892. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Сафиййа лоллех мукъа а яьккхира, ша иза лоллех мукъаяккхар урдонна а лерира» (ал-Бухари: 5086, Муслим: 2/1045).
893. Абу Салам ибн Iабд ар-Рохьмана (АллахI реза хуьлда цунна), Iайшате (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира ша аьлла, дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIоттош хилла долу урдо мел дара?». Цо жоп делла: «Цо шен зударшна луш хилла долу урдо - шийтта укъий* а, нашш** а дара». Цо хаьттира: «Ткъа нашш мел-хIун ю хаьий хьуна?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа». Цо элира тIаккха: «Иза – ах укъий ю. Ткъа цо шен зударшна луш хиллачу дерриге урдон жамI дича - пхи бIе дирхIам нислора» (Муслим: 1426).

