа даран хьокъехь кхоллаеллачу шеконо ца вуьтуш (хьийзаво-кха) со. Ткъа хьо пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех цхьаъ ма вара. Цундела хьоьга хатта (дагахь) веъна-кха со: «Оцу хьокъехь хIумма а ца хезна-те хьуна, цо дуьйцуш?». Цо жоп делира: «ХIаъ. Тхо новкъахь (я некъахой) хилча, цо олура тхоьга: кхаа дийнахь-бусий тхешан маьхьсеш когара дIаяха ца еза, лийчар тIедоьжча а бен[2]. (Амма) доккха хьашт кхочушдарна а, жима хьашт кхочушдарна а, я наб кхетарна а дан дезаш дацара и». Цул тIаьхьа аса хаьттира: «Безамах лаьцна цхьа а хIума хезний хьуна цо олуш?». Цо жоп делира: «ХIаъ. (Цкъа) тхо АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна новкъа доьлхуш, тхо цунна уллохь а долуш, цхьана акхачу Iаьрбочо, цIеххьана чIоггIа аз а айдина, мохь туьйхира цуьнга: «ХIай, Мухьаммад!». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, цо санна чIоггIа аз а айдеш, жоп делира цунна дуьхьал: «Кхузахь ву со!». Аса элира цуьнга[3]: «АллахIа къинхетам бе хьоьх, банехьа! Меллаша ала, хьо-м пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьалххахь вай. Оцу тIе дихкина а ма ду хьуна ишттаниг дар!». Амма цо элира: «АллахIах дуй буу аса: меллаша эра ма дац аса!». ТIаккха оцу акхачу Iаьрбочо (элира пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIокху дешнашца): «И нах безаш ву стаг, амма хIинца а царех дIакхетта вац иза[4]». (Оцунна) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «И стаг къематдийнахь шена безначаьрца цхьаьна хир ву».
(Зирр бин Хьубайша аьлла): «Вехха дуьйцуш Iийра иза тхуна[5] - малхбузехь йолу цхьа неIарш йийца волаваллалц, шайн шоралла (я сел шуьйра йолуш, дошлочунна цуьнан юкъ хадо) шовзткъа (я кхузткъей итт) шо зама оьшур йолуш».
ХIара хьадис дийциначарех цхьаъ волучу Суфйана аьлла: «И неIарш Шам агIор ю[6]. Сийлахь-Везачу АллахIа стигланаш а, латта а кхуллучу дийнахь тобанна дуьхьа схьайиллина а йолуш, кхоьллина ю уьш. ДIакъовлур йолуш а яц уьш - цигахула схьа малх кхетталц» (хIара хьадис дийцина Тирмизис а: 3529, кхинболучу мухьаддисаша. Тирмизис аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).
20. Абу СаIийд СаIд бин Малик бин Синан ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан пайхамаро (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира аьлла: «Шул хьалха баьхначарна юккъехь цхьа стаг хилла, везткъей ткъесна стаг вийна. Цул тIаьхьа (нахе) хетта воьлла иза: «Лаьтта тIехь бехаш болучарех уггаре а дика хуург мила ву?». Ткъа цара цхьана мозгIарна тIехьажийна иза. Иза волучу а веана, цуьнга ша везткъей ткъесна стаг вийна а аьлла, тIаккха (хаьттина) цо: «Тоба даро бан цхьа а пайда буй-те суна?». Вукхо жоп делла: «ХIан-хIа!». ТIаккха и (мозгIар) а вийна, ша байъиначу нехан терахь бIаьнга даьккхина цо. Цул тIаьхьа юха а хетта воьлла иза (нахе): «Лаьтта тIехь бехаш болучарех уггаре а дика хуург мила ву?». Цара иза Iилма девзачу (Iелам) стагана тIехьажийна. (Ша цуьнца цхьаьнакхетча), «БIе стаг вийна аса. Ткъа тоба даро (бан цхьа а пайда) буй-те суна?» аьлла (хаттар дина) цо? Вукхо жоп делла: «Бу! Тоба дечунна новкъарло ян мила ву?! Иштта хIоккху-оццу лаьтта тIе дIагIо хьо. Сийлахь-Везачу АллахIана лолла деш нах болуш ду хьуна и. Цаьрца цхьаьна АллахIана гIуллакх деш цигахь саца хьо. (Хьо ваьхна долучу) хьайн лаьтта тIе вуха а ма верза, хIунда аьлча вон латта ду и!». Иза (цига ваха) дIановкъа ваьлла[7]. Амма некъ юккъе баьллачу хенахь валар кхаьчна цуьнга. Цуьнан хьокъехь (дан дезаш долучунна) шайна юккъехь къовсаме девлла къинхетаман малекаш а, Iазапан малекаш а. Къинхетаман малекаша аьлла: «Боккъалаъ, тоба а дина (дохко а ваьлла), шен дагца Сийлахь-Везачу АллахIе а вирзина вогIуш вара иза!». Ткъа Iазапан малекаша аьлла: «Боккъалаъ, цкъа а цхьа а дика хIума дина вацара иза!». ТIаккха царна тIе адамийн суьртехь малек деана. Цара оцу шайн къовсамехь кхиэлахо дина цуьнах. Цо аьлла: «Оцу шина лаьттан юкъ юстал. Цаьршиннах иза герга хиллачуьнан хир ву иза». Юьстича - цига дIакхача гIерташ хилла долучу лаьттана гергаха карийра царна иза. ТIаккха къинхетаман малекаша шайца дIавигира иза» (Бухари: 3470, Муслим: 2766).
Оцу хьадисан «Сахьихь»[8] жайнахь долучу кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Дика нах бехаш хиллачу юьртана цхьа ше герга хилла дела - цигахь баьхначарех дIатуьйхира иза».
Оцу хьадисан «Сахьихь»[9] жайнахь долучу кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Сийлахь-Везачу АллахIа цхьана (агIонехь долучу) лаьтте «Генадала!» аьлла омра дира, вукхуьнга – «Гергадола!» аьлла. Цул тIаьхьа аьлла Цо: «Юста церан юкъ». (Юьстича) - цхьа ше вукхунна гергаха карийра царна иза[10]. Цул тIаьхьа гечдира цунна (цо летийна хиллачу къиношна)».
Оцу хьадисан «Сахьихь»[11] жайнахь долучу кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «…Шен дагца гIерташ вара иза цига»[12].
21. IабдуллахI бин КаIб бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна), КаIбан кIентех, цуьнан бIаьрса дайначу хенахь, иза дIасалелориг хилла волучу, дийцина: «КаIб бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) ша Табук гIазотехь АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дакъа ца лоцуш виссарах лаьцна долу дийцар дуьйцуш хезна суна. КаIба дийцира:
«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш долучу цхьана а гIазотехь буха ца сецнера со, Табук гIазотехь бен. Вуьшта, Бадр[13] гIазот дечу хенахь а вацара со цуьнца. Цхьа хIума-м дара: (оцу гIазотехь) бухависсиначу цхьаьнггара а бехк боккхуш бацара, хIунда аьлча АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (Меднара) араваьллера (кхинболучу) бусалба нахаца, къурайшин (мах лелабен) ковра лаца Iалашо йолуш. Ткъа АллахIа уьш вовшахтуьйхира шайн мостагIашца, йиллина хан (бина барт) а боцуш. (Оцу тIе) пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хилла а вара со Iакъаба[14] буса, Ислам-динна тешаме хила оха чIагIонаш йиначу хенахь. Я аса хуьйцур а ма яцара хьуна Iакъаба буьйса Бадр гIазотах, нахалахь Бадрахь хилла тIом гIарабаьлла буьйцуш белахь а[15].
Со АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табук гIазоте ца воьдуш бухависсиначу хенахь леллачу сан исторех дерг дийцича… Боккъалаъ, цкъа а хилла вацара со сел дегIехь ницкъ болуш а, (оьшург дерриге долуш) аьтто болуш а - со цуьнца оцу гIазоте ца воьдуш бухависсиначу хенахь санна. АллахIах дуй ма буу аса: оцул хьалха цкъа а цхьана хенахь ши эмкал хилла ма яцара сан. Ва амма оцу гIазотан (хенахь) йолуш яра сан и шиъ. АллахIан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг дийцича, (цхьанна дуьхьал) гIазоте шена аравала лиъча, цо гуттар а хьулйора[16] (шен бакъ йолу Iалашо), кхин гIазот дан (Iалашо йолу сурт гойтура цо). (Иштта и дара деш) оцу (Табук) гIазотан хан тIехIотталц. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) инзаречу йовхонехь а, вуно беха некъ бан безаш а, хи доцу гIум-аре хадон езаш а, мостагIийн дукхалла дукхе-дукха йолуш а (деш дара и гIазот). Цо дIадовзийтира бусалбашна гIуллакхан дух[17] - уьш оцу гIазотана кечбалийтархьама. Цул тIаьхьа цо царна дIайовзийтира билггал ваха гIерташ йолу агIо а. Иштта АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сел дукха бусалба нах бара, тептаре (язбеш хилча) церан (дукхаллин) чот ян а тарлур доцуш.
Цигахь дакъалаца ца лууш хилла кIеззиг стегарий[18] цуьнах дерг цхьанненна а хуур а дац аьлла хеташ бара - нагахь оцу хьокъехь Сийлахь-Везачу АллахIера хаам ца боссахь. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу гIазоте ваха велира стоьмаш хиллачу хенахь, (дитташа) хаза, томехь IиндагIа лучу хенахь. Со а (дера) вара оцу (стоьмашна а, IиндагIашна а) тIеийзалуш. ТIаккха АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхинболучу бусалба нахаца кечамаш беш вара (оцу гIазоте ваха вала). Со а волавелира (цIера) Iуьйррехь аравала - цаьрца цхьаьна кечамаш баран дуьхьа. Юха а вухаверзара со, дина хIумма а доцуш, айса-сайлахь баха а бохуш: «Соьга далур долуш хIума ду-кха иза - суна лиъчахьана». Иштта оцу хьолехь лаьттира со, кхинберш (оцу гIазоте баха) леррина (кечамаш беш а болуш). Эххара тIаьхьа, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхинболучу бусалба нахаца цхьаьна новкъа вала вуьйлира, ткъа аса дина кхин хIумма а дацара. Цул тIаьхьа (юха а), Iуьйррехь ара а ваьлла, (некъан кечамна) дина кхин хIумма а доцуш, юха а цIавирзира со. Со оцу хьолехь лаьттачу юкъанна (гIазотан декъашхой), шайн (новкъа) бахар маса (чехка) а даьккхина, (оцу сохьта) дикка дIагена бовла ларийра. ТIаккха а ма хилира хьуна сан ойла – «Новкъа а ваьлла, царна тIехьакхиа веза со» аьлла. ЭхI, кхочуш дина хилла делар-кха аса и! Делахь а, суна доьгIна ца хиллера и (кхочушдар). АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIаваханачул тIаьхьа нахана юккъе волура со. Суна гуттар а чIогIа халахетара - сайна со саннарш[19] дуьхьал цанисбалар. (Дуьхьал ца нислора суна) - мунепикъаш бу аьлла дIакхайкхийнарш боцурш, я Сийлахь-Везачу АллахIа (гIазотах хьалхабитина) бехказа битина стегарий боцурш.
Ткъа АллахIан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг дийцича, цунна со дагавеана а ца хиллера Табуке дIакхаччалц. Цига дIа а кхаьчна, нахана юккъехь хиина Iаш а волуш, цо хаьттина хиллера: «КаIб бин Малика динарг хIун ду?». Бану саламат тайпанах волучу цхьана стага жоп деллера: «ХIай, АллахIан элча! (Дера, цIахь ма) сацийна иза цуьнан шина духарой[20], кураллой!». ТIаккха МуIаз бин Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Ма вон хIума эли-кха ахьа ала-м, ткъа, хIай! АллахIах дуй ма буу аса, хIай АллахIан элча! Цуьнах тхуна хууш диканиг бен хIума ма дац хьуна!». Ткъа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вист ца хилла. Оцу юккъехь делкъахенан бIарлагIехь кIайн духарехь вухавелла вогIуш цхьа стаг гира цунна. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Абу Хайсама хила везаш ву-кха иза». Бакъ долуш, ван а вара иза Абу Хайсам ал-Ансари, цо цхьа сахь[21] хурманаш сагIийна еллачу хенахь мунепикъаш шех кхаьрдина хилла волу[22].
АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табукера вухавоьрзуш хилар сайна хиъначу хенахь чIогIачу гIайгIано лецира со. (Бакъ йоцучу) бехказлонийн ойланаш ян а вуьйлира со, (айса-сайлахь баха а) бохуш: «КIелхьара муха вера вара-те со кхана цуьнан оьгIазлонах?». Оцу тIехь гIо лоьхуш сайн гергарачарех хIора хьекъалечу (стагана) тIе а воьдура со. (Ткъа нах соьга) баха хIиттиначу хенахь: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар уллхь ву (Меднина)», (дерриге) харцдерг генадолура соьх[23]. Со кхийтира - харцонан гIоьнца со (цуьнан оьгIазлонах) цхьана а кепара кIелхьара валалург цахиларах. ТIаккха ма-дарра бакъдерг дIадийца сацам бира аса.
Iуьйранна АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (Медне) вирзира. Ша муьлхха а цхьанхьа ваханачуьра вухавоьрзучу хенахь - доллучул а хьалха гуттар а маьждиге вогIура иза. Цигахь ши ракаIат (ламаз а) дой, цул тIаьхьа (цхьана ханна) нахаца хиина Iара иза. Цо и диначул тIаьхьа, (Меднахь) бухасевцна хилла болу нах тIеэха буьйлира цунна - (шаьш цIахь совцарна) цуьнга бехказа буьйлуш, цунна дуйнаш даарца шайн бехказлонаш тIе а чIагIъеш. Ишттанаш везткъа сов стаг гулвелира. (Цаьргара схьа) гуш долучунна тIе а тевжаш, цо къобалйира церан бехказлонаш а, цара диъна долу дуйнаш а. АллахIе доIа а дира цо царна гечдар доьхуш. Церан дагахь йолучу ойланийн хьокъехь кхиэл яр АллахIе а диллира цо.
ТIаккха со вахара цунна тIе. Аса шега салам деллачу хенахь велакъежира иза. Шен оьгIазало хьулъеш велакъежнарг санна, цо элира: «СхьатIевола!». ТIаккха цунна (улле) тIе а вахана, цунна хьалхха охьахиира со. Цо хаьттира соьга: «Хьо цIахь сацийнарг хIун дара? Эмкал эцна яцара хьан?». Аса жоп делира: «ХIай, АллахIан элча! АллахIах дуй ма буу аса: со муьлхха а хьо воцучу цхьана кхечу стагана хьалхахь хиина Iаш велахьара, суна хетарехь, (муьлхха а цхьа харц) бехказлонаш а лехна, цуьнан оьгIазалоаех кIелхьара валалур ма вара со, хIунда аьлча хаза-говза къамел дан (хаар ду-кхи) суна делла. Ва амма, АллахIах дуй ма буу аса: суна хаа ма хаьа, нагахь тахана аса хьуна харцдерг дийцахь - оцу (къамелана) хьо реза хилахь а, герггарачу хенахь АллахIа хьо суна оьгIазавахийта герга дуйла[24]. Нагахь аса хьуна бакъдерг дийцахь - хьо суна (хIинццехь) оьгIазагIур ву. Делахь а, аса догдоху - и бахьанехь[25] доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа со тIаьхье дика йолучу тIе вигаре! АллахIах дуй бууш (боху) аса: цхьа а бехказло ма яцара хьуна сан! Юха а АллахIах дуй бууш (ма боху) аса: хьол тIаьхьа со цIахь виссиначу хенахь цкъа а ца хиллачу кепара дегIехь ницкъ боллуш а, аьтто болуш а ма вара хьуна со!».
ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ХIокхуьнах дерг аьлча, хIокхо бакъдерг дийци. ХьалагIаттий (хьоьжуш Iе хьайна) - АллахIа хьайн хьокъехь цхьа сацам баллалц». (Цул тIаьхьа) суна тIегIоьртира бану саламат тайпанан нах. Суна тIаьхьахIиттира уьш, соьга бехкаш а дохуш: «АллахIах дуй буу оха: ахьа кхул хьалха дина цхьа а къинош хааделла ма дац тхо. АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьалха бехказа ца валавели-кха хьо, кхинболу цIахь Iийна хилларш бехказа ма бовллара. (Хьан къинна гечда-м) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) АллахIе хьуна доIа дар тоьаш хир дарий!».
АллахIах дуй ма буу аса: (сел чIогIа) бехкаш дехира цара соьгара. (Эххара тIаьхьа) вуханехьа АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а вахана, цуьнга олучу хьолтIа валлал, аса дийцинарг бакъ дерг дацара аьлла. ХIета, аса хаьттира цаьрга: «Цхьаннена а тIехIоьттиний хIара суна тIехIоьттинарг санна дерг?». Цара жоп делира: «ХIаъ, кхин а шинна тIехIоьттина. Оцу шимма а аьлла ахьа аьллаарг. (ХIинца оха хьоьга бохуш дерг) цаьршинга а баьхна (оха)». Аса хаьттира: «Мила ву и шиъ?». Цара жоп делира: «Мурара бин РабиI ал-Iамрий, ХIилал бин Умаййа ал-Вакъифий ву». (Ткъа цара суна яьхнарш) дикачу шина стеган (цIераш) яра, Бадр гIазотехь дакъалаьцна хилла а волуш. (Аса элира тIаккха): «Царех масал эца деза аса!». Цара сайна оцу шиннан цIераш яьхча, (айса дуьххьара дийциначунна тIехь, цхьа а хийцам ца беш, чекхвала) хиллачу сацамна тIехь дIавахара со[26].
АллахIан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг дийцича, (Меднахь, гIазоте а ца боьлхуш) буха мел биссиинчарна юккъера къасттийна тхо кхаанца къамел дар дихкира цо. Нах пебетта буьйлира тхох (я: наха шайн тхоьца йолу юкъаметтиг хийцира). (Оцу тIехь со вехаш долу) латта а цхьаьна суна цадевзачу даьлла хийцаделлера. Бакъдолуш, суна (хьалха) девзаш хилла латта дацара и. Иштта, оцу хьолехь шовзткъей итт дийнахь Iийра тхо. Сан шина накъостах дерг аьлча, тийна-таьIна, шайн цIахь а севцна, воьлхуш Iаш вара и шиъ. Ткъа со царел къона а, дегIехь ницкъ болуш а вара. Цундела со (цIера) ара а волура, кхинболучу бусалба нахаца ламазехь дакъа а лоцура аса, базаршкахула а лелара со. Амма цхьа-цхьаъ къамеле ца волура соьца! АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу тIе а вогIий, цуьнга салам а лора аса, ламаз дина а ваьлла, иза нахана юккъехь хиина Iаш волучу хенахь, айса-сайга хетта а хоьттуш: «Сан салам схьаоьцуш шен ши балда меттаха хьадира-те цо я ца хьадира-те?». Цул тIаьхьа, цунна улле а хIуттий, ламаз дора аса, къайлах цуьнгахьа дIа а хьоьжуш. Со сайн ламазе вирзина а волуш, соьга хьаьжира иза, тIкъа со иза волучухьа дIавирзича - сох дIавирзира иза.
(Цкъа) бусалба нахерачу шийлачу юкъаметтигашна тIеIиттавалар дукха ехачу ханна дахделлачу хенахь, (цIера ара а ваьлла) вахара со, массо адамал сайна дукха везаш хилла волучу сайн шичин Абу Къатадин бешан керта кхаччалц. Оцу кертана тIе хьала а ваьлла, цуьнга салам делира аса. АллахIах дуй ма буу аса: соьгара салам схьа ма ца ийцира цо! ТIаккха аса элира цуьнга: «ХIай, Абу Къатада! АллахIах чIагIо еш боху аса хьоьга: (алахь) со АллахI а, Цуьнан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) везаш хилар хууш вуй хьо?». Вист дIа ца хилира иза. Ткъа аса юха а АллахIан цIарах дийхира цуьнга. (ШолгIа а) вист дIа ца хилира иза. Аса юха а цкъа элира сайн дешнаш. ТIаккха жоп делира цо: «АллахIана а, Цуьнан элчанна а дика хаьа-кха цуьнах дерг!». ТIаккха сан бIаьргаш хих дузуш, юханехьа керта тIехула а ваьлла, вухавирзира со.
Меднарчу базархула лелаш со а волуш, (цхьа хан яьлча) цIеххьана хезира суна Шемарчу цхьана ахархочо (керста вара иза), Медне бохка кхача кхоьхьуш лелаш хилла волучу, олуш: «КаIб бин Маликана тIе хьамма вуьгур вара со?». Нах соьхьа хичаш ян хIиттира цунна. ТIаккха суна тIе а веана, гIассанидхойн[27] куьйгалхочуьнгара кехат делира цо соьга. Со яздан хууш вара. Цундела аса и кехат дIадийшира. (ДIахьаьжча) цигахь яздинарг (хIара) дара: «Цул тIаьхьа[28]: Боккъалаъ а, тхоьга (хаам) кхаьчна, хьан доттагI[29] хьох къехка воьлла аьлла. Амма АллахIа герга дуьтур долуш хIума ма дац хьуна - хьох цабашар а, хьан бакъонаш эшор а. Тхох схьакхета, ткъа оха дог оьцур ду хьан!». Айса и кехат дешначу хенахь (айса-сайлахь) элира аса: «ХIара а ду-кха кхин цхьа зер». Цул тIаьхьа, пешана тIе а вахана, цIерахь дагийра аса (и кехат).
АллахIера хаам ца богIуш хьебелла, шовзткъей итт дийнах шовзткъа де тIехдаьлча, дагахь а доцуш, со волучу а вогIий, АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) геланчо соьга олу: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьайн зудчунна улло ма гIорта аьлла, омра до хьоьга!». Аса хаьттира: «Йита езаш ву со иза, я кхин хIума ду аса дан дезарг?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа! Ва амма нацкъарвала цуьнах. ХIуъа хилча а цунна герга а ма гIорта». ТIаккха (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) шен геланчехула сан шина накъосте а дира соьга динна омра. Аса сайн зудчуьнга элира: «Хьайн да-нана долучу а гIой, уьш болучохь сацахьа - хIокху гIуллакхан хьокъехь АллахIа Шен цхьа сацам баллалц».
Цул тIаьхьа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу ХIилал бин Уммаййан зуда еара. Цо элира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Боккъалаъ, ХIилал бин Умаййа гIораза воккха стаг ву. (Шен гIуллакхаш а, хьашташ а кхочуш дан) ялхо а вац цуьнан. Аса цуьнан гIуллакх дойла ца лаьа хьуна?». Цо жоп делира: «И дац и. (Цуьнан гIуллакх дан йиш йолуш ю хьо). Амма хIуъа хилча а хьуна улло гIорта йиш йолуш вац иза»[30]. (Оцу хьокъехь) цо элира: «АллахIах дуй ма буу аса: цхьана а хIуманан ойла еш а (я меттаха волуш а) ма вац иза. Юха а АллахIах дуй ма буу аса: хIара гIуллакх доладелчахьана схьа хIинццалц воьлхучуьра сецна а ма вац иза!». Оцул тIаьхьа сан охIланах цхьамма элира соьга: «Хьоъ ваханехьара АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хьайн зудчо (хьайна гIуллакх дайтаран хьокъехь) дехар эцна, хIунда аьлча ХIилал бин Умаййан зудчунна а ма магийна цо и дан». (Цунна жоп луш) аса элира: «Иштта долу дехар эцна гIура вац хьуна со АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хIунда аьлча оцу хьокъехь аса цуьнга пурба дехча - суна хIун хаьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сайга хIун эра ду. Жима стаг ма вай, ткъа, со хIинца!».
Иштта оцу хьолехь кхин а итт дийнахь Iийра со. Уьш дIадевлча, шовзткъей итт де дуьзира тхан - нахана тхоьца къамеле бовлар дихкиначу хенахь дуьйна. Оцул тIаьхьа, шовзткъей итталгIа буьйса дIайолуш, тхайн цхьана цIийнан тхевна тIехь ламаз а дина, циггахь Сийлахьчу АллахIа тхайн хьокъехь хьаххийначу[31] хьолехь со хиина Iаш а волуш, дог дара сан тIеттIатеIаш (хорамехь). Латта а хеталора суна гатделла, сел шуьйра доллушехь а. ЦIеххьана СалI лома[32] а ваьлла, аз ма-дду бетташ стеган мохь хезира суна: «ХIай, КаIб бин Малик! Кхаъ бу хьуна!». (И хезна) суждане вуьйжира со, хIунда альча паргIато еанийла кхеттера со. (Боккъалаъ, хила а хиллера и иштта). Iуьйра-ламаз диначул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (нахе) дIакхайкхийра - доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Веза а волучу АллахIа тхан тоба къобалдар. Цул тIаьхьа нах буьйлабелира тхуна и хаза кхаъ маса тIекхехьа. (Царех цхьаберш) сан ши накъост волучу бахара, и хаза кхаъ хьуш. Ткъа со волучу говрахь хаьхкина бере веара. Со волучу, иштта, аслам тайпанах кхин цхьа стаг а веанера, маса, лома тIе хьала а ваьлла, (мохь тоьхна) хилла волу. Ткъа цуьнан аз-м говрал а чехка дара. Суна шен аз хезна волу стаг, и хаза кхаъ бохьуш со волучу веъча, сайна тIера сайн ший а духар схьа а даьккхина, цунна тIедуьйхира аса - цо баькхиначу кхоана. АллахIах дуй ма буу аса: оцу хенахь и шиъ доцург духарах цхьа а хIума йолуш ма вацара со. Цундела юхалург ши духар а эцна[33], и шиъ тIе а доьхна, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучехьа вахара со. Новкъа воьдуш тоба-тобанашкахь нах дуьхьал бетталора суна. (Царех хIорамма а АллахIа сан) тоба къобалдарна со декъал а веш, олура соьга: «Диканна хуьлда хьуна АллахIа хьан къобалдина тоба!».
Маьждигна со чуваьлча, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, гонаха гулбеллачу нехан голахь хиина Iаш. ТIалхьа бин IубайдуллахIах дерг аьлча, (ша волучура) хьала а иккхина, суна чу а хьаьдда, сан куьйгаш а лаьцна, со декъалван вуьйлира иза. АллахIах дуй ма буу аса: мухIажарех[34] иза воцург цхьа а хьала ма ца гIаьттира. Ткъа и хIума КаIб цкъа а дицдеш вацара ТIалхьина! Аса АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам деллачул тIаьхьа, цо элира: «Хьайн нанас хьо вичахьана хьайн денойх уггаре а дикачу денца воккхавеве хьо!». И олучу хенахь цуьнан юхь-сибат дара хазахетарна лепаш. Аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хьоьгара ду хIара я АллахIера ду?»[35] Цо жоп делира: «ХIан-хIа, иза – доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Веза а волучу АллахIера ду!». Муьлхха а цхьана хIумано АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) воккхавевича, цуьнан юьхь, серла а йолий, беттан бIелигах тарлой дIахIуттара. Тхуна массарна а тидаме хуьлура и. Цунна хьалха со охьахиъча, аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Сайн тоба къобалдарна (баркаллина) сайн мел болу бахам АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа къечарна дIасабекъа лууш ву-кха со!». (Оцу хьокъехь) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цуьнах цхьаберг хьайна Iадбита, хIунда аьлча и гIолехь хир ду хьуна». ТIаккха аса элира: «ХIета, аса сайна Хайбарахь кхаьчна долу сайн дакъа сацадо»[36]. Иштта кхин а элира аса: «ХIай, АллахIан элча! Боккъалаъ, АллахIа кIелхьара ваьккхина-кха со[37] - бакълер (бахьана долуш). Сайн тоба къобалдарна - со валлалц бакъдерг бен ца дийца тIе ма лоцу аса сайна!». Кхин а АллахIах дуй ма буу аса: айса и АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьллачу хенахь дуьйна[38] суна хезна дац Сийлахь-Везачу АллахIа сайна динарг санна дика цхьана а бусалба стагана дина аьлла[39]. Кхин а АллахIах дуй ма буу аса: айса и АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьллачу хенахь дуьйна таханлерачу хIокху дийне кхаччалц цкъа а, со кхета а кхеташ, аьшпаш боьттина ма бац аса. Кхин а, боккъалаъ, сатуьйсуш ву со - тIейогIучу ханна а Сийлахь-Везачу АллахIа со цуьнах Iалашваре!
ТIаккха Сийлахь-Везачу АллахIа (хIара) аяташ диссийра:
«Тоба къобалди АллахIа пайхамаран а, мухIажирийн а, ансарийн а, халачу сохьтехь[40] цунна тIаьхьабаьзна хилла болучу» хIокху тIе кхаччалц: «ХIунда аьлча И – цаьрца Къинхетаме, (царех) къинхетам беш ву. Кхааннан тоба а къобалди АллахIа, битина хилла болучу[41], царна латта гатта даллалц битина, сел шорта и доллушехьа а» хIокху тIе кхаччалц: «АллахIах кхера, (шайн негаташкахь, къамелехь, Iамалшкахь) бакъ болучаьрца а хила»[42]
АллахIах дуй буу аса: АллахIа сайна Ислам-дине некъ гайтиначул тIаьхьа Цо суна дина уггаре доккха дика - со АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бакъ лийна хилар ду. Цунна аьшпаш ца боьттина аса, (хIунда аьлча соьгара ишттаниг даьллехьара) хIаллакъхир вара со, аьшпаш боьттинарш хIаллак ма хиллара. Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа хаам боссийна аьшпаш боьттиначеран хьокъехь, муьлххачаьрга а аьллачул вон дерг а олуш. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Шу царна тIе (жихIадера) духадирзича, АллахIах дуйнаш дуур ду цара - шу шайх дIадерзийтархьама (шаьш паргIата битийтархьама). ДIадерза, ткъа, царех, хIунда аьлча уьш – боьхалла (нажжаз) ю[43]. Церан боьрзу меттиг жоьжагIати хир ю. Иштта бу цара лелийначунна бекхам. Дуйнаш даа хIуьттур бу уьш шуна - шу шайна реза хилийтархьама. Ткъа шу царна реза хилахь а - АллахI-м хир вац песикъа нахана реза»[44].
Тхо кхоъ буха витинера АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайн дуйнаш къобалдиначарех а къастийна, цара цунна дуйнаш диъначу хенахь - цо АллахIе гечдар дехначарех а. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхан хьокъехь болу сацам тIаьхьатеттира - Сийлахь-Везачу АллахIа оцу хьокъехь цхьа сацам баллалц. Оцу хьокъехь Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Кхааннан тоба а къобалди АллахIа, битина хилла болучу[45]. (Оцу аятехь) тхо «дитина дара» аьлла хьахийнарг - тхо (Меднахь а севцна, оха) гIазотехь дакъа цалацаран (хьокъехь) хилла Iаш дацара. Иштта (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) тхо дитаран хьокъехь а ду и. Цо тхан гIуллакхан хьокъехь сацам а ца беш, тIахьататтар а дара и, цунна дуйнаш а диъна, цунна хьалха бехказа а бийлина, цо церан бехказлонаш къобалйиначарех схьа а къастийна» (Бухари: 4418, Муслим: 2769).
(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь (дийцина, КаIба элира аьлла): «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) еарин дийнахь новкъа велира Табук гIазоте. Гуттар а вара иза еарин деношкахь новкъа валар дезаш.
(Оцу хьадисан) кхоалгIачу ривайатехь (дийцина, КаIба элира аьлла): «(Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) новкъара) вуха ца верзара дийнахь, цIарца аьлча – Iуьйранна (духьа хенахь)[46] бен. Ша вухавирзича - доллучул хьалха маьждиге а воьдий, цигахь ши ракаIат ламаз а дой, тIаккха (цхьана ханна) охьа а хуий, соцура иза оцу чохь».
22. Абу Нужайд Iимран бин ал-Хьусайн ал-ХузаIис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршоа хуьлда цунна) тIе жухIайна тайпанах цхьа зуда еара, нахаца лелла берах а йолуш. Цо элира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! ТаIзар дан догIуш дерг дина аса[47]. Ткъа (и таIзар) дехьа суна!»[48] ТIаккха АллахIан пайхамаро (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан верас ша волучу схьа а кхайкхина, (цуьнга) элира: «Дика хила цуьнца[49]. Ткъа бер дина яьлча, суна тIе схьаялае иза». (Оцу стага, шега ма-аллара) кхочушдира шена тIедилинарг. (Бер диначул тIаьхьа иза а ялош пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу схьавеъча), пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дан догIу омра дира[50]. Цуьнан духар цунна тIехь чIоггIа тIе а къевлина[51], тIаккха (элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) омрица тIулгаш туьйхира цунна. Цул тIаьхьа докъан ламаз дира цо цунна. ТIаккха Iумара хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Докъан ламаз деш ву хьо цунна, и нахаца леллашехь?!». (Цунна дуьхьал пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Сел чIогIа тоба динера цо, Меднарчу бахархойх кхузткъей итт (стагана) декъча, (царна массарна а) тоьур долуш![52] Хьуна хетта хуьлийла ма дац цуьнга кхин доккха хIума далур дара аьлла - доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан дуьхьа шен лаамехь ян а еана цо шен са дIадаларал а?!»[53] (Муслим: 1696).
23. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стеган (долахь) дешех буьззина цхьа боьра деши хилча - кхин а шиъ хиларе сатосур ма-дара цо, я цкъа а латта доцучу цхьана а хIумано цуьнан кийра бузор а ма бац. Ткъа тоба дечеран тоба АллахIа къобалдо»[54] (Бухари: 6436, Муслим: 1049).
24. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Веза АллахI (хастам бу Цунна!) шинна велакъежар ву[55]. Цхьамма важа вуьйр ву. (Оцул тIаьхьа) и ший а ялсамане гIур ву. ХIара (цхьаъ)[56] - АллахIан новкъахь тIом беш кхелхара ву. Ткъа цул тIаьхьа АллахIа гечдийр ду (иза) вийначунна а: дин тIе а эцна, иза а иштта шахIид хир ву» (Бухари: 2826, Муслим: 1890).
[1] Кхузахь дуьйцург - ламаз дале хьалха, ламаз оьцучу хенахь деш долу мосхьа ду, неIаран а, тIаьрсиган а, я иштта муьлхха а царех терачу кхечу коьчаллех а йина хилла йолучу маьхьсешна тIе деш долу. Йистош хьорканашка хьала кхочуш хила а еза церан.
[2] Лийчар тIедужу кхиндIа дагардечу хьелашкахь: шен зудчуьнца вижаран гIуллакх деача; зудчуьнан цIано йохаран хан чекхяьлча; иштта кхин дийнна цхьамогIа хьелашкахь а, бусалба нехан фикъхIан декъехь ма-дарра дуьйцуш долучу.
[3] Вуьшта аьлча: акхачу Iаьрбочуьнга.
[4] Акха-Iаьрбочо вуьйцург ша-ше ву - и дешнаш олучу хенахь цуьнан дагчохь ша АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) везаш, цуьнан асхьабаш а безаш ву бохург а долуш, цара деш долу динан гIуллакхаш деш вацахь а.
[5] И бохург – «Сафвана Зирра дийцира пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешнаш».
[6] аш-Шам – Шемин (Сирин), Урданан (Иорданин), Палестинин, Ливанан шира цIе ю иза. Кхузахь юьйцург малхбузера агIо ю.
[7] Цуьнан кхетам иштта бу: «Иза оцу новкъа ваха велира, доггаха АллахIе тоба диначул тIаьхьа».
[8] Кхузахь дуьйцург - Муслиман «Сахьихь» жайна ду.
[9] Кхузахь дуьйцург - Бухарин «Сахьихь» жайна ду. Амма и ривайат иштта Муслима а далийна.
[10] Вуьшта аьлча: «…иза цига дIакхача гIерташ хиллачу лаьттана».
[11] Кхузахь дуьйцург - Муслиман «Сахьихь» жайна ду.
[12] «…Ша валлалц цига кхача гIерташ вара иза» бохург ду цуьнан маьIна.
[13] Бадр - 150 километар Меднина къилба-малхбузехьа йолучу меттиган цIе ю. Масех гIу а хилла цигахь. Цигахь 624-чу шеран март беттан 15-чу я 17-чу дийнахь бусалбашна а, ницкъ сов болуш хиллачу къурайшашна а юккъехь тIом хилла. Цигахь бусалба наха шайн уггаре а боккха тIеман толам баьккхина. Оцу тIамехь дакъалаьцна волу хIора декъашхо кхиндIа йолучу хенахь ша-тайпанара сий а, ларам а болуш хилла.
[14] Iакъаба - Маккина гонахарачу меттиган цIе ю, 620-чу шараххьий («хьалхара Iакъаба»), 621-чу шараххьй («шолгIа Iакъаба») пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Меднарчу шен агIончашца (ансарашца) къайллаха цхьаьнакхетта хилла йолучу. Ткъа хIокху хьолехь дуьйцург - «шолгIачу Iакъабех» лаьцна ду.
[15] КаIба (АллахI реза хуьлда цунна) «шолгIачу Iакъабехь» дакъалацар лакхара лерина Бадр гIазотехь дакъалацарал а, хIунда аьлча Iакъабехь вовшахкхетар пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Маккара Медне хIижрат дале хьалха хилла долун дела.
[16] МостагIех.
[17] Вуьшта аьлча: «ГIазотан бакъ йолу Iалашо ша ма-ярра дIакхайкхира цо нахе - некъан а, гIазотан а халонаш лан уьш кечбалийтархьама».
[18] Вуьшта аьлча: «Кхечаьрца цхьаьна гIазотехь дакъалаца ца лууш хилла болу стегарий...».
[19] Кхечу дешнашца аьлча: «…оцу гIазотехь дакъалаьцна боцу…».
[20] Ши духар – «деза духар» боху маьIна ду цуьнан.
[21] Сахь – сорсачу хIуманийн барам боккху барам бу иза. Саьхьан хила безаш болу барам 4,2125 литар нислуш бу.
[22] Бусалба нехан эскарш Табук гIазоте новкъа даха кечдечу хенахь мадаре сагIа далан а бен аьтто боцуш хиллачу къехойх бийлина хилла мунепикъаш.
[23] Кхузахь КаIба бохург – «…харц бехказлонаш лехарах юхавелира со» бохург ду.
[24] Вуьшта аьлча: «АллахIа хьуна гучудоккхур ду со харц лийна хилларг, я со хIуъа хилча а кIелхьара а валалур вац хьан оьгIазлонах».
[25] Вуьшта аьлча: «…аса бакъдерг дIадийцар бахьанехь…».
[26] Вуьшта аьлча: «…сайн дешнашна керстадан ца хIоьттира со».
[27] ГIассанидхой - Iаьрбийн эланаш бу уьш, Ефрат хина тIера дIа аш-Шам махкарачу ЦIен хIордахь йолучу Акабски аймане (заливе) кхаччалц долу латтанаш шайн куьйга кIел долуш хилла болу.
[28] Гуттар а и тайпа дешнаш хIиттош хилла маршалла хоттучу а, дика луучу а хенашкахь.
[29] Цо вуьйцург – пайхамар ву (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
[30] Вуьшта аьлча: «…хьоьца дIавижа йиш йолуш вац иза».
[31] «Цуьнах дерг КъурIанехь хьахийна ду» боху маьIна ду цуьнан.
[32] СалI лам – Меднина гонаха бу.
[33] КаIба и ши духар юхалург даьккхина лакхахь хьахийначу Абу Къатадера.
[34] МухIажарш – пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна Маккара Медне кхелхина хилла болу бусалба нах бу.
[35] КаIба хоьтту: «Гечдар хьаьнгара ду?».
[36] КаIбан лаьттан дакъа ду и дуьйцург, Хайбаран гIамарийн тогIенехь долу.
[37] Вуьшта аьлча: «Бехказа бахьана а доцуш, гIазотехь дакъа цалацаран эхьан хIостах хьалхаваьккхина со».
[38] Бакъдерг бен дуьйцур дац ша аьлла КаIба йина хилла ваIда ю цигахь юьйцург.
[39] Кхузахь дуьйцург - АллахIа КаIбанна атта дина бохург ду ша йина хилла йолу ваIда кхочушъян.
[40] Кхузахь дуьйцург - Табук гIазот ду, чIогIа халачу хьелашкахь кхочушдина хилла долу.
[41] Кхузахь буьйцуш берш - КаIб бин Малик, ХIилал бин Умаййа, Мурара бин ар-РабиI бу, шайн хьокъехь болу сацам пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сихха ца бина хилла болу. АллахIа церан тоба къобалдеш хIара аят доьссийначул тIаьхьа а бен ца бина церан хьокъехь болу сацам.
[42] «ат-Тавба» сурат, 117-119-гIий аяташ.
[43] Иштта болу нах массо а агIор цIена бац бохург ду и.
[44] «ат-Товба» сурат, 95-96-гIий аяташ.
[45] «ат-Товба» сурат, 118-гIа аят.
[46] Хенан юкъан цIе ю и - ана тIехула гоьмукъан локхаллин барамехь малх хьалаайбеллачу тIера дIа делкъанан хене кхаччалц лаьтташ йолучу.
[47] «Сийлахьчу КъурIанехь омрица билгалдаьккхина долу таIзар дан догIуш долу зулам дина аса» бохург ду оцу зудчо аьлларг.
[48] Иштта долу дехар хIокху кепара кхетош ду: шен къинойх цIанъяла а, таIзар такха а сацам бина цо хIокху дуьненахь, чаккхе йоцуш долучу эхарта дIа а ца тоьттуш.
[49] Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта омра дина - оцу зудчун шегара даьллачу къинна дохкояларан сий деш, дика мах хадош. Iалаш а йина цо иза цуьнан гергарачийн оьгIазлонах а, цара цуьнца лелон тарлучу дерачу юкъаметтигах а.
[50] «ТIулгаш тоьхна ен йина йолу кхиэл кхочушъян кечъе иза» аьлла, омра дира цо бохург ду и.
[51] Вуьшта аьлча: цуьнан духаран юьхьигаш чIоггIа дIайихкира – юьйчу хенахь схьа ца еллаялийта уьш.
[52] И бохург - оцу зудчо дина тоба сел даггара дина дара, къинош долучарех я мунепикъех кхузткъей итт стаг къинойх дIацIанван а тоьур долуш.
[53] Вуьшта аьлча: «АллахI резавархьама а, Цо шена гечдан хьакъ болучарех хила а шен са а цхьаьна ца кхоий цо».
[54] Вуьшта аьлча: «АллахIа къинойх цIанбийр бу - шайн сутаралла а, кхин долучу телхиначу гIуллакхашка а гIертарна тоба а дина Шега бирзинарш».
[55] Вуьшта аьлча: «Шен къинхетам бийр бу Цо».
[56] Вуьйцуш верг - бусалба стаг ву.