الوَحْدَةُ الثَّامِنَةُ
БархIалгIа дакъа
العَمَل
Болх
الحِوارُ الأوَّل
(Хьалхара къамел)
Iусман: Со лоьран болх беш ву, ткъа хьо хIун болх беш ву? | عُثْمان: أَعْمَلُ طَبِيباً، مَاذا تَعْمَلُ أَنْتَ ؟ |
Iела: Инженеран болх беш ву со. | عَلِيّ: أَعْمَلُ مُهَنْدِساً. |
Iусман: Мичахь ву хьо болх беш? | عُثْمان: أَيْنَ تَعْمَلُ ؟ |
Iела: Со цхьана хьукуматехь (компанехь) болх беш ву. Ткъа хьо мичахь болх беш ву? | عَلِيّ: أَعْمَلُ فِي شَرِكَةٍ. أَيْنَ تَعْمَلُ أَنْتَ ؟ |
Iусман: Со лазартнехь болх беш ву. | عُثْمان: أَعْمَلُ فِي الْمُسْتَشْفَي. |
Iела: Дийнахь маса сахьтехь болх бо ахьа? | عَلِيّ: كَمْ سَاعَةً تَعْمَلُ فِي اليَوْمِ ؟ |
Iусман: Дийнахь бархI сахьтехь болх бо аса. | عُثْمان: أَعْمَلُ ثَمَانِيَ ساعاتٍ في اليَوْمِ. |
Iусман: Ткъа ахьа маса сахьтехь бо болх? | عُثْمان: وَكَمْ سَاعَةً تَعْمَلُ أَنْتَ ؟ |
Iела: ВорхI сахьтехь бо аса. | عَلِيّ: أَعْمَلُ سَبْعَ سَاعَاتٍ. |
Iусман: Хьайн болх дукха безий хьуна? | عُثْمان: هَلْ تُحِبُّ عَمَلَكَ؟ |
Iела: ХIаъ, сайн болх дукха беза суна. | عَلِيّ: نَعَمْ، أُحِبُّ عَمَلِي. |
Iела: Суна а беза сайн болх дукха. | عَلِيّ: أَنَا أُحِبُّ عَمَلِي أيْضًا. |
الحِوارُ الثَّانِي
(ШолгIа къамел)
Хьалхара дешархо: Дешна девллачул тIаьхьа хIун болх бийр бу вай? | الطّالِبُ الأوّلُ: مَاذا سَنَعْمَلُ بَعْدَ الدِّرَاسَةِ ؟ |
ШолгIа дешархо: Со лор хила лууш доьшуш ву лоьраллин дешаран декъехь (факультетехь), аса лоьран болх бийр бу. | الطّالِبُ الثّاني: أَنا أَدْرُسُ الطِّبَّ، في كُلِّيَّةِ الطّبِّ، سَأَعْمَلُ طَبِيباً. |
КхоалгIа дешархо: Со аптекан белхахо (фармацевт) хила лууш доьшуш ву аптекан белхахой арахоьчуцу дешаран декъехь, аса аптекан белхахочун болх бийр бу, АллахIана лаахь! | الطّالِبُ الثّالِثُ: أَنا أَدْرُسُ الصَّيْدَلَةَ، في كُلِّيَّةِ الصَّيْدَلِيَّةِ، سَأَعْمَلُ صَيْدَلِيًّا، إِنْ شَاءَ الله. |
ВоьалгIа дешархо: Со лоьран гIоьнча (фельдшер) хила лууш доьшуш ву лоьрийн гIоьнчий арахоьцучу дешаран декъехь, аса лоьран гIоьнчин болх бийр бу, АллахIана лаахь! | الطّالِبُ الرّابِعُ: أَنا أَدْرُسُ التَّمْرِيضَ، في كُلِّيَّةِ التَّمْرِيضِ، سَأَعْمَلُ مُمَرِّضاً، إِنْ شَاءَ الله. |
ПхоьалгIа дешархо: Со инженер хила лууш доьшуш ву инженерийн дешаран декъехь, аса инженеран болх бийр бу, АллахIана лаахь! | الطّالِبُ الخامس: أَنا أَدْرُسُ الهَنْدَسَةَ، في كُلِّيَّةِ الهَنْدَسَةِ، سَأَعْمَلُ مُهَنْدِساً، إِنْ شَاءَ الله. |
ЯлхалгIа дешархо: Со хIаваан кеманхо (авиатор) хила лууш доьшуш ву хIаваан кеманхой арахоьцучу дешаран декъехь, аса хIаваан кеманхочун болх бийр бу, АллахIана лаахь! | الطّالِبُ السّادِسُ: أَنا أَدْرُسُ الطَّيَرَانِ، في كُلِّيَّةِ الطَّيَرَانِ، سَأَعْمَلُ طَيَّاراً، إِنْ شَاءَ الله. |
Хьалхара дешархо: Со кхетош-кхиорхо хила лууш доьшуш ву кхетош-кхиоран дешаран декъехь, аса кхетош-кхиорхочун болх бийр бу, АллахIана лаахь! | الطّالِبُ الأوّلُ: أَنا أَدْرُسُ التَّرْبِيَةَ، في كُلِّيَّةِ التَّرْبِيَةِ، سَأَعْمَلُ مُدَرِّساً، إِنْ شَاءَ الله. |
الحِوارُ الثَّالِثُ
(КхоалгIа къамел)
Зайнап: Со хьехархо ю. Ткъа хьан корматалла (говзалла) хIун ю? | زَيْنَبُ: أَنا مُدَرِّسَةٌ. مَا مِهْنَتُكِ ؟ |
Марем: Соъ ю хьехархо. | مَرْيَمُ: أَنا مُدَرِّسَةٌ أَيْضًا. |
Зайнап: Муьлхачу дешаран муьрехь хьоьхуш ю хьо? | زَيْنَبُ: في أَيِّ مَرْحَلَةٍ تُدَرِّسِينَ ؟ |
Марем: Юьхьанцарачу дешаран муьрехь хьоьхуш ю со. | مَرْيَمُ: أُدَرِّسُ في المَرْحَلَةِ الإِبْتِدَائِيَّةِ. |
Марем: Ткъа хьо муьлхачу дешаран муьрехь хьоьхуш ю? | مَرْيَمُ: وَ في أَيِّ مَرْحَلَةٍ تُدَرِّسِينَ أَنْتِ ؟ |
Зайнап: Юккъерачу дешаран муьрехь хьоьхуш ю со. | زَيْنَبُ: أُدَرِّسُ في المَرْحَلَةِ المُتَوَسِّطَةِ. |
Зайнап: Бераш дуй хьан? | زَيْنَبُ: هَلْ لَكَ أَطْفَالٌ ؟ |
Марем: ХIаъ, сан бераш ду. | مَرْيَمُ: نَعَمْ، لي أَطْفَالٌ. |
Зайнап: Маса бер ду хьан? | زَيْنَبُ: كَمْ طِفْلاً لَكِ ؟ |
Марем: Пхи бер ду сан. | مَرْيَمُ: لي خَمْسَةُ أَطْفَالٍ. |
Зайнап: Хьайн болх дукха безий хьуна? | زَيْنَبُ: هَلْ تُحِبِّينَ عَمَلَكِ ؟ |
Марем: ХIаъ, беза дера суна сайн болх дукха. | مَرْيَمُ: نَعَمْ، أُحِبُّ عَمَلِي. |
Зайнап: Сунаъ беза сайн болх дукха. | زَيْنَبُ: أَنَا أُحِبُّ عَمَلِي أَيْضاً. |
المفردات
Керла дешнаш
бераш | أَطْفَالٌ | бер | طِفْلٌ |
хьукумат (компания, фирма) | شَرِكَةٌ | лазартни | مُسْتَشْفَي |
аптекан белхахой арахоьцу дешаран дакъа (факультет) | كُلِّيَّةُ الصَّيْدَلِيَّةِ | хIаваан кеманхой арахоьцу дешаран дакъа | كُلِّيَّةُ الطَّيَرَانِ |
инженерийн дешаран дакъа | كُلِّيَّةُ الهَنْدَسَةِ | лоьрийн гIоьнчий арахоьцу дешаран дакъа | كُلِّيَّةُ التَّمْرِيضِ |
хIаваан кеманхо (авиатор) | طَيَّارٌ | хьоьху, хьоьхуш ву | يُدَرِّسُ |
аптекан белхахо (фармацевт) | صَيْدَلِيٌّ | лоьран гIоьнча (фельдшер) | مُمَرِّضٌ |
дешаран юккъера мур | المَرْحَلَةُ المُتَوَسِّطَةُ | дешаран юьхьанцара мур | المَرْحَلَةُ الإبْتِدَائِيَّةُ |