• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ДейтталгIа дакъа

Опубликовано: 10 мая 2009

الوَحْدَةُ الرّابِعَةَ عَشْرَةَ

ДейтталгIа дакъа

الحَجُّ وَالعُمْرَةُ

Хьаьж а, Iумрат а

الحِوارُ الأَوَّلُ

(Хьалхара къамел)

Салийм: Жамил, садуIу хан (каникулаш) маца ю хьан?

سليم: متى العُطْلَةُ يا جَميلُ ؟

Жамийл: СадуIу хан Рамазан баттахь ю сан.

جَميل: العُطْلَةُ في شَهْرِ رَمَضانَ.

Салийм: СадуIу хан мичахь дIахьур ю ахьа?

سليم: أَيْنَ تَقْضي العُطْلَةَ ؟

Жамийл: СадуIу хан сийлахьчу Маккахь а, нуьречу Меднахь а дIахьур ю аса.

جَميل: أَقْضي العُطْلَةَ في مَكَّةَ المُكَرَّمَةِ، وَالمَدِينَةِ المُنَوَّرَةِ.

Салийм: Маккахь хIун деш дIахьур ю ахьа садуIу хан?

سليم: كَيْفَ تَقْضِي العُطْلَةَ في مَكَّةَ ؟

Жамийл: Iумрат деш, марханаш кхобуш, Масжид ал-Хьарам маьждиг чохь ламазаш деш.

جَميل: أَعْتَمِرُ وَأَصُومُ، وَأُصَلِّي في المَسْجِدِ الحَرَامِ.

Салийм: Меднахь хIун дийр ду ахьа?

سليم: وماذا تَفْعَلُ في المَدِينَةِ ؟

Жамийл: Пайхамаран маьждиге зихIарт дийр ду аса.

جَميل: أَزُورُ المَسْجِدَ النَّبَوِيَّ.

Салийм: Iийдан денош мичахь дIахьур ду ахьа?

سليم: وَأَيْنَ تَقْضِي أَيَّامَ العِيدِ ؟

Жамийл: я Маккахь, я Меднахь дIахьур ду.

جَميل: أَقْضِيها في مَكَّةَ، أَوْ في المَدِينَةِ ؟

Салийм: Маккахь а, Меднахь а хIун дог-ойла хуьлу хьан?

سليم: بِمَ تَشْعُرُ في مَكَّةَ وَالمَدِينَةَ ؟

Жамийл: Самукъане дог-ойла хуьлу сан.

جَميل: أَشْعُرُ بِالسُّرُورِ.

 

الحِوارُ الثَّانِي

(ШолгIа къамел)

КIант: Сан да, Iумрат муха дира ахьа?

الابْنُ: كَيْفَ اِعْتَمَرْتَ يا أَبِي ؟

Да: Малх чубузучу хенахь Мийкъате кхечира со.

الأبُ: وَصَلْتُ إلى الميقاتِ عِنْدَ شُرُوقِ الشَّمْسِ.

КIант: Мийкъатахь хIун дира ахьа?

الابْنُ: وماذا فَعَلْتَ في الميقات ؟

Да: Ихьрам тIедуьйхира аса, тIаккха Iумратан лаббайк элира аса.

الأبُ: لَبِسْتُ ثَوْبَ الإِحْرامِ، وَلَبَّيْتُ بِالعُمْرَةِ.

КIант: Масжид ал-Хьарам маьждиге маца кхечира хьо?

الابْنُ: ومتى وَصَلْتَ إلى المَسْجِدِ الحَرامِ ؟

Да: Малхбузан хан дIаяьлча кхечира.

الأبُ: وَصَلْتُ بَعْدَ العَصْرِ.

КIант: Масжид ал-Хьарам маьждиг чохь хIун дог-ойла хилира хьан?

الابْنُ: بِمَ شَعَرْتَ في المَسْجِدِ الحَرامِ ؟

Да: Самукъане дог-ойла хилира.

الأبُ: شَعَرْتُ بِالسُّرُورِ.

КIант: ХьаьжцIенна гонаха мосазза го баьккхира ахьа?

الابْنُ: كَمْ شَوْطاً طُفْتَ حَوْلَ الكَعْبَةِ ؟

Да: ВорхIазза го баьккхира аса, цул тIаьхьа ИбрахIиман макъаман тIехьа ши ракаIат ламаз дира аса.

الأبُ: طُفْتُ سَبْعَةَ أَشْواطٍ، ثُمَّ صَلَّيْتُ رَكْعَتَيْنِ خَلْفَ مَقامِ إِبْراهِيمَ.

КIант: Цул тIаьхьа хIун дира ахьа?

الابْنُ: وماذا فَعَلْتَ بَعْدِ ذَلِكَ ؟

Да: Сафа а, Марват а (шина лома) юккъехь ворхIазза дIа-схьа вахара со.

الأبُ: سَعَيْتُ بَيْنَ الصَّفا وَالمَرْوَةَ سَبْعَةَ أَشْواطٍ، ثُمَّ حَلَقْتُ رَأْسِي.

КIант: Ихьрам тIера дIа мичахь даьккхира ахьа?

الابْنُ: وَأَيْنَ خَلَعْتَ ثَوْبَ الإِحْرامِ ؟

Да: Хьешан цIа чохь дIадаьккхира аса и.

الأبُ: خَلَعْتُهُ في الفُنْدُقِ.

 

الحِوارُ الثّالِثُ

(КхоалгIа дакъа)

КIант: Iарп-лам тIехь саца веза хан дIа маца йолалуш ю?

الابْنُ: مَتَى يَبْدَأُ الوُقُوفُ بِعَرَفَةَ ؟

Да: Кхана дIайолалуш ю, иссалгIачу дийнахь, малх гIушлакхера чукерчича.

الأبُ: يَبْدَأُ غَداً في اليَوْمِ التَّاسِعِ بَعْدَ الزَّوالِ.

КIант: Чекх маца йолу и хан?

الابْنُ: ومتى يَنْتَهِي ؟

Да: Сатосучу хенахь чекхйолу.

الأبُ: يَنْتَهِي عِنْدَ الفَجْرِ.

КIант: Делкъан а, малхбузан а ламазаш Iарп-лам тIехь дой вай?

الابْنُ: هَلْ نُصَلِّي الظُّهْرَ وَالعَصْرَ في عَرَفاتٍ ؟

Да: ХIаъ, тIеттIаоьзна-дацдина делкъан ламазан хенахь дийр ду уьш.

الأبُ: نَعَمْ، جَمْعاً وَقَصْراً وَقْتَ الظُّهْرِ.

КIант: МуздалифахIе маца гIур ду вай?

الابْنُ: ومتى نَذْهَبُ إلى مُزْدَلِفَةَ ؟

Да: Малх дIабуьзча гIур ду вай цига, тIеттIаоьзна-дацдина маьркIажан а, пхьуьйран а ламазаш дийр ду вай.

الأبُ: نَذْهَبُ بَعْدَ غُرُوبِ الشَّمْسِ، وَنُصَلِّي فيها المَغْرِبَ والعِشاءَ جَمْعاً وَقَصْراً.

КIант: Цул тIаьхьа хIун дийр ду вай?

الابْنُ: وماذا نَفْعَلُ بَعْدَ ذَلِكَ ؟

Да: Малх схьакхеттачул тIаьхьа Мина гIур ду вай, доккхаха долу тIулгаш кхуьйсур ду, тIаккха гIурбанна урс хьокхур ду, цул тIаьхьа вайн кортош дошур ду.

الأبُ: نَذْهَبُ إِلى مِنَى قَبْلَ شُرُوقِ الشَّمْسِ، وَنَرْمِي الجَمْرَةَ الكُبْرَى، ثُمَّ نَذْبَحُ الهَدْيَ، وَنَحْلِقُ رُؤُوسَنَا.

КIант: Цул тIаьхьа хIун дийр ду вай?

الابْنُ: وماذا نَفْعَلُ بَعْدَ ذَلِكَ ؟

Да: Масжид ал-Хьарам маьждиге гIур ду вай, ифадат тIаваф дан а, хьаьжана лерина саIйу дан а.

الأبُ: نَذْهَبُ إلى المَسْجِدِ الحَرامِ لِطَوافِ الإِفاضَةِ وَسَعْيِ الحَجِّ.

КIант: ВадаI тIаваф маца дийр ду вай?

الابْنُ: وَمَتَى نَطُوفُ طَوافَ الوَدَاعِ ؟

Да: ШийтталгIачу я кхойтталгIачу дийнахь, тIулгаш кхийсиначул тIаьхьа.

الأبُ: بَعْدَ رَمْيِ الجَمَراتِ في اليَوْمِ الثَّاني عَشْرَ، أَو الثَّالِثُ عَشَرَ.

 

المُفْرَدَاتُ

(Керла дешнаш)

ихьрам

ثَوْبُ الإِحْرامِ

хьаьжцIа (КаIба)

الكَعْبَةُ

гIурба

الهَدْي

ИбрахIиман макъам

مَقامُ إِبْراهِيمَ

Мийкъат (меттиг)

المِيقاتُ

малх схьахетар

شُرُوقُ الشَّمْسِ

Марват (лам)

المَرْوَةَ

Сафа (лам)

الصَّفا

малх чубузар

غُرُوبُ الشَّمْسِ

Iарп-лам

عَرَفات

Мина (меттиг)

مِنَى

МуздалифахI (меттиг)

مُزْدَلِفَةَ

кортош

رُؤُوسٌ

корта

رَأْسٌ

бошуш, бошуш ву

يَحْلِقُ

тIулгаш кхийсар

رَمْيُ الجَمَراتِ

тIаваф деш ву, го боккхуш ву

يَطُوفُ

марха долуш (кхобуш) ву

يَصُومُ

Iарп-лам тIехь сацар

الوُقُوفُ بِعَرَفَةَ

схьадар, схьакхачар

يَصِلُ

лаббайк алар

يُلَبِّي

вадар

يَسْعَى

кхуьссу, кхуьссуш ву

يَرْمِي

тIедохар, тIедухуш ву

يَلْبَسُ

малх гIушлакхел дехьа балар

زَوَالُ الشَّمْسِ

тIеттIаозийна, цхьаьнатоьхна

جَمْعاً

 

مُفْرَداتٌ إِضَافِيَّةٌ

Кхин тIе а дешнаш

шийтта

اِثْنا عَشَرَ

цхьайтта

أَحَدَ عَشَرَ

дейтта

أَرْبَعَةَ عَشَرَ

кхойтта

ثَلاثَةَ عَشَرَ

ялхийтта

سِتَّةَ عَشَرَ

пхийтта

خَمْسَةَ عَشَرَ

берхIийтта

ثَمانِيَةَ عَشَرَ

вуьрхIийтта

سَبْعَةَ عَشَرَ

 

 

ткъесна

تِسْعَةَ عَشَرَ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft