«Мушрик нахах къаьсташ хила, мекхаш уллера ларга, мажош ялийта» (1).
Муслиман «Сахьихь» жайнахь Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис ду, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Мекхаш ларга, мажош охьахеца, цIарна лолла дечарех къаьсташ хила» (2).
Насаийс далийна шен «Сунан» жайнахь, дика иснад а йолуш, Зайд бин Аркъама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шен мекхаш ца лергинарг тхоьх вац» (3).
ГIараваьлла воккхачу Iилманчас, цIе яхханчу хьафиза Абу Мухьаммад ибн Хьазмас (4) аьлла:
«Берриге Iеламнехан цхьабарт болуш ду: мекхаш ларгар а, маж охьахецар а - парз хилар».
ХIокху дийцаредаран хьокъехь долу хьадисаш а, иштта мекхаш ларгаран, мажош охьахецаран, и лоргуш лелоран, и ялийтаран хьокъехь дуккха а къамел ду Iеламнехан. ХIара доцца луш жоп хиларна, царех дуккха а кIорггера талла аьтто болуш дац. Лакхахь дийцинчу хьадисашкара а, ибн Хьазмас бийцинчу Iеламнехан бартах (ижмаI) а кхаа хаттарна жоп билгалдолу.
Цуьнан боцца чулацам: маж кхиор а, и дебор а, и охьахецар а - парз хилар, дита мегаш доцу, хIунда аьлча элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иза омра дина тIедиллина долун дела, ткъа цо диначу омрина доьхург дар важиб лоруш ду, Доллучунна ницкъ кхочуш, Сийлахь-Воккха волучу АллахIа ма-аллара:
«Элчано шайна делларг дIаэца, цо шайна дихкиначух ларло» («ал-Хьашр»: 7).
Оцу кеппара мекх ларгар а ду - важиб, гIолехь дерг лерина - и дIадашар. Амма и кхиор а, охьахецар а, «мекхаш-мирза» хилар а мегаш дац, хIунда аьлча иза пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма де аьлла долу дихкинарг деш хуьлу:
«Мекхаш ларга» (5), «Мекхаш уллера дIаларга», «Мекхаш дIахедаде», «Шен мекх ца лергинарг тхоьх вац».
ХIара диъэ алар пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршао а хуьлда цунна) бакъ долучу, бух болучу хьадисашкахь дийцина ду. ТIаьххьарчу аларехь, элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дашехь: «Шен мекх ца лергинарг тхоьх вац» чIоггIа кхерам тасар а, луьра дIахьедар дар а ду.
Цуьнах бусалба стаг ларвала везаш хилар тIедожадо, АллахIа а, Цуьнан элчано а магийна доцург лелорах. Иштта сихо ян езар тIедожадо цо АллахIа а, Цуьнан элчано а омра диначунна муьтIахь хилар.
Цуьнах хаьа, билгал долу: мекх охьахецар а, «мекхаш-мирза» хилар а - къа долуш хилар, Iесалла хилар. Иштта къинойх а, Iесаллех а ду - маж яшар а, иза яцъяр а. Цо иман эшадо, гIелдо, АллахIан оьгIазалла а, Цуьнан Iазап а тIедосса кхерам болуш а ду и бахьана долуш.
Лакхахь дийцинчу хьадисашкахь тоьшалла ду: мекхаш дахдалийтар, мажош яшар, уьш яцъяр - цIеран лолла дечарех а, мушрикех а дIатарвалар хилар. Шеко йоцуш билгалдаьлла а, хуучух а ду: царех тарвалар магош доцуш вон, къилахь хIума дуйла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен къамелехь аьлла дела:
«Цхьана нахах тарвелларг - уьш берриг ву» (6).
Аса дог доху хIокху деллачу жоьпехь кхачам а, тоам а хилла хиларе.
ГIо дар, кхетам балар шен керахь дерг АллахI ву.
АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а.
(1) - ал-Бухарий: 5892, 5893. Муслим: 259.
(2) - Муслим: 260.
(3) - ан-Насаий: 13, 5047. ат-Тирмизий: 2761, цо аьлла: «хьасан сахьихь» хьадис ду.
(4) - «Мухьалла» жайнахь, 2-220.
(5) - Ахьмад: 2-229, «хьасан» иснад йолуш. ат-ТIабараний, «ОвсатI» жайнахь: 9426, «Кабийр» жайнахь: 11335, 11724.
(6) - Ахьмад: 2-50, 92. Абу Дауд: 4031. «ОвсатI» жайнахь ат-ТIабаранийс: 8327.
Бух: Шайх ибн Базан фатваш, кхидолу белхаш тIехь долу гулам (3-362, 363)
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ