• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ДоьалгIа дакъа

Опубликовано: 18 марта 2009

الوَحْدَةُ الرَّابِعَةُ

ДоьалгIа дакъа

الحَيَاةُ الْيَوْمِيَّةُ

Денна долу дахар

الحِوَارُ الأَوَّلُ

(Хьалхара къамел)

ТIарикъ: Сама маца волу хьо?

طارِق: مَتي تَسْتَيْقِظُ ؟

ТIахIир: Сатосучу хенахь сама волу со.

طاهِر: أَسْتَيْقِظُ عِنْدَ الْفَجْرِ

ТIарикъ: Iуьйра ламаз мичахь до ахьа?

طارِق: أَيْنَ تُصَلِّي الْفَجْرَ ؟

ТIахIир: Аса Iуьйра ламаз маьждигехь до.

طاهِر: أُصَلّي الفَجْرَ فِي الْمَسْجِدِ

ТIарикъ:  Ламаз диначул тIаьхьа дIавуьжий хьо?

طارِق: هَلْ تَنَامُ بَعْدَ الصَّلاةِ ؟

ТIахIир: ХIан-хIа, ламаз диначул тIаьхьа дIа ца вуьжу со.

طاهِر: لا، لا أَنامُ بَعْدَ الصَّلاةِ

ТIарикъ: Ламаз диначул тIаьхьа хIун до ахьа?

طارِق: مَاذَا تَفْعَلُ بَعْدَ الصَّلاةِ ؟

ТIахIир: КъурIан доьшу.

طاهِر: أَقْرَأُ الْقُرْآنَ

ТIарикъ: Ишколе маца воьду хьо?

طارِق: وَمَتي تَذْهَبُ إِلى المَدْرَسَةِ ؟

ТIахIир: ВорхI сахьт даьлча воьду.

طاهِر: أَذْهَبُ السَّاعَةَ السَّابِعَةَ

ТIарикъ: Машенахь воьдий хьо?

طارِق: هَلْ تَذْهَبُ بِالسَّيَّارَةِ ؟

ТIахIир: ХIан-хIа, ахтобусахь воьду.

طاهِر: لا، أَذْهَبُ بِالْحَافِلَةِ

 

الحوار الثاني

(ШолгIа къамел)

Нана: ХIара болх ца бен де ду.

الأُمُّ: هَذاَ يَوْمُ الْعُطْلَةِ

Да: ХIара белхан де ду.

الأَبُ: هَذا يَوْمُ الْعَمَلِ

Да: ТIахIа, хIун дан воллу хьо?

الأب: مَاذا سَتَفْعَلُ ياَ طَه ؟

ТIахIа: ХьешацIа чу нуй хьакха воллу со.

طه: سَأَكْنُسُ غُرْفَةَ الْجُلُوسِ

Нана: ПетIамат, хьо хIун дан йоллу?

الأُمُّ: وَمَاذا سَتَفْعَلِينَ ياَ فَاطِمَةُ ؟

ПетIамат: Дуьйшу чу нуй хьакха йоллу со.

فَاطِمَة: سَأَكْنُسُ غُرْفَةَ النَّوْمِ

Нана: Ахьмад, хьо хIун дан воллу?

الأُمُّ: وَمَاذا سَتَفْعَلُ ياَ أَحْمَدُ ؟

Ахьмад: Бедарш йитта воллу со.

أحمد: سَأَغْسِلُ الْمَلابِسَ

Нана: ЛатIифахI, хьо хIун дан йоллу?

الأُمُّ: وَمَاذا سَتَفْعَلِينَ يا لَطِيفَةُ ؟

ЛатIифат: ТIеюхучу хIуманашна иту хьакха йоллу со.

لطيفة: سَأَكْوِي الْمِلابِسَ

Денана: Аса бошхепаш цIандийр ду.

الجَدَّةُ: أَنَا سَأَغْسِلُ الأَطْبَاقَ

Денда: Ткъа аса КъурIан доьшур ду.

الجَدُّ: وَأَناَ سَأَقْرَأُ الْقُرْآنَ

 

الحِوارُ الثَّالِثُ

(КхоалгIа къамел)

Iадил: Болх ца бечу дийнахь мича хена сама волу хьо?

عادل: مَتي تَسْتَيْقِظُ يَوْمَ العُطْلَةِ ؟

ФаIсал: Со Iуьйранна хьалххе сама волу.

فَيْصَل: أَسْتَيْقِظُ مُبَكِّراً

ФаIсал: Ткъа хьо мича хена сама волу?

عادل: وَمَتي تَسْتَيْقِظُ أَنْتَ ؟

Iадил: Со тIаьхьа сама волу.

فَيْصَل: أَسْتَيْقِظُ مُتَأَخِّراً

ФаIсал: Iуьйранна хIун до ахьа?

فَيْصَل: مَاذا تَفْعَلُ فِي الصَّبَاحِ ؟

Iадил: Тилвизаре хьоьжу. Ткъа ахьа хIун до?

عادل: أُشَاهِدُ التِّلْفَازَ، وَمَاذا تَفْعَلُ أَنْتَ ؟

ФаIсал: Газет я киншка йоьшу.

فَيْصَل: أَقْرَأُ صَحِيفَةً، أَوْ كِتَاباً

Iадил: Рузба мичахь до ахьа?

عادل: أَيْنَ تُصَلِّي الْجُمُعَةَ ؟

ФаIсал: Аса рузба доккхачу маьждигехь до.

فَيْصَل: أُصَلِّي الْجُمُعَةَ فِي الْمَسْجِدِ الْكَبِيرِ

ФаIсал: Ткъа ахьа мичахь до?

فَيْصَل: وَأَيْنَ تُصَلِّي أَنْتَ ؟

Iадил: Асаъ до-кха доккхачу маьждигехь.

عادل: أُصَلِّي فِي المَسْجِدِ الْكَبِيرِ أَيْضاً

 

المفردات

Керла дешнаш

машен

سَيَّارَة

наб еш ву

يَنامُ

ахтобус

حَافِلَة

самаволуш ву

يَسْتَيْقِظُ

бедарш

مَلابِس

воьдуш ву

يَذْهَبُ

бошхепаш

أَطْباق

нуй хьокхуш ву

يَكْنُسُ

Iуьйре

الصَّباح

юьттуш ву

يَغْسِلُ

Iуьйра ламаз

الفَجْر

иту хьокхуш ву

يَكْوِي

сахьта (хан гойту)

سَاعَة (زَمَنِيَّة)

хьожуш ву

يُشاَهِدُ

ламаз

صَلاة

доккха

كَبير

хьалха

مُبَكِّراً

киншка

كِتاب

тIаьхьа

مُتَأَخِّرًا

газет

صَحِيفَة

болх бина

عَمِلَ

тилвизар

تِلْفاز

болх ца бен де

عُطْلَة

ишкол

مَدْرَسَة

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft