Со хIокху студичу вогIучу хенахь,
вежарша доццачу кехаташца (смс-ашца) яздина долу,
цхьацца соьга дахкийтина хаттарш схьаделлера соьга. ХIокху хаттаршна юккъехь къаьсттина сан тидам чIогIа тIебаханарш - никъабах (юьхь къовлуш)
йолучу паранджах лаьцна долу хаттарш дара,
иштта оцу юьхь къовлучуьнан хьокъехь деш долу къамелаш а дара.
Цхьаболучу
наха хоьтту: «Паранджан банне а бух бан
а буй-те бусалба динехь? Хьере хилла-кха тхо! Хьере хилла-кха тхо! Цхьа а бух
болуш юй-те и паранджа бусалба динехь? Я бух боцуш хIума ду-те иза?».
Вайн
передача чекхъяьлла, халахеташ делахь а. Хан чеккха-м яьлла цуьнан, делахь а,
цхьа пхи минот хан схьаоьцур ю аса тIейогIуш йолучу передачин чоьтах, передача
дIахьучуьнан пурбанца, кхуьнах цхьа юьхьиг хир яцар-те аьлла. Кхин а сатесна ву
со: сайна хан караяре, деккъа оцу хаттарех лаьцна передача ялур яцар-те
аьлла.
Аллане
а алалур дац цхьана а къонахчуьнга, КъурIан а, Суннат а Iамийна волучу,
политикех генаваьлла а волучу: паранджа лелор Iадат ду аьлла. Бакъ дац, цо и эра
ду бохург! Нагахь и нах тилон гIерташ ша иза вацахь! Бакъду, вайна гуш долу
хIара дерриге фатваш - политика ю, динаца хоттаделла хIуммаъ дац церан, еккъа
цIенна политика ю иза.
Никъаб
Iадат ду бах! Iадат муха ду и?! ШарIехь бух болуш могIанаш (насс) ма ду вайна Суннат
чохь деана. КъурIан чохь долучарех лаьцна ца дуьйцу вай хIинца, хIунда аьлча
КъурIанан тоьшаллаш мелла а шуьйро ду (дийца): «ХIан-хIа, хIара иштта дуй,
хIара вуьштта дуй» бохуш. КъурIанехь
буьйцу могIа ца буьйцу аса.
Вайна
Суннатехь ма ду дуккха а тоьшаллаш, кхачам боллуш. ХIокху пхеа минотехь ши
хIума хьахийча кхачам хир бу вайна.
61. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ламаз дIадоьхкучу хенахь, АллахI воккхаваран дешнаш ма-элли, Къуръан деша дIаволавалале хьалха йоццачу ханна соцунгIа хуьлура. Цул тIаьхьа Къуръан деша дIаволалора иза. Аса цуьнга хаьттира оцу хьокъехь дерг. Цо суна дийцира оцу хенахь ша доьшуш дерг: «Я,
АллахI! Гена ваккхахьа со сайн къинойх - Айхьа малхбале малхбузенна гена ма
яккхара. Я, АллахI! Сайн къинойх дIацIанвехьа со - кIайн бедар мIоданех
дIамацIанъярра. Я, АллахI! Вилахьа со сайн къинойх лайца а, хица а, къоранца а»
/АллахIумма баIид байни ва
байна хатIайайа кама баIадта байнал-машрикъи вал-магIриби. АллахIумма наккъини
мин хатIайайа кама йунаккъас-савбул абйаду минад-данаси. АллахIуммагI-силни мин
хатIайайа бис-салжи, вал-маи, вал-баради/» (ал-Бухари:
744, Муслим: 598).
62.
Жубайр ибн Мутlима
(Аллахl
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) ламаз доьхкуш, АллахI воккхаваран дешнаш аьллачул тIаьхьа, олуш
гира шена: «Аллахl (дукха)
воккха ву, (кхин долчу) массо а хlумналла, боккха хастам а бу
Аллахlана,
Сийлахьалла а ю Аллах1ана 1уьйранна а, сарахь а! (кхузза алара и). АллахIаца
ларло со, Цо Шен къинхетамах генадаьккхиначу шайтIанах: (цо даг чу туьйсучу) цуьнан
кураллех а, цуьнан (х1умма йоцу, телхиначу) байташха а, цуьнан т1ех1усдарха а (цо
хьераволучу тIевоккхуш долу)» /Аллахlу акбару кабиран, вал хьамду лиллахlи касиран, ва субхьаналлахlи букратан ва асила! АIузу биллахIи
минаш-шайтIанир ражими, ва мин нафхихIи, ва нафсихIи, ва хIамзихIи/.
(Абу Дауд: 764, Ибн Мажа: 807, Ахьмад: 85/4).
63. lайшата а, Абу Саlида а, кхечара а (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, Пайхамара
(Аллахlера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан юьххьехь гуттара а олуш дара: «Я,
АллахI! Ала
х1ума доцуш ц1ена ву Хьо! Хастам а бу Хьуна! Беркате ю Хьан цIе а! Массо
хIуманал доккха ду Хьан сийлахьалла а! Кхин дела а вац, Хьо воцург! /Субхьанака
аллахlумма
ва бихьамдика, ва табарокасмука, ва таlа жаддука, ва лаилахlа гlайрука/»
(ат-Тирмизи: 243, Ибн Мажа: 806, ат-Тlахьави: 117/1, ад-Даракъутlни: 301/1, ал-Байхlакъи: 34/2).
64. lумара (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: «(Пайхамара,
Аллахlера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ламаз доьхкуш олу) акбар аьлла, тlаккха хlара доlа дийшира. (/Субхьанака
аллахlумма
ва бихьамдика, ва табарокасмука, ва таlа жаддука, ва лаилахlа гlайрука/)»
(Муслим: 52/399).
51. Абу Хlурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана хиъча, моллалла кхайкхаран а, (жамIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел мел йоккха ю), пхерчашца кхажтасар боцург кхин некъ боцуш бисча, - билггал иза а дийр ма дара цара (моллалла кхайкхарехь хьалхе яккха а, хьалхарачу могIарера меттиг д1алаца а)! Царна хиъча, хьалххе ламазе вахарехь (мел йоккху ял ю) - билггал хьалхабовларах къуьйсуш д1ауьдур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъалоцучунна хуьлуш йолу йокха ял) - билггал богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), текхаш бахка безчаш хилча а» (Бухари: 615, Муслим: 437).
52. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазна моллал кхайкхар доладелча -
кхойкху (моллалла) цахазархьам шайтIа юхадолу, маьхьарца мехаш ара а хоьцуш. Ткъа,
моллалла кхайкхина ваьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Ламазна къамат дечу хенахь (юха
а) юхадолу и, ткъа къамат дина даьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Стагана а,
цуьнан даганна а
юккъе а хIоьттина, цунна тIе хIусдархьам. Цо олу: «Дагадаийта хьайна хIара-иза,
дагадаийта хьайна иза-важа» - вукхо (ламазе хIоттале хьалха) и дагадаийта (ойла
йина а) йоцуш долу. (И
хIума леладо шайтIано) - стаг, воха а вина, ша мел (ракаIат) ламаз дина а ца хууш, висийтархьам» (Бухари: 608, Муслим: 389).
48. Анаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждиг чуволучу хенахь, алара: «Аллахlан цlарца! Я Аллахl, сийлахь-вазве Ахь Муьхьаммад», ткъа (маьждигера) араволучу хенахь, алара: «Аллахlан цlарца! Я, Аллахl, сийлахь-вазве Ахь Муьхьаммад». (хlара хьадис Ибн ас-Суннис даладо, шен «lамал ал-йоум вал-лайл» цlе йолучу жайнахь. Хьадисан лоьмар: 87).
49. Абу Хьумайда я Абу Усайда (Аллахl реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайх цхьаъ маьждиг чуволучу хенахь, пайхамарна (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маршо а ехий, тlаккха (хlара дешнаш) ала: «Я, Аллахl! Хьайн къинхетаман неIарш дlаелла Ахьа суна! /Алла́хlумма ифтахь ли́ абва́ба рахьматика/» - маьждигера араволучу хенахь, (хIара дешнаш) ала: «Я, Аллахl! Хьайн къинхетам бар доьху ас Хьоьга! /Алла́хlумма инни́ асъалука мин фадлика/». (Муслим: 713, Абу Дауд: 465, ан-Насаи: 729, Ибн Мажа: 773, Ибн Хузайма: 1/231 (452), Ибн Хьиббан: 5/395 (2047)).
50. lабдуллахl ибн lамр ибн ал-lаса (Аллахl реза хуьлда цаьршинна) дийцина, маьждиг чуволучу хенахь пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Неlалт дахначу шайтlанех ларло со Сийлахь-воккхачу Аллахlаца а, Цуьнан сийлахьчу юьхьаца а, Цуьнан даим долчу паччахьаллийца а» /Аlу́зу билла́хlил lази́ми, ва султlа́нихlил къади́ми, минаш шайтlа́нир ражими/. Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Стага и (дешнаш) аьлча, шайтlано олу: «Дерриг хlокху ден чохь сох ларвеш хир ву иза». (Абу Дауд: 466).
14. Хьузайфа ибн ал-Йамана (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дешин а, детин а пхьегIашкара мала ма мала, ишттачу кедара (бошхепара) яа а ма яа, хIунда аьлча уьш – царна (керстанашна) хьажийна ю хIокху дуьненахь, ткъа шуна - эхартахь» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5426, Муслим: 2067).
15. Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Детин пхьегIара молучуьнан кийрахь хур-хур (буркъ-буркъ) деш жоьжагIатин цIе ю» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5634, Муслим: 2065).
16. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЦIока дабагIа дича цIанлуш ю» (ХIара хьадис далийнарг Муслим ву: 366).
Ткъа Абу Даудан а, ат-Тирмизин а, ан-Насаин а, ибн Мажан а ривайатехь аьлла: «Муьлхха а цIока дабагIа диначул тIаьхьа цIанлуш ю» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 4123, ат-Тирмизи: 728, ан-Насаи: 4252, ибн Мажа: 3609).
17. Салама ибн ал-Мухьаббика (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) элира аьлла: «Къееллачу дийнатийн цIоканаш дабагIа дича цIанло»
(хIара хьадис бакъ хьадис ду аьлла ибн Хьиббана: 2/291).
29. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Айса сайн умматна хало ярна ца кхерахьара – хIора ламаз мосазза оьцу сивак хьакха аьлла, омра дийр ма дара аса цаьрга» (ХIара хьадис далийнарш Малик: 148, Ахьмад: 7364, ан-Насаи: 2/197. Ткъа ибн Хузайма: 748 бакъ хьадис ду а аьлла хIара. Ал-Бухарис оцу хьадисан «муIаллакъ» долу ривайат далийна).
30. Iусманан (АллахI реза хуьлда цунна) азатхочо Хьумрана дийцина: «Iусмана ламаз эца хи да шена аьлла, омра дира. Цул тIаьхьа кхузза шен куьйгаш дилира цо. Цул тIаьхьа бага а, мерачу а хи кхаьрзира цо, мара а цIанбира. Цул тIаьхьа кхузза юьхь йилира цо. Цул тIаьхьа кхузза голашца цхьаьна аьтту пхьарс билира цо. Изза аьрру пхьаьрсана а дира цо. Цул тIаьхьа (тIеда куьйгаш а долуш) шен коьртана масхьа дира цо. Цул тIаьхьа хьакхолгаца цхьаьна кхузза шен аьтту ког билира цо. Изза аьрру когана а дира цо. Цул тIахьа элира цо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIокху кеппара ламаз оьцуш гина суна». ТIаккха элира цо: «ХIинца аса ма-эццара ламаз а эцна, ткъа оцу юккъехь ша-шега къамелаш а ца деш, ши ракаIат ламаз дахь - АллахIа гечдийр ду цуна, цо хьалха летийначу къиношна»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1934, Муслим: 226).
31.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз
эцаран сурт гойтуш, Абу
ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза
хуьлда цунна) элира: «Цул тIаьхьа шен коьртана цкъа масхьа дира цо» (ХIара
хьадис, цIена зIе а ягаръеш, далийнарш Абу Дауд: 115, ан-Насаи: 92, ат-Тирмизи:
32. Ат-Тирмизис аьла: хIара оцу хьокъехь уггаре а бакъ хаам бу).
Страница 401 из 402