880. Абу Х1урайрас (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аллах1аха а, эхарт дийнаха а тешачо, шен лулахочунна новкъарло ма йойла. Шайн зударшца дика а хуьлда, х1унда аьлча уьш п1енданех кхоьллина бу, ткъа п1ендан уггаре гомах меттиг – юьхьиг ю. Нагахь хьо и нисбан волахь, п1енда кагбийр бу ахь, ткъа, нагахь ахь ша ма-барра и битахь, ша ма-барра гома буьсур бу и. Мухха делахь а, дика хила шайн зударшца». (х1ара хьадис ал-Бухарис: 9/252, Муслима: 1468 далийна, ткъа хьадисан д1аяздар ал-Бухаринаг ду).
Муслиман ривайатехь аьлла: «Нагахь хьан цуьнгара там лаха лаам белахь, цуьнгахь шен и гомалла йолуш а эцалур бу хьоьга цунах там, амма, нагахь хьо и нисбан волахь, билггал кагбийр бу ахь и, ткъа, и кагбийр бу бохург – ахь иза юьтар ю бохург ду».
881. Жабира (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарца цхьана, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, т1амехь дакъа лецира оха, х1етахь тхо Медне юха а дирзина, г1ала чу даха кечдала доьлча, цо элира: «Жимма собар дай, сарахь г1о г1алин чу; хьирчина месашца йолу зуда ехк а хьаькхна, шен месаш шаръян лараяйта а, ткъа ехха хена чохь шен майра ц1ахь ца хилла йолу зуда – эхьечу меттигашкара чоьш д1адаша лараялийта а».
Бухарин ривайатехь аьлла: «Нагахь шух цхьаъ ехха хена чохь некъахь хиллехь, ша ц1авоьрзучу хенахь буса ма воьрзийла и шен доьзале (х1усаме)». (х1ара хьадис ал-Бухарис: 5079, 5244 Муслима далийна: 715).
882. Абу Са1ид ал-Худрис (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъала а, къематдийнахь Аллах1ана гергахь уггаре вон меттиг хин йолу стаг, шен зудчуьнца вижар г1уллакх деъначул т1аьхьа, (майрачунна бен хаа ца езаш йолу) цуьнан къайленаш нахала йохург ву». (Муслим: 1437).
883. Цкъа Хьаким ибн Му1авис, шен дас (Аллах1 реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) хаьттина аьлла дийцира: «Х1ай, Аллах1ан элча! Тхешан зударийн х1ун хьаккъаш ду тхуна т1ехь?» Цо аьлла: «Царна х1ума яон декхарийлахь ву хьо, нагахь айхьа юуш елахь, царна т1едоха а – нагахь айхьа т1едухуш делахь. Цу т1е хьан бакъо а яц, царна юьхьа т1е тохан а, я и сийсазъян а, я х1усамера араэккхон а». (х1ара хьадис Ахьмада: 4/447, Абу Дауда: 2142, ан-Насаис: 289, Ибн Мажас: 1850 далийна, ткъа Ибн Хьиббана а: 1286, ал-Хьакима а: 2/187 бакъ хьадис ду аьлла х1ара. Х1ара хьадис дуьззина а доцуш, дийциначийн з1е а йоцуш ал-Бухарис а далийна).
884. Жабир ибн 1абдуллах1а (Аллах1 реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Жугташа олуш дара: нагахь стага (шен зудчунна) т1ехьа а х1оьттина, (бер дече) хьалха чу г1уллакх даийтинехь, цул т1аьхьа дина бер – б1аг1ара хир ду. Т1аккха, чулацам х1ара болу аят доссийра: «Шун зударий – шун кха ду. Цундела шайн кхане дуьйла, шайна ма лаъара»». (2:223). (х1ара хьадис ал-Бухарис: 4528, Муслима: 1435 далийна, ткъа хьадисан д1аяздар т1аьхьарчунниг ду).
885. Ибн 1аббаса (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачо а, шен зудчуьнца вижаран гIуллакх даита лиъча, алахь: «АллахIан цIарца! Я, АллахI! ШайтIанех генадаха Ахьа тхо! Айхьа тхуна лундолучух а генадаккха Ахьа шайтIа!» (Бисмиллах1и Аллах1умма жаннибнаш шайт1ана ва жаннибиш шайт1ана маа разакътана). - нагахь оцу леллачу юкъаметтигах, шуна бер хила доьгIна хиллехь, ткъа шайтIане цхьа а зен далур дац оцу беранна» (х1ара хьадис ал-Бухарис: 5165, Муслима: 1434 далийна).
886. Абу Х1урайрас (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага шен х1усамнене шеца (йижа) метта схьакхайкхинехь, цул т1аьхьа и цуьнца д1айижа т1ецаяхар бахьана долуш дог даьтт1а (оьг1азвахана) цо буьйса яьккхинехь, ткъа цу (зудчунна) саттасалц не1алташ боху маликаша». (х1ара хьадис ал-Бухарис: 5193, Муслима: 1436 далйинахьадисан д1аяздар ал-бухаринаг ду).
Муслиман ривайатехь боху: «Аса дуй ма буу, сайн са шен карахь долучух! Нагахь стага шен х1усамнене шеца (йижа) метта схьакхайкхинехь, нагахь и цунна улло д1а ца йижа дуьхьал яьллехь, ткъа стиглахь волу Аллах1 цунна оьг1азвахана хир ма ву, цуьнан (майра) цунна реза хиллалц йолчу юкъанна».
887. Ибн 1умара (Аллах1 реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) не1алт аьлла, (нехан) месашха (цера йоцу) месаш хуьттуш болчу а, шен месашха (кхечийн) месаш хиттар доьхуш болчу а зударшна, иштта дег1ан чкъор а дагош суьрташ дохкучу зударшна а, (шайн дег1а т1ехь) уьш лелочарна а». (х1ара хьадис ал-Бухарис: 5940, Муслима: 2124).
888. Жудама бинт Вах1ба (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Берах йолучу (зудчунна) беранна накха балар дехка ойла хиллера сан, делахь а д1аладоьг1ча румоша а, персаша а берах а болуш шайн берашна накха луш хилар а, цо беранна деш цхьа а зен цахилар а гира суна». Цул т1аьхьа цуьнга наха хаьттира, васлучу хенахь (зудчун чу а ца васлуш, орал арахьа 1анийтархьама) зудчун (бехке меттигна) чуьра (стага шен бехке меже) схьаяккха мегаш дуй те? оцу хьокъехь Аллах1ан элчано, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира: «Иза – б1аьрла доцучу бер д1адолларех тера ду». (Муслим: 1442).
889. Абу Са1ид ал-Худрис (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана стага хаьттира: «Х1ай, Аллах1ан элча! Цхьа г1арбаш ю сан, со васлучу хенахь цунна чуьра схьайоккху ас сайн бехке меже. Х1унда аьлча и берах хуьлийла лаац суна, деккъа кхечу божаршна деззарг ду суна дезарг а. Делахь а жуьгташа олуш цхьа х1ума ду-кха, вассалучу хенахь зудчунна чуьра бехке меже схьаяккхар - дийна доллуш бер д1адолларан декъах лахарниг ду». Цо аьлла: «Аьшпаш буьтту жуьгташа, х1унда аьлча нагахь Аллах1ана и бер дуьненчу долийла лаахь, цхьаьнна а кепар хьоьга сацалур долуш дац иза». (х1ара хьадис Ахьмада: 3/33, Абу Дауда: 2171, ан-Насаис: 194, ат-Т1ахьавис: 1916 далийна, ткъа хьадисан текст Абу Дауднаг ю. Хьадис дийцинарш шайха теша хьакъ бу).
890. Жабира (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина: «Аллах1ан элчан, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, заманчохь, дуссуш лаьтташ Къур1ан а долуш, (дассалучу хенашкахь зударшна чу ца дассадала) тхешан бехке меженаш зударшна чуьра схьайохура оха, ткъа и х1ума ша ца магийна х1ума хиллехьара, (цу хена дуссуш лаьттачу) Къур1ано дихкина хир ма дара тхуна». (х1ара хьадис ал-Бухарис: 9/305, Муслима: 1440 далийна).
Ткъа Муслима далийначу цхьана ривайатехь дийцина: «Цунах дерг Пайхамарна, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, д1а а хиира, ткъа цо тхуна дехка а ца дихкира иза».
891. Анас ибн Малика (Аллах1 реза хуьлда цуна) дийцина, Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен зударшца рогг1ана (стеган, шен зудчуьнца меттахь дог1у г1уллакх) доуьйтура, оцу дериггенна т1ера цкъа бен лийча а ца луьйчуш. (х1ара хьадис ал-Бухарис: 268, Муслима: 309 далийна, ткъа хьадисан текст Муслимнаг ю).

