• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ДоIанах лаьцна дуьйцу дакъа

Опубликовано: 25 октября 2010

1461. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина доIа - (жоп даланза) юхатухуш дац» (хIара хьадис ан-Насаис а, кхинболучу динан Iилманчаша а дийцина; ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара, кхин дуккха а хилла оцуьнан санна ойла йолу динан Iилманчаш).


1462. Салмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шун Дела дика а, эхье а ву: Шен лайно Шега ши куьг хьалаайдича - цо и шиъ даьсса оьхадахийтарах эхь хеташ» (Абу Дауд, ат-Тирмизи, ибн Мажат, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара). 


1463. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доIанехь шен ши куьг хьалаайдича - шен юьхьана тIе хьаккхалц охьа ца дохуьйтура и шиъ» (ХIара хьадис ат-Тирмизис дийцина. Иштта цуьнах тера хьадис дийцина Абу Дауда а, динан кхечу Iилманчаша а, ибн Iаббасера (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) ду аьлла. Оцу дерригенан чулацам - Iумаран хьадис дика (хьасан) хилар маьIна гойтуш ду).


1464. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь массарел а суна гергаха хир бу – суна кхечарачул а салават дукха дохкуш хилла нах» (хIара хьадис ат-Тирмизис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара). 


1465. Шаддад бин Авса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(АллахIе) гечдар дехарехь эла-доIа - лайно (хIара дешнаш) алар ду: «Я, АллахI! Хьо - сан Дела ву. Хьо воцург, кхин дела а вац. Ахьа кхоьллина со, ткъа со - Хьан лай ву. Сайн ницкъ мел бу Хьан IахIданний, ваIданний тIехь хир ву со. Со ларве Ахьа аса диначу вонах! Со къера ву Ахьа сайна диначу диканна а, къера ву со сайн къинна а. Гечдехьа суна, хIунда аьлча, боккъалаъ, къиношна гечдийриг вац-кха Хьо бен!» («АллохIумма анта робби, ла илахIа илла анта, халакътани, ва ана Iабдука, ва ана Iала IахIдика ва ваIдика мастатIаIту. АIузу бика мин шарри ма санаIту, ва абуу лака биниIматика Iалаййа, ва абуу бизанби, фагIфирли, фаиннахIу ла йагIфируззунуба илла анта») (ал-Бухари).


1466. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора Iуьйранна а, хIора суьйранна а хIокху тIаьхьара дешнаш аланза ца дуьтура, аьлла: «Я АллахI! Аса ирс а доьху Хьоьга - сайн динехь а, сайн дуьненан гIуллакхашкахь а, сайн доьзалехь а, сайн бахамехь а. Я АллахI! Сан (вон) къайленаш къайлаяха Ахьа, кхерамех Iалашве Ахьа со. Я АллахI! Со ларве Ахьа хьалхашхула а, тIехьашхула а, аьтту агIорхула а, аьрру агIорхула а, тIехула а. Хьан Сийлахь-Воккхаллица ларло со - сайна бухахула цIеххьашха тешнабехк барах (верах)!» («АллóхIумма иннú асъалукал Iафий фú динú, ва дунйáйа, ва ахIлú, ва малú. АллóхIуммастур Iавратú, ва áмин равIатú, вахьфазнú мин байни йадаййá, ва мин халфú, ва Iан йаминú, ва Iан шимáлú, ва мин фавкъú, ва áIузу биIазаматика ан угIтáла мин тахьтú») (хIара хьадис дийцина ан-Насаис, ибн Мажата, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).


1467. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олура аьлла: «Я АллахI! Ахьа деллачу Хьан диканех ца вала а, Ахьа делла Хьан беркат (воне) хийцадаларах а ларло со Хьоьца! Айхьа цIеххьашха Хьайн Iазап даларах а ларве Ахьа со, иштта Хьо оьгIазвохуьйтуш долучу массо хIуманах а» («АллóхIумма иннú аIýзу бика мин завáли ниIматика, ва тахьаввули Iáфийатика, ва фужáати никъматика, ва жамúIи сахатIика») (Муслим).

 

1468. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я АллахI! ТIехдаккхийрачу декхарех а, иштта мостагI толарах а, мостагIийн кхардамах а ларве Ахьа со» («АллохIумма инни аIузу бика мин гIалабатид–дайни ва гIалабатил Iадувви ва шамататил аIдаи») (хIара хьадис ан-Насаис дийцина, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).


1469. Бурайдас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стага (хIокху дехаречу) дешнашца АллахIе доIа деш хезна: «Я АллахI! Аса доьху Хьоьга, (хIокху) айса дечу тоьшаллин юкъараллица. Хьо - АллахI ву, Хьо воцург кхин дела воцу. Цхьаъ бен воцуг ву Хьо. Хьайх тоам болуш верг ву Хьо, Хьайх ваьлларг воцу я Хьо цхьаьннах ваьлла а воцу, Хьайца нийса цхьа а воцу» («АллохIумма инни асалука бианни ашхIаду аннака анта-ллахIу ла илахIа илла анта, ал-ахьадус сомаду ал-лази лам йалид валам йулад ва лам йакун лахIу куфуван ахьад»). Цо аьлла: «Оцу стага АллахIе Цуьнан цIарца дийхи - оцу цIарца дехча АллахIа, цхьа а шеко йоцуш, Шега дехначунна (дехнарг) луш йолучу, Шега доIа диначуьнан (доIанна) жоп луш йолучу» (хIара хьадис дийцина Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Хьиббана а, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).


1470. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйр-Iуьйренашкахь олура аьлла: «Я АллахI! Хьан гIоьнца Iуьйренга девли тхо. Хьан гIоьнца суьйренга а девли тхо. Хьан пурбанца деха тхо. Хьан лаамца дала а ле (тхо). Хьоьга ю тхан доьрзийла а» («АллохIумма бика асбахьнá, ва бика амсайнá, ва бика нахьйá, ва бика намýту, ва илайкал масыр»). Ткъа суьйр-суьйренашкаь олура цо: «Я АллахI! Хьан гIоьнца Iуьйренга девли тхо. Хьан гIоьнца суьйренга а девли тхо. Хьан пурбанца деха тхо. Хьан лаамца дала а ле (тхо). Хьоьга ду тхан юхадерзар а» (хIара хьадис дийцина Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаи, ибн Мажата).


1471. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доллучул а сих-сиха деш хилла доIа (хIара дара): «Я АллахI! Тхуна хIокху дуьненахь дика ло Ахьа. Эхартахь дика ло  Ахьа. Тхо жоьжагIатин Iазапах лар а де Ахьа» («Роббанá áтина фиддунйá хьасанатан ва фил áхироти хьасанатан вакъинá Iазабаннáри») (ал-Бухари, Муслим).


1472. Абу Муса ал-АшIари (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (хIокху дешнашца) доIа дора АллахIе: «Я АллахI! Гечде Ахьа суна - сан къиношна а, сан жехIаллина а, сайн гIуллакхашкахь барамал тIех вийларна (исрапна) а, Хьайна суначул а дикаха хууш долучунна а. Я АллахI! Гечде Ахьа суна - забарна доцуш динарг а, забарна динарг а, гIалат ваьлла динарг а, ойла йолуш динарг а, хIунда аьлча и дерриге а соьгахь долуш ду. Я АллахI! Гечде Ахьа суна - аса хьалха диначунна а, хIинца а данза долучунна а, аса хьуламехь диначунна а, лечкъош доцуш диначунна а, Хьайна суначул а дикаха хууш долучунна а. Хьо ву – Хьалхатоттуш верг, Хьо ву – ТIаьхьатоттуш верг, Хьо ву-кха массо хIуманна ницкъ кхочуш верг а» («АллóхIуммагIфирлú хатIыатú ва жахIлú, ва исрáфú фú амрú, ва мá Анта аIламу бихIи миннú! АллóхIуммагIфирлú жаддú ва хIазлú, ва хатIаú, ва Iамдú, ва куллу зáлика Iиндú! АллóхIуммагIфирлú мá къаддамту ва мá аххарту, ва мá асрарту ва мáаIланту, ва мá Анта аIламу бихIи миннú! Антал мукъаддиму, ва Антал муаххиру ва Анта Iалá кулли шайъин къадúр») (ал-Бухари, Муслим).


1473. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олура аьлла: «Я АллахI! Суна сан дин тоде Ахьа - сан (массо) гIуллаккхехь со ларвеш, суна гIо лоцуш долу. ХIара дуьне а тоде Ахьа суна – оцу чохь со вехаш долу. Сан эхарт а тоде Ахьа суна – сан воьрзийла долу. Сан дахар а де Ахьа суна – сан массо диканаш сов дохуш. Сан Iожалла а е Ахьа суна - массо вонах хьалхаволуш, садоIийла» («АллóхIумма аслихь лú дúни ал-лáзú хIува Iисмату омрú, ва аслихь лú дунйáйаллатú фúхIá маIáшú, ва аслихь лú áхиротийаллатú фúхIá маIáди, важIалил хьайáта зийáдатан лú фú кулли хойр, важIалил мовта рáхьатан лú мин кулли шарр») (Муслим).


1474. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олура аьлла: «Я АллахI! Айхьа сайна Iамийначух пайда эца гIоде Ахьа суна. Суна пайда бохьу дерг Iама а де Ахьа суна. Суна пайдехь хиндолу Iилма а ло Ахьа суна» («АллохIумманфаIни бима Iалламтани ва Iаллимни ма йанфаIуни, варзукъни Iилман йанфаIуни») (ан-Насаи, ал-Хьаким).


1475. ат-Тирмизин а ду (цуьнах) тера Абу ХIурайрас (АллаI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис. Цо аьлла цуьнан чакхенехь: «…Сан хаарш (Iилма) совдаккха Ахьа. Хастам бу-кха АллахIана массо а хьелехь. (Я) АллахI! ЖоьжагIатин охIланехь мел хиндолучух ларве Ахьа со» («Ва зидни Iилман, алхьамду лиллахI, ва аIузу биллахIи мин хьали охIлин нар») (хьадис дийцархойн зIе (иснад) дика (хьасан) ю). 


1476. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIер къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) хIокху тIаьхьара доIа Iамийра шена аьлла: «Я АллахI! Аса доьху хьоьга дика мел дерг дерриге - хьалха я тIаьхьа хила тарлуш долу, цуьнах сайна девзаш дерг я цуьнах дерг сайна девзаш доцург. Дерриге вонах ларве Ахьа со - хьалха я тIаьхьа хила тарлуш долучу, суна цуьнах девзаш долучух я суна цуьнах дерг девзаш доцучух. Я АллахI! Аса доьху хьоьга дика мел дерг - Хьан лайно, Хьан пайхамара хьоьга дехна хилла долу. Дерриге вонах ларве Ахьа со - ша цуьнах кIелхьараваккхар хьан лайно, Хьан пайхамара хьоьга дехна хилла долучу. Я АллахI! Ялсамане ло Ахьа суна, иштта цунна гергавуьгуш долу дешнаш а, гIуллакхаш а. Я АллахI! ЖоьжагIатах ларве Ахьа со, иштта цунна гергавуьгуш долучу дешнех а, гIуллакхех а. Аса доьху Хьоьга - Ахьа сайна мел лерина кхиэл (йоза) сайна диканна дар» («Алло́хIумма инни асъалука минал хайри куллихIи IажилихIи ва а́жилихIи ма́ Iалимту минхIу вама́ лам аIлам! Ва аIу́зу бика минаш шарри куллихIи Iа́жилихIи ва а́жилихIи ма Iалимту минхIу вама́ лам аIлам! Алло́хIумма инни асъалука мин хайри ма́ саалака Iабдука ва набиййука, ва аIу́зу бика мин шарри ма́ Iа́за минхIу Iабдука ва набиййука! Алла́хIумма инни асъалукал жанната вама́ къарраба илайхIа́ мин къовлин ав Iамалин, ва аIу́зу бика минан на́ри вама́ къарраба илайхIа́ мин къовлин ав Iамалин, ва асъалука ан тажIала кулла къада́ин къадайтахIу лии хайран») (хIара хьадис дийцина ибн Мажас, ткъа Ибн Хьиббана а, ал-Хьакима а бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара).


1477. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ши дош ду - Къинхетамечунна хьомсара долуш, маттана (ала) атта долуш, терзанахь деза долуш: Сийлахь ву АллахI, хастам бу Цунна! ЦIена ву, Сийлахь-Воккха ву АллахI!» («СубхьаналлахIи ва бихьамдихIи! СубхьаналахIил Iазым») (ал-Бухари, Муслим).


ХIара болх язбинарг - Ахьмад ибн Iалий ибн Мухьаммад ибн Хьажар ал-Канани ал-Iаскъалани ал-Мысри ву. 

Тахана бусалба нехан рузманца (хенаца) бархI бIе ткъе бархIалгIачу шеран рабиIул-аввал беттан цхьайтталгIа де ду.

Аса хастам бо Сийлахь-Везачу АллахIана! Цуьнан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават дуьллу аса! 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft