1451. Абу
ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь нах гуламехь охьаховшахь, цигахь
я АллахI а ца хьахош, я пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
салават а ца дуьллуш, - билггал, къематдийнахь гIайгIане доьрзур ду царна и»
(хIара хьадис ат-Тирмизис дийцина, цо дика (хьасан) ду а аьлла хIара).
1452. Абу Аюб ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь
стага уьттазза (хIара)
дешнаш алахь: «АллахI
воцург, кхин дела вац. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Пачччахьалла Цуьнан
ду, хастам а Цунна бу. Массо хIуманна
тIехь
ницкъ болуш а ву И!» («Ла илахIа иллалЛохIу вахьдахIу ла шарика лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iала кулли шайъин къадир») - ИсмаIилан тIаьхьенах
виъ лай лоллех мукъаваьккхича санна ял хир ю цунна» (ал-Бухари,
Муслим).
1453. Абу
ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага бIозза (хIара) дешнаш алахь: «Сийлахь ву АллахI, хастам
бу Цунна!» («СубхьаналлахIи ва бихьамдихI»)
- цуьнан къиношна гечдийр ду, и
(къинош) хIордан чопане нислуш дукха делахь а» (ал-Бухари, Муслим).
1454. Хьарисан йоIа Жувайрийата (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
шега элира аьлла: «Хьо (йолучуьра со араваьллачул) тIаьхьа кхузза диъ дош
аьлла аса. Амма дийнан юххьехь дуьйна ахьа мел баьхначу дешнашца дозаллехь
(дуьстича), билггал, бакъдолуш (сан дешнаш царел а) тоьлуш (дезаха) хир ма
дара! Аса аьлларг: «Сийлахь ву АллахI,
хастам бу Цунна - Цо мел кхоьллина долучу хIуманан
барамехь, И реза хиларан барамехь, Цуьнан Iаршан
йозаллин барамехь, (и дIаязбан) Цуьнан дешнаш (дIаяздеш ма-эшшара, оццул дукха)
шекъа оьшур долуш» («СубхьáналлóхIи ва бихьамдихIи, Iадада холкъихIи, ва ридó нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидáда калимáтихI» (Муслим).
1456. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Церан
пайда - даима лаьттан йолу дика Iамалш, (хIара) дешнаш ду: «Кхин дела вац,
АллахI воцург! ЦIена (сийлахь) ву АллахI! Массо хIуманал воккха ву АллахI! Хастам бу АллахIна!
Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера доцург!» («ЛаилахIа иллаллахIу, ва субхьаналлахIи, валлахIу
акбар, валхьамду лиллахI, ва ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIи») (хIара
хьадис ан-Насаис дийцина, ткъа Ибн Хьиббана а, ал-Хьакима а бакъ (сахьихь)
хьадис ду аьлла хIара).
1457. Самурат
ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIна
уггаре дукха деза дешнаш (хIара) диъ ду: «ЦIена (Сийлахь) ву АллахI! Хастам бу АллахIна! Кхин дела вац, АллахI воцург! Массо хIуманал
Воккха ву АллахI!» («СубхьаналлахI!
Валхьамду лиллахI! Ва лаилахIа иллаллахI! ВаллахIу акбар»). Царех хьалха
муьлххарг аьлча а башхалла яц» (Муслим).
1458. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, IабдуллахI ибн Къайс! Ялсаманин хазнех цхьа хазна гайта аса хьуна?». Цо аьлла: «Дера гайта, хIай АллахIан элча!». (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:: «Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера доцург!» («Ва ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIи») (ХIара хьадис ал-Бухарис, Муслима дийцина. Ткъа ан-Насаичун ривайатехь аьлла ду: «АллахIах кIелхьараволийла яц - АллахIехь йоцург!» (Ла малжаа миналлахIи илла илайхIи»)).

