• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: кхерам хIоьттича ден ламаз дуьйцу дакъа

Опубликовано: 31 июля 2013

151. Жабир ибн IабдуллахI ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къхинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна вара со - цо кхераман ламаз дечу хенахь. Тхо АллаIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлд цунн) тIаьхьа дIахIиттира, шина могIаре а нисделла. Оцу хенахь мостагI - тхуний, къилбанний (Маккиний) юккъехь лаьтташ вара. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), «АллахIу Акбар» а аьлла, АллахI воккха вира. Цунна тIаьххье оха массара а дира цо диннарг. Цул тIаьхьа рукуI дира цо. Цунна тIаьххье оха массара а дира рукуI. Цул тIаьхьа рукуIера хьалавеара иза. Оха а дира изза. Цул тIаьхьа иза а, цуьнца цхьаьна хьалхара могIа а сужуде охьабахара. Ткъа шолгIачу могIарехь берш мостагIчунна юьхь-дуьхьал лаьттира. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сужуд дина ваьллачу хенахь хьалхарачу могIарера бусалба нах сужудера хьалагIевттира. Цул тIаьхьа сужуде бахара шолгIачу могIарехь лаьттинарш. Уьш хьалабаьхкиначу хенахь хьалхарачу а, тIаьххьарачу а могIаршкахь берш шайн меттигашкахь хийцабелира. Цул тIаьхьа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рукуI дира. ТIаккха оха массара а дира рукуI. Цул тIаьхьа рукуIера хьаланисвелира иза. Оха а дира изза. Цул тIаьхьа сужуде вахара иза, цуьнца цхьаьна хьалхарачу могIарехь берш а. Ткъа уьш - хьалхара ракаIат дечу хенахь шолгIачу могIарехь хилларш бара. Ткъа шолгIачу могIарехь хилларш - мостагIчунна дуьххьал лаьтташ бара. Пайхамар а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хьалхарачу могIареранаш а сужуд дина бевлча, шолгIачу могIарехь лаьттачара а, охьа а бахана, сужудаш дира. Цул тIаьхьа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам делира. Цунна тIаьххье оха а делира саламаш» (ал-Бухари: 4125, Муслим: 840).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft