1354. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шаьш кхо адам цхьаьний делахь - шиъ къамеле ма волийла кхоалгIачух къайленгахь, уьш нахах дIаэллалц, хIунда аьлча вас ян тарло цара цунна» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна, ткъа хьадисан дIаяздинарг тIаьххьараниг ву).
1355. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна, дийцина) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьамма хIуъа хилча а ша хиъна Iачу шен меттера стаг хьаламагIаттавойла - цуьнан метта ша охьахаархьама! Ишттачу хьолехь гатло го, шор а бай, парргIат охьаховша хьовса» (ал-Бухари, Муслим).
1356. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух цхьамма хIума йиънехь - шен куьг дIамахьокхийла (дила ма дуьлийла) цо, ша оцу тIе мотт хьаккхалц я кхечуьнга хьакхийтталц*» (ал-Бухари, Муслим).
* Кхузахь буьйцуш берш - цуьнан зуда а, бераш а, лай а ву.
1357. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Жимаха волучо воккхаха волучуьнга дала деза салам, тIехволучо - хиънаIаьчуьнга, нахах къеззигчу тобано – йоккхачуьнга» (ХIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна. Оцу тIе, тIаьххьарачуьнан ривайатехь хIара а аьлла: «Дошлочо гIашлочуьнга (хьалха) дала деза салам…»).
1358. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тоьаш ду - нагахь цхьаьний воьдуш волучу масийттаннан метта царех муьлххачу а цхьамма салам делча. Иштта тоьаш ду - нагахь цхьаьний хевшина Iачу масийттаннан метта царех муьлххачу а цхьамма шайга делла салам схьаэцча» (Ахьмад, ал-БайхIакъи).
1359. Абу Хıурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Салам хьалха дIа ма лойла аша - я жуьгташка а, я керстанашка а. Нагахь шаьш новкъахь царех цхьанна дуьхьал кхетахь – некъан уггаре готтачу тачане юьстахбаха уьш» (Муслим).
1360. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлххачу а цхьамма хьоршам тохахь - цо ала деза: «Хастам бу АллахIна!» («Алхьамду лиллахI!»). Цуьнан вашас (я цуьнан накъосто) ала деза цуьнга: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» («ЙархьамукаллахI!»). Ткъа цо цуьнга юханехьа ала деза: «АллахIа нийсачу новкъа нисдойла шу, хьал-дахар а тодойла Цо шун!» (ал-Бухари).
1361. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо ирахь ма молийла» (Муслим).
1362. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьамма кога хIума юхуш - аьтту кога тIера дIадоладойла. Ша (когара) мачаш дIайохуш - аьрру кога тIера дIадоладойла, хIунда аьлча хьалха тIе юхург а, тIаьххьара (когара) дIайоккхург а аьттуниг хилийта» (ал-Бухари, Муслим).
1363. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана тударгахь ма лела. Я ший а тударг (кога) юха, я ший а (когара) дIаяккха» (ал-Бухари, Муслим).
1364. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь АллахI хьожур волуш вац – деза а детташ, шайна тIехьа шайн духар текхийначаьрга» (ал-Бухари, Муслим).
1365. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьамма хIума юучу хенахь - шен аьтту куьйга яа. Шух муьлхха а цхьамма молучу хенахь - шен аьтту куьйга мала. ХIунда аьлча аьрру куьйга яар а, аьрру куьйга малар а - шайтIанан (амал ю)» (Муслим).
1366. Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас, дендас дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Яа а яа, мала а мала, тIе а юха, сагIа дIаса а декъа, ва амма кхоам беш (исрап ца деш), дозаллаъ ца деш де и» (Абу Дауда а, Ахьмада а далийна хIара хьадис; ал-Бухарис дийциначеран зIе а йоцуш далийна хIара).

