• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ГIурбадар (гIурбанан дийнаташ)

Опубликовано: 22 ноября 2010

1265. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIурбадан таро йоллушехь гIурба ца динарг - оха ламаз дечу меттигна улле ма вогIийла-кха» (ХIара хьадис Ахьмада, ибн Мажас далийна. Делахь а, ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара. Ткъа иза воцучу дукхаха болучу динан Iилманчаша (имамаша) хIара хьадис хаьдда (мавкъуф) ду аьлла).

1266. Жундуб ибн Суфйана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь гIурбанаш дойъучу Iийданехь хилла ву со. Ша нахаца жамаIатехь ламаз дина ваьлча, урс хьаькхначу уьстагIашка а хьаьжна, цо элира: «Ламаз дале хьалха гIурба дийначо - цуьнан метта кхечу уьстагIна урс хьокхийла. Ткъа хIинца а гIурба денза волучо - АллахIан цIарца (шен гIурба) доьйла» (ал-Бухари, Муслим).

1267. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), когашна тIе ира а хIоьттина, элира аьлла: «Диъ дийнат гIурбанна ден мегаш дац: шен бIарзалла ган а гуш, цхьана бIаьргана бIарзделла долу дийнат; иза цомгаш хиларехь цхьа а шеко йоцуш, цомгаш долу дийнат; шен астагIаллина тIе бIаьрг а хIуттуш, астагIа долу дийнат;  тIамарх диссина хIума доцу къена дийнат» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис, ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла а ду хIара).

1268. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ГIурбанна) урс ма хьакха - оцале гуттарлера цергаш хьалаевллачу дийнаташна а бен. Нагахь цуьнах шуна хуьлуш хало елахь - ялх бутт кхаьчна болу уьстагI бен йиш ю шун» (Муслим).

1269. Iела ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира тхоьга: (гIурбанна дуьйчу дийнатан) бIаьргашка а, лергашка а леррина терго еш, дикка хьовса аьлла. Тхуна дехка а дихкира цо цхьана бIаьрган бIаьрса дайна долу дийнаташ, я хьалхашхула, я тIехьашхула датIийна, охьаолладелла лерг долу дийнаташ, иштта (лергашна горга) Iуьргаш даьхна, я хьалхара церг охьайоьжна долу дийнаташ гIурбанна дайъар» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис, ибн Хьиббана, ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла а ду хIара).

1270. Iела ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира соьга: шен гIурбанна урс хьакха лериначу дийнатийн Iуналла а де, оцу дийнатийн жижиг а, цIоканаш а, кхоллар а къехошна дIаса а декъа аьлла. Цо суна циггахь хаспахошна цуьнах цхьаъ ялар а дихкира» (ал-Бухари, Муслим).

1271. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хьудайби машарна кIел куьг таIочу шарахь АллахIан элчанца цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ворхIанна тIера (цхьана) эмкална а, ворхIанна тIера (цхьана) аттана а урс хьаькхира оха» (Муслим).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft