ПАЙХАМАРАН (АЛЛАХIЕРА САЛАВАТ А, САЛАМ А ХУЬЛДА
ЦУННА) БЕРАШ
Цуьнан ворхI бер
хилла:
1. Зайнаб, Рукъият,
Умму Кулсум, ФатIимат, ал-Къасим, IабдуллахI, ИбрахIим. АллахIера маршо хуьлда
царна!
2. И бераш дерриге а
Хадижата дина ду (АллахI реза хуьлда цунна), цхьа ИбрахIим воцург. Ткъа
ИбрахIим - Марет ал-КъибтIис вина ву. Иза дIакхелхина, ХIижрин рузманца, уьтталгIачу
шарахь, РабиIул-Аввал баттахь, шен берхIитта бутт хан йолуш.
3. Пайхмаран (АллахIера
салават а, салам а хуьлда цунна) дерриге а бераш цул хьалха делла, цхьа ФатIимат
йоцург (АллахI реза хуьлда цунна). Ткъа ФатIимат АллахIан Элча (АллахIера
салават а, салам а хуьлда цунна) дIаваьллачул тIаьхьа кхин а ялх баттахь яьхна.
ФатIиматан кхалхар хилла, ХIижрин рузманца, цхьайтталгIачу шарахь, Рамадан
баттахь, шен ткъе исс шо хан йолуш.

