928. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дерриге магийначу гIуллакхех АллахI уггаре а оьгIазвохуьйтуш дерг – зуда йитар ду» (ХIара хьадис Абу Дауда: 2177, ибн Мажас: 2018 далийна. Ал-Хьакима: 2/196 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара, амма Абу Хьатима «мурсал» хилар бакъахьа лерина хIара).

