- Маттаца ала дезаш ду и, и олучу хенахь аз айдеш алар бехкам бац.
- Мотт ца хууш волучо шен дага лоцур ду и.
- «Акбар» олучу хенахь шен ши куьг хьалаайдар суннат ду, шина белшанна дуьхьал нислучу барамехь, пIелгаш тIеттIа гулдина а хила деза.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен шина белшан локхаллех терра хьалаайдора шен ши куьг - ша ламаз дIадоьхкучу хенахь а, рукуIе охьатаьIаш «Акбар» олучу хенахь а, рукуIера шен корта хьаланисбечу хенахь а» (2).
Цкъацкъа шен шина лерган (юьхьигех) терра хьалаайдора цо и шиъ. Малик бин Хьувайриса дийцина хьадис: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «Акбар» олучу хенахь шен ши куьг хьалаайдора шен шина лерган (юьхьигех) терра» (3).
- Цул тIаьхьа, шен аьрру куьйган хуттург «аьтту куьйгаца схьа а лаьцна, и шеа шен некха тIе дуьллур ду (4).
Я шен аьтту куьг аьрру куьйган пхьаьрсанна а, куьйганна а дахдина тIе а диллина, схьа а ца лоцуш, и шеа шен некха тIе дуьллур ду.
Ваил бин Хьаджара дийцина хьадис:
«Акбар» элира цо» – вуьшта аьлча: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) - Цул тIаьхьа шен аьтту куьг диллира цо аьрру тIеран букъа тIе, куьйган хьакхолганна, пхьаьрсанна а тIе» (5). Ваила дийцина хьадис: «Шен некха тIе дохкура цо уьш (куьйгаш)» (6).
- Ша сужда дечу метте хьоьжур ву иза. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)
пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дуьйцуш аьлла:
(ما خَلّف بَصرهُ موضعَ سجوده)
«Шен бIаьрахьажар ша сужда дечу метте доьгIначуьра дIа ца долуьйтура цо» (7).
- Цул тIаьхьа «Истифтахь» доIа доьшур ду, суннат ду и дешар. «Истифтахь» доIанаш дуккха а ду, царех цхьаъ хIара ду:
( سبحانك اللهم وبحمدك ، وتبارك اسمك ، وتعالى جدك ، ولا إله غيرك)
«СубхьанакаллохIумма ва бихьамдик, ва табарокасмук, ва таIала джаддук, ва ла илахIа гIайрук».
«ЦIена ву Хьо, я АллахI! Хастам бу Хьуна! Сийлахь ю Хьан цIе! Лекха ду Хьан возалла! Хьо воцург, кхин дела а вац!» (8).
Я хIара доIа доьшур ду:
(اللهم باعد بيني وبين خطاياي كما باعدت بين المشرق والمغرب ، اللهم نقني من خطاياي كما يُنقى الثوب الأبيض من الدنس ، الله اغسلني بالماء والثلج والبَرَد)
«АллохIумма баIид байни ва байна хатIайайа, кама баIадта байнал машрикъи валмагIриби, АллохIумма наккъини мин хатIайайа кама йунаккъассовбул абйаду минадданаси, АллохIуммагIсилни мин хатIайайа биссалжи валмаи вал баради».
«Я АллахI! Сан къинош суна гена даха Ахьа - Айхьа малхбале а, малхбузе а вовшашна гена яккхаре терра. Я АллахI! Сан къинойх дIацIанве Ахьа со - кIайн коч мIоданех дIацIанлуш санна. Я АллахI! Суна тIера сан къинош дIадила Ахьа - лайца а, хица а, шаца а» (9).
- Цул тIаьхьа «АIузу» эра ду:
, «АIузу биллахIи мишшайтIонир рожими», «АллахIаца"أعوذ بالله من الشيطان الرجيم")
ларло со, Цо Шен (къинхетамах) даьккхина, генна эккхийначу шайтIанах»).
- Шена лаахь, хIокху кепара ала а мегар ду:
(«أعوذ بالله السميع العليم من الشيطان الرجيم», «АIузу биллахIиссамиIил Iалими мишшайтIонир рожими», «Хезаш, Хууш волучу АллахIаца ларло со, Цо Шен (къинхетамах) даьккхина, генна эккхийначу шайтIанах»).
- Шена лаахь, хIокху кепара ала а мегар ду:
(«أعوذ بالله السميع العليم من الشيطان الرجيم من همزه ونفخه ونفثه», «АIузу биллахIи минашшайтIониррожими: мин хIамзихIи, ва нафхихIи, ва нафсихIи», «Хезаш, Хууш волучу АллахIаца ларло со, Цо Шен (къинхетамах) даьккхина, генна эккхийначу шайтIанах: цуьнан (хьеравоккхуш долучу) тIехIусдарех, цуьнан (цо дагатуьйсучу) кураллех, цуьнан (яьссачу, телхиначу) байтех») (10).
- Цул тIаьхьа «БисмиллахI» эра ду:
(«بسم الله الرحمن الرحيم», «БисмиллахIиррохьманиррохьим», «Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!»).
- Цул тIаьхьа хIора ракаIатехь а «Фатихьат» сурат доьшур ду, элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьллачу дашна:
( لا صلاة لمن لم يقرأ بفاتحة الكتاب )
«Жайна схьадоьллург (вуьшта аьлча, «Фатихьат» сурат) ца дешначо - ламаз ца дина» (11).
И - рукна ю, и дешаза ламаз ца хуьлуш йолу.
- Нагахь ламаз дийриг «Фатихьат» деша хууш вацахь, цуьнан метта КъурIанера деша тарлурриг доьшур ду цо. Нагахь иза а ца хууш велахь, ткъа хIара эра ду:
(«سبحان الله والحمد لله ولا إله إلا الله والله أكبر ولا حول ولا قوة إلا بالله», «СубхьаналлахI, валхьамду лиллахI, ва лаилахIа иллаллахI, валлахIу акбар, ва ла хьовла ва ла къуввата илла биллахI») (12).
Амма важиб хилла тIехь ду цунна сихха «Фатихьат» сурат дагахь Iамор.
- «Фатихьат» дешначул тIаьхьа КъурIан тIера муьлхха а аьтто берриг доьшур ду – я дуьззина цхьа сурат, я масех аят.
- Цул тIаьхьа рукуI дийр ду, «АллахIу акбар» а олуш, я шина белше, я шина лерге нислуш ши куьг хьала а айдеш, хьалха ламаз дIадоьхкучохь ма-дийццара.
РукуIехь шен букъ нисса дIанисбар важиб ду.
Шен шина куьйган пIелгашка гоьлаш схьалоцуьйтур ю, пIелгаш даржийна а долуш.
- РукуIехь хIара эра ду: («سبحان ربي العظيم», «ЦIена ву сан Воккха Дела», «Субхьана роббийал 1азийм»).
Я хIара эра ду: («سبوح قدوس رب الملائكة والروح», «Кхачаме а, ЦIена а ву маликийн а, Жабраилан а Дела», «Суббухьун, къуддус, роббул малаикати варрухь») (14).
- Цул тIаьхьа рукуIера шен корта хьалаайбийр бу, хIара а олуш:
(«سمع الله لمن حمده», «СамиIаллохIу лиман хьамидахI», «АллахIана хозийла Шена хастам бийриг»).
Шен ши куьг хьалаайъар суннат ду, хьалха ма-дийццара.
Хьала а нисвелла, дIахIоьттича эра ду:
(«ربنا لك الحمد», «Роббана лакал хьамд», «Тхан Дела, хастам бу Хьуна!»).
Я хIара эра ду:
(«ربنا ولك الحمد», «Роббана валакал хьамд», «Тхан Дела, хастам бу хьуна!»).
Я хIара эра ду:
(«اللهم ربنا لك الحمد», «АллохIумма роббана лакал хьамд», «Я АллахI, Тхан Дела! Хастам бу Хьуна!»).
Я хIара эра ду:
(«اللهم ربنا ولك الحمد», «АллохIумма роббана валакал хьамд», «Я АллахI, Тхан Дела! Хастам бу хьуна!»).
Цул тIаьхьа хIара алар суннат ду:
«Милъассамавати, валарди, ва милъа ма шиъта мин шайъин баIду. АхIлассанаи валмажди, ахьаккъу ма къолал1адбу, ва куллуна лака Iабдун. АллохIумма ла маниIа лима аIтIойта, ва ла муIIийа лима манаIта, ва ла йанфаIу залжадди минкалжадду».
«Cтигланаш а, латта а дуьззина. Хьуна мел лиъна хIума а юьззина. ХIай хастаман а, возаллин а охIла верг! (ХIара сан дешнаш) Хьан лайно олучарех уггаре бакъ дерг ду, тхо массо а Хьан лаьш а ду. Я АллахI! Ахьа делларг сацо а вац цхьа а, Ахьа сацийнарг дала а вац цхьа а. Дуьненан ирс долучунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, хIунда аьлча ирс - Хьоьгара ду» (15).
- Шен аьтту куьг аьрручунна тIе а диллина, и шиъ некха тIе диллар суннат ду хьаланисвеллачул тIаьхьа, дуьххьара рукуIе вахале лаьттачу хенахь ма-диллара.
- Цул тIаьхьа, («الله أكبر», «АллахIу акбар» («АллахI Воккха ву») а олуш, суждане гIур ву.
- Сужда дечу хенахь шина куьйгал а хьалха шен ши гола охьаюьллур ю.
Ваил бин Хьажаран (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис:
«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сужда дечу хенахь шен ши гола охьайуьллуш гира суна, ши куьг охьадиллале хьалха» (16).
- Ламаз деш волучо сужда дан деза ворхI меженна тIе: шина коганна, шина гоьланна, шина куьйганна, мераца цхьаьна хьаьжанна – ша сужданехь а волуш, оцу меженех цхьа а меже лаьттара хьалааййан мегаш дац. Нагахь ламаз дечуьнга сужда далуш дацахь, цамгар бахьана долуш, ткъа иза ша таIIалучул охьатаьIар ву, мелла а сужданан суьртанна герга хила а гIерташ.
- Сужданехь шина агIонна тIера шен ши пхьарс дIасахилор суннат ду. ХIунда аьлча: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сужда дора, сел чIогIа шина пхьаьрсан кIеллара кIайлла а гуш» (17). Нагахь цо цунна дехьа а, сехьа а ламаз дечарна еш новкъарло яцахь.
Сужданехь шина варе (гIогIа) тIера гай генадаккхар, хьалаайдар суннат ду.
- Сужданехь шен ши гола вовшех яккхар суннат ду, вуьшта аьлча: вовшех летта а йоцуш. Амма ши ког вовшашна тIеттIа таIор бу. Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша сужданехь волуш дина и (18).
- Ламаз дийриг сужданехь верриг шен шина пхьаьрсанна тIевазлур вац.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шух цхьамма а шен пхьаьрсаш (лаьттахула) дIа ма даржадойла, жIаьло даржоре терра» (19).
Цхьа хIума ду, нагахь сужданехь дукха Iийна кIадвеллехь, шен шина пхьаьрсаца шен шина варена (гIогIанна) тIевазвалар мегаш ду.
- Сужданехь цкъа («سبحان ربي الأعلى», «Субхьана роббийал аIла», «ЦIена ву сан Лекха Дела») алар важиб ду, цул сов дерг суннат ду.
- Сужданехь хIара алар суннат ду: («سُبُوح قُدوس رب الملائكة والروح», «Суббухьун, къуддус, роббул малаикати варрухь», «Кхачаме а, ЦIена а ву маликийн а, Жабраилан а Дела»).
Я хIара эра ду: («سبحانك اللهم ربنا وبحمدك اللهم اغفر لي», «СубхьанакаллохIумма роббана ва бихьамдика, АллохIуммагIфирли», «ЦIена ву Хьо, я АллахI! Хастам а бу хьуна, я АллахI! Гечде Ахьа суна») (21).
- Цул тIаьхьа, («الله أكبر», «АллахIу акбар», «АллахI Воккха ву») а олуш, сужданера шен корта хьала а айбина, шина сужданна юккъехь охьахуур ву, шен аьрру ког лаьттахула дIа а баржош (шена кIел саттийна), аьтту ког дIа а бугIуш.
- Шина сужданна юккъехь охьахиъначу хенахь цкъа («رب اغفر لي», «РоббигIфирли» («Сан Дела, гечде Ахьа суна») алар важиб ду, цул сов алар суннат ду.
- Иштта алар суннат ду: («رب اغفر لي وارحمني واهدني وعافني وارزقني», «РоббигIфирли вархьамни вахIдини ва Iафини варзукъни», «Я АллахI! Гечде Ахьа суна, къинхетам бе Ахьа соьх, нисве Ахьа со, хьал тоде Ахьа сан, рицкъа ло Ахьа суна») (22).
Оцу охьахаарехь шен ши куьг шен шина варена тIедуьллур ду, пIелгийн юьхьигаш шина гоьланна гергга йохкур ю.
Шен аьтту куьг аьтту гоьланна тIедилла а, аьрру куьг аьрру гоьланна тIедилла а мегаш ду, и шиъ лаьцна волуш сана.
- Цул тIаьхьа юха а сужда дийр ду, ткъа оцу сужданехь а хьалхарчу сужданехь диннарг дийр ду.
- Цул тIаьхьа оцу сужданера шолгIачу ракаIате хьалагIур ву, гоьлашна тIе а вазлуш «АллахIу акбар» («АллахI Воккха ву») а олуш.
- Цул тIаьхьа шолгIа ракаIат а дийр ду, хьалхара ракаIат ма-дарра. Цхьа хIума ду, хьалхарчу ракаIатехь дешна долу «Истифтахь» доIа доьшур дац, КъурIан деша волавалале хьалха олуш долу «АIузу» а эра дац, хIунда аьлча цо дуьххьара ракаIат дIадолочу юьххьехь дешна долу «Истифтахь» а, аьлла долу «АIузу» а тоам болуш ду.
- Цул тIаьхьа, шолгIачу ракаIатан чаккхенгахь, дуьххьара доьшуш долу «Аттахьиййат» деша охьахуур ву, шен аьрру ког лаьттахула дIа а баржош (шена кIел саттийна).
Цуьнан аьтту куьйган куц. хила деза. Шен цIаза-пIелг а, цIе йоцу пIелг а тIехабор бу. Нана-пIелгах а, юккъерачу пIелгах а чIуг йийр ю. Хьажо-пIелг хьажор бу доIа дечу хенахь (вуьшта аьлча, «Аттахьийат» юкъахь доIанан маьIане дешнаш долучохь). Я шен аьтту куьйган дерриге пIелгех буй а бина, доIа дечу хенахь хьажо-пIелг хьажор бу. Ткъа шен аьрру куьйгаца аьрру гола хьалоцур ю цо. Гола схьа а ца лоцуш, шен аьрру варена тIоьхула охьадаржо а мегаш ду цо шен куьг.
- Оца меттехь доьшур ду: (التحيات لله والصلوات والطيبات’ السلام عليك أيها النبي ورحمة الله وبركاته’ السلام علينا وعلى عباد الله الصالحين. أشهد أن لا إله إلا الله وأشهد أن محمدا عبده ورسوله «Аттахьиййату лиллахIи, вассолавату ваттIоййибату, ассаламу Iалайка аййухIаннабиййу варохьматуллахIи вабарокатухI, ассаламу Iалайна ва Iала IибадиллахIис солихьин. АшхIаду ан лаилахIа иллаллахIу ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухI», «Маршалла, ламазаш, (массо) хастаме дешнаш а АллахIана (хьакъ) ду. Маршо хуьлда хьуна, хIай пайхамар, АллахIан къинхетам а, Цуьнан массо беркаташ а. Маршалла хуьлда вайна, АллахIан массо дикачу лаьшна а! Аса тоьшалла до, АллахI воцург кхин дела цахиларца, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца а»).
- Нагахь ламаз кхоъ я диъ ракаIат долуш делахь, делкъа-ламаз, малхбуза-ламаз, маьркIажа-ламаз, пхьуьйра-ламаз санна, ткъа тIаьххьарачу ракаIатехь «таваррук» охьа хуур ву. Шина куьйган куц хьалхарчу «Аттахьиййатехь» ма-дийццара нисдина хир ду, хьалхарчу «Аттахьиййатехь» дешнарг а доьшур ду: «Аттахьиййату лиллахIи…» и.дI.кх.
Цул тIаьхьа эра ду: (أللهم صل على محمد وعلى آل محمد’ كما صليت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد’ وبارك على محمد وعلى آل محمد كما باركت على إبراهيم وعلى آل إبراهيم إنك حميد مجيد. «АллохIумма солли Iала Мухьаммад ва Iала али Мухьаммад кама соллайта Iала ИброхIима ва Iала али ИброхIима, иннака хьамидун мажид, ва барик Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин кама барокта Iала ИброхIима ва Iала али ИброхIима иннака хьамидун мажтд», «Я АллахI! Къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах а, Мухьаммадан доьзалах а - Айхьа ИбрахIимах а, ИбрахIиман доьзалах а къинхетам баре терра. Хьо ву - хастамна хьакъ верг, Сийлахь верг. Мухьаммадана а, Мухьаммадан доьзална а беркат де Ахьа - ИбрахIимана а, ИбрахIиман доьзална а Айхьа беркат даре терра. Хьо ву - хастамна хьакъ верг, Сийлахь верг»).
- Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават диллиначул тIаьхьа хIара доIа дешар суннат ду:
(«اللهم إني أعوذ بك من عذاب جهنم ، وعذاب القبر ، ومن فتنة المحيا والممات ، ومن فتنة المسيح الدجال», «АллохIумма инни аIузу бика мин Iазаби джахIаннама, ва мин Iазабил къабри, ва мин фитнатил махьйа вал мамати, ва фитнатил масихьиддажжали», «Я АллахI! Со Хьоьца ларло жоьжагIатин Iазапах, кошан Iазапах а, валаран-вахаран питанах а, Дажалан питанах а») (23).
Цул тIаьхьа шена луъу доIа дийр ду, масала:
(«اللهم أعني على ذكرك وشكرك وحسن عبادتك», «АллохIумма аIинни Iала зикрика ва шукрика ва хьусни Iибадатика», «Я АллахI! Суна гIо де Ахьа Хьо хьехорна тIехь, Хьайна шукар дарехь, Хьайна хаза Iибадат дарехь») (24).
- Цул тIаьхьа шен аьтту агIор салам лур ду: («السلام عليكم ورحمة الله», «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахI»).
- Цул тIаьхьа, аьтту агIор даларе терра, шен аьрру агIор а лур ду салам.
- ТIаккха, салам деллачул тIаьхьа доьшуш долу «азкараш» доьшур ду, масала:
(«استغفر الله ، أستغفر الله ، أستغفر الله ، اللهم أنت السلام ومنك السلام تباركت ياذا الجلال والإكرام », «АстагIфируллахI, АстагIфируллахI, АстагIфируллахI, аллохIумма антассалам ва минкассалам табарокта йа залджалали вал икром», «АллахIе гечдар доьху аса! АллахIе гечдар доьху аса! АллахIе гечдар доьху асу! Я АллахI! Кхачам бацарех маьрша ву Хьо! Маршо а Хьоьгара ю! Беркате ву Хьо, хIай сийлахьаллин а, комаьршаллин а да») (25).
Кхин а:
(لا إله إلا الله وحده لا شريك له ، له الملك وله الحمد وهو على كل شيء قدير اللهم لا مانع لما أعطيت ولا معطي لما منعت ولا ينفع ذا الـجَد منك الـجَد).
(«ЛаилахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахIу, лахIул мулку ва лахIул хьамду вахIува Iала кулли шайъин къадир, АллохIумма ла маниIа лима аIтIойта вала муIтIийа лима манаIта вала йанфаIу залджадди минкал джадду», «АллахI воцург, кхин дела вац! Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш! Паччахьалла Цуьнан ду! Хастам а Цунна бу! Массо хIуманна ницкъ болуш а ву И! Я АллахI! Ахьа делларг сацо вац-кха цхьа а, Ахьа сацийнарг дала а вац-кха цхьа а! Дуьненан ирс долучунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац, ткъа ирс - Хьоьгара ду») (26)
Кхин а:
(لا إله إلا الله وحده لا شريك له ، له الملك وله الحمد وهو على كل شيء قدير، لا إله إلا الله ولا نعبد إلا إياه، له النعمة وله الفضل وله الثناء الحسن، لا إله إلا الله مخلصين له الدين ولو كره الكافرون).
(«ЛаилахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахIу, лахIул мулку ва лахIул хьамду вахIува Iала кулли шайъин къадир, лаилахIа иллаллахIу ва ла наIбуду илла иййахIу, лахIунниIмату ва лахIал фадлу ва лахIуссанаъул хьасан, лаилахIа иллаллахIу мухлисина лахIуддина валов карихIал кафирун», «АллахI воцург, кхин дела вац! Ша цхьаъ ву И, Цуьнца накъост а вац! Паччахьалла Цуьнан ду! Хастам а Цунна бу! Массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву И! АллахI воцург, кхин дела вац! Цунна цхьанна бен вай Iибадат деш а дац! НиIмат а Цуьнан ду, дозалла а Цуьнан ду! Хаза хестор а Цунна хьакъ ду! АллахI воцург, кхин lела вац (олу вай) цIеначу даггара, Цуьнан дуьхьа керста нахана и ца дезахь а») (27).
Цул тIаьхьа ткъе кхойттаз эра ду:
(«سبحان الله والحمد لله والله أكبر», «СубхьаналлахI, валхьамду лиллахI, валлохIу акбар», «ЦIена ву АллахI! Хастам бу АллахIана! Массо хIуманал воккха ву АллахI»,
Цул т1аьхьа цкъа эра ду и.
لا إله إلا الله وحده لا شريك له ، له الملك وله الحمد ، وهو على كل شيء قدير))
(«ЛаилахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахIу, лахIул мулку ва лахIул хьамду вахIува Iала кулли шайъин къадир», «АллахI воцург, кхин дела вац! Ша цхьаъ ву И, Цуьнца накъост а вац! Паччахьалла Цуьнан ду! Хастам а Цунна бу! Массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву И») (27).
- Аятул курсий доьшур ду (29).
ХIара сураташ доьшур ду: «قُلْ هُوَ اللهُ أَحَدٌ», «قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ», «قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ» (30).
- Бусалба стеган декхар ду шен ламазаш жамIатехь маьждигехь дар, оцу тIехь кIадонаш а, ледарлонаш а цаяр - АллахIан лаамца декъала хиллачарех хилархьамма.
Дика хуург АллахI ву.
АллахIа къинхетам а, маршо а йойла вайн пайхарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан асхьабех, массарех а.
Чулацам бекъар:
(1 ,2,11,13,17,19,21,23,26) - «муттафакъ» барт хилла хьадисаш ду.
(3,14,15,20,25,27,28) - Муслим.
(4) - Насаъис, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (88).
(5) - Абу Дауд, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (88).
(6) - ибн Хузаймата, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (88).
(7) - ал-БайхIакъис, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (88).
(8) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (93).
(9) - ал-Бухари.
(12) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (98).
(16) - «сахьихь» хьадис ду, суннат-жайнаш гулдиначара дийцина и.
(18) - ибн Хузаймата, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (42).
(22) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (153).
(24) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина, «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан куц» цIе йолчу жайнахь (347).
(29) - Насаъис дийцина и «Дийнахь-буса еш йолу Iамал» цIе йолчу жайнахь, Албанис «сахьихь» лерина и «Ас-силсилатус-сахьихьат» цIе йолчу жайнахь (972).
(30) - Абу Дауда, Албанис «сахьихь» лерина и, Абу Даудан «Сахьихь» цIе йолчу жайнахь (1348).
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

