• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ХIусам шайтIанех Iалашъен гIепаш

Къинхетамечу, Къинхетамбечу АллахIан цIарца!

Дела мостаг1чо, шайт1ано, адамашца лелош долу мостаг1алла Адам пайхамарна (Аллах1ера маршалла хуьлда цунна) т1ера дуьйна схьадог1уш ду. Наханна дагчу дин хьокъехь шеконаш туьйсу цо, мекар некъаш хаздо цо, къиношна чу эгабо цо, ирча мел дерг хаздан г1ерта иза, Дела хьег1орах хийра ваккха г1ерта иза, нехан уьйранаш йохайо цо. Вайн да - Адам пайхамар, ялсаманера араваьккхинарг ду иза, юха вай цу чу ца кхачийта шен берриг ницкъаца къахьоьгуш дерг ду иза, нийса некъах тило ва1да йинарг ду иза, хаддаза Аллах1ана 1еса хиларе кхойкхуш дерг ду иза. Цундела, Беркатечу а, Сийлахь-Везачу а АллахIа х1ора бусалбанна парз а дина тIедиллина: Аллах1а Шен къинхетамах гена даьккхинчу цу шайтIанца мостагIалла лелор. Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла: «Боккъалаъ, шайтIа - шун мостагI ду, мостагIчуьнца санна хила цуьнца». Беркатечу а, Сийлахь-Везчу а АллахIа аьлла: «Ткъа Аса весет ца дина шуьга, хIай, Адаман кIентий, шайтIанна лолла ма де (аьлла), билггал шайн мостагI долчу?». Бараман жима делахь а, хIокха жайно бусалба стаганна а, зудчунна а хьоьхур ду: Дала, Шен къинхетамах гена даьккхинчу шайтIанах хIусам муха ларъян еза а, хIусам цуьнан вонех а, зенех а, бохамех а к1елхьара муха яккха еза а, доьзалан барт ца эг1абайтуш и гена даккха некъ а, майрачуьн а, зудчуьн а юкъара марзо а, уьйр а ца йохаяйта некъ а, цуьнан д1аьвшех берийн ц1ена дегнаш муха лардан деза а. Аллах1а х1ора адам а, х1ора доьзал а ларбойла-кх цуьнан тилорах, харцонех а, мекарлонех а!

Скачать

Бусалба стеган а, зудчун а вирд

Къинхетамечу, Къинхетамбечу АллахIан цIарца!

Бусалба динан чулацам - пайдехь дерг хьехар, массарна диканиг лаар а ду. Цундела, диканиг хьоьгIучийн могIарехь хилар доьхьа, хIара «Бусалба стеган а, зудчун а вирд» цIе йолу мехала жима жайна вайнехан матте гочдина вай. ХIокха жимчу жайнахь шуна карор ду: шарIан бух тIера схьаэцна долу Iуьйранна а, суьйранна а доккхуш долу вирд. ХIара вирд леррина шен-шен хенахь, юкъах а ца дуьтуш, доккхуш волчунна дIахIуттур ду - массо вонах ларвеш гIап а хилла, массо зенех хьалхавоккхуш духьало а хилла, массо цатемах Iалашвеш ога а хилла, массо гIайгIанех кIелхьара воккхуш турс а хилла, массо питанех ларвеш маьршо а хилла. Массо бала байбеш собар а лур ду цунна. ХIара зуькарш доьшучу муьлхха стаганна а, зудчунна а синтем а, паргIато а, зовкх а, там а, син кхача а, токхо а карор ю. ХIара вирд доккхуш волучуьна дог доккхадедер ду, мел-ял дебар ду, чолхе девлла гIуллакххаш а девра ду цхьалха, белшашна базбелла маххьаш а байлур бу. ХIара йоле-вирд доккхуш волучунна хаддаза шен Дела а лаьттар ву дагчохь, базбелла болу дуьненан баланаш а байлур бу, даге син-паргIато а хьолхур ю. ХIара вирд доккхуш волучуьнгара дIадер ду - синтем бацар, кхерам, гIайгIа, бала, цатам, сингаттам. Цера метта хийцалур ду – хазахетар, воккхавевар, гIадвахар, кхерамзалла, синтем. ХIара вирд доккхуш верг АллахIана герга гIур ву, Цуьнан мийзан-терзан диканаш узу кад а базлур бу, шайтIа а эккхор ду цунах. Сийлахь-Везчо боху: «Кест-кестта АллахI хьехочу божаршна а, зударшна а АллахIа гечдар а, сийлахь-доккха совгIат а кечдина».

Скачать

Бусалба беро ала дезарг

Къинхетамечу, Къинхетамбечу АллахIан цIарца!

Берийн дегнашкахь дика г1иллакхаш, хаза амалаш, оьзда леларш, доцца аьлча, иман-исламан мехала синтарш д1адог1аран балхахь доккха дакъалоцург а, берийн г1уллакхаш низаме, къепе далоран новкъахь ч1ог1а г1одийриг а ду – юкъах ца дуьтуш, вайн элчанан Мухьаммад-пайхамаран, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, суннатехь долу зуькарш дешар. Оцу т1ехь вайн берашна, дика г1онакъосталла а хилла, д1ах1уттур ду аьлла хета тхуна х1ара хьуна хьалхахь долу жайна. Шеко яц, иза ладаме а, маь1не а, хьаште а хиларан. Х1окху жайно безамечу а, самукъанечу а, берана хазахета долучу а кепара, хьалха суьрташца а гойтуш, т1аккха йозане а доккхуш, берашна 1амор ду дуккха а тайпана зуькарш. Цул совнаха, х1ара жайна х1оттийначара тидаме эцна беран кхетам кхиаран г1уллакх юьхьанцарчу т1ег1анна т1ехь хилар а, цуьнан гонахарчу дуьнене хьежар ша-тайпа хилар а. Дала мукъалахь, вайн берашна, барам боцу хазахетар-совг1ат а хилла, д1ах1уттур ду х1ара башха жайна!

Скачать

Имам нававийн шовзткъа хьадис

Къинхетамечу, Къинхетамбечу АллахIан цIарца!

ХIара хьадисаш, Хан-зама мел лаьтта лаьттар долуш, нийсачу новкъа нисвеш, куьйгалла лоьхучарна серло луш, шена чу кIеззигчу дешнашкахь дуккха маьIнийн хазна йиллина хьадисаш ду. Тайп-тайпанарчу хенашкахь а, шен-шен заманашкахь а баьхна хилла болучу Iеламнаха (АллахI реза хуьлда царна) Iаламат дукха жайнаш яздина, оцу жайнашкахь гулдина динан тайп-тайпанарчу хьажарех лаьцна шовзткъа хьадис а долуш.  Веза-Сийлахьчу АллахIан гIоьнца, оцу гIарабевллачу имамийн а, Ислам-дин лардечу гIаролийн а лорах иштта кхин а шовзткъа хьадис гулдина г1арваьллачу Имама Нававис. Х1ара жайна гулдечу хенахь цо куьйгалла дина лахахь далийначу АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешнашца: «…Шух кхузахь волучо хаам бойла кхузахь воцучуьнга». «АллахIа хазахетар дойла, аса аьлларг а хезна, (и дешнаш) шен дагахь а латтийна, (шена соьгара ма-хаззара нахе) уьш дIадовзийтиначу стагана». Дешархошна хьалха долу хIара шовзткъа хьадис, кхин болчу Iеламнаха яздинчаралла а дуккха а сов ладаме а, коьрта а ду, динан ерриге агIонаш чу лоцуш а ду. ХIокху хьадисех хIора а, Ислам-динан баккхирачу баххашха бух буьллуш ду. ХIокху хьадисашха хIор хьадис Iеламнаха «Исламан сема» ю, я «Исламан ах» ю, я «Исламан кхоалгIа дакъа ду» аьлла дийцина ду. Оцу хьадисашха хIора а бух болуш хьадис ду. Царех дукхах дерш Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» жайнашкахь ду. Эхарте безам болучу хIора стагана а хаа деза – оцу хьадисаша луш болу кхетамаш а, цара гойтуш долу динан декхарш а, цара шайна чулаьцна болу хаза чулацамаш.

Скачать

Ламаз эцар а, ламаз дар а

Къинхетамечу, Къинхетамбечу АллахIан цIарца!

Беран ворхI шо дуьзча, диканех уггаре диканиг долу - ламаз Iамо деза, цунна марздан а деза иза. Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Берийн ворхI шо дуьзча, омар де цуьнга ламаз де але…». Цундела вай бераш ворхI шаре а довлале царна ламаз хьеха а, царна и дIалаца атта хилийта а аьтто беш хIара жайна кечдина вай. Бераша гуш долу сурт дика дIалоцу дела, йоза мелла кIезиг а деш, берашна хаза къастош суьрташ а дохкуш кечдина хIара жайна. ХIокху жайно уггаре а аттачу кепара ламаз хьоьхур ду, вайн деган стоьмаш долчу берашна. Хьоме бераш! Лараме да-нана! Вай кхоьллина, вайна ризкъа латтош волчу вайн Дала вайна шеко а йоцуш догIун долчу эхартахь ирсе дан а, дакъазлонах лардар дуьхьа а само йеш хIара дешнаш аьлла: (ХIай иман диллинарш! Ларде (кIелхьар даха) шаьш а, шейн доьзалаш а жоьжахатех, шен латориг адамаш а, тIулгаш а хин долучу). Оцу айато тIедожадо денна а, нанна а беран Iуналла дар, жоьжахатех кIелхьара даккха къахьегар а. Имам ал-ГIазалис аьлла: «Хьуна хоийла, бер деге-нене аманат дина делла хилар. Цуьнан цIена дог – мехала деза жовхIар ду, вай цу тIехь муьлхха а сиз даккхахь а, цо къобул дой тIеоьцу и». Цундела, бераллехь дуьйна диканиг дан марздахь, диканиг дага доуьйтуш хилахь, АллахIан пурбанца, ирсе хир ду и кху дуьненахь а, эхартахь а. Диканех угаре а диканиг – ламаз Iамор ду.

Скачать

Эзар сов суннат

Къинхетамечу, Къинхетамбечу АллахIан цIарца!

Бусалба стага а, зудчо а шайн дахарехь денна терго ян езаш коьрта хIума ду: элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатехь нисвелла лелар, суннатца Iар-дахар дIахIоттор - шен дерриге леларашкахь а, дешнашкахь а, гIуллакхашкахь а, дечуьнгахь а, лелочуьнгахь а - шен дерриге дахар Iуьйренгара суьйренга кхаччалц элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатехь нисделла а, суннатехь низаме далийна а хилийта. Бусалба стеган дикалла а, дарж а дустуш болу барам - элчанна тIаьхьавазар мел ду хьаьжжина бу. Цо элчанан суннат сов мел леладо а, дика мел леладо а, лерина мел леладо а - АллахIана гергахь веза а, дика а хир ву иза. И бахьана долуш, аса гочдина хIара доцца жайна - бусалба нехан денна долучу дахарехь элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннат дендаран дуьхьа: церан Iибадаташкахь а, бийшар-гIовттаршкахь а, яар-маларшкахь а, нахаца лелочу юкъаметтигашкахь а, цIанонашкахь а, хIусамна чубахкарехь а, хIусамера арабовларехь а, тIе хIума йохарехь а, иштта кхин долучу церан леларшкахь а. Цхьамма нахе кхайкхам бича: хIара суннат лелийначунна хIоккхул ахча а, совгIат а лур ду аьлла, нах карор ма бара хьуна –Iуьйренгара суьйренга бовллалц шайн ерриге а дахаран агIонашкахь и суннаташ лелон гIерташ къахоьгуш, уьш лардан гIерташ сутара хьийзаш. ХIунда аьлча хIора суннат лелор бахьана долуш - хир йолуш са ю царна, лур долуш ахча а ду царна. Ткъа ахчано хIун пайда бийр бу хьуна - хьо хьайн коша виллича, хьуна латта тIеIена доьлча? Вай хIокху жайнахь юьхьара лоцун долу суннаташ - уьш лелийначунна ял а хир йолуш, уьш дитиначунна Iазап а хир доцуш долу суннаташ ду.

Скачать

  • 1
  • 2

Страница 2 из 2

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft