14. Хьузайфа ибн ал-Йамана (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дешин а, детин а пхьегIашкара мала ма мала, ишттачу кедара (бошхепара) яа а ма яа, хIунда аьлча уьш – царна (керстанашна) хьажийна ю хIокху дуьненахь, ткъа шуна - эхартахь» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5426, Муслим: 2067).
15. Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Детин пхьегIара молучуьнан кийрахь хур-хур (буркъ-буркъ) деш жоьжагIатин цIе ю» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5634, Муслим: 2065).
16. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЦIока дабагIа дича цIанлуш ю» (ХIара хьадис далийнарг Муслим ву: 366).
Ткъа Абу Даудан а, ат-Тирмизин а, ан-Насаин а, ибн Мажан а ривайатехь аьлла: «Муьлхха а цIока дабагIа диначул тIаьхьа цIанлуш ю» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 4123, ат-Тирмизи: 728, ан-Насаи: 4252, ибн Мажа: 3609).
17. Салама ибн ал-Мухьаббика (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) элира аьлла: «Къееллачу дийнатийн цIоканаш дабагIа дича цIанло»
(хIара хьадис бакъ хьадис ду аьлла ибн Хьиббана: 2/291).

