837. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Кхо стаг веана хилла пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIусамнанойн хIусамашна герга - пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iибадат муха до хаа лиъна. Царна цо Iибадат муха до дийциначу хенахь, (оцу барамехь дина Iибадат) шайна тоьар дац-кха аьлла, и кIеззиг хеттачу цара аьлла: «Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлад цунна) мичара кхочур дара вай?! АллахIа гечдина ма дуй, ткъа, цунна яханачу хенан къиношна а, тIаьхьа тIе хин долучу къиношна а». ТIаккха царех цхьамма аьлла: «ХIинца дуьйнна ерриге буьйсанаш чекхъйовллалц ламазашкахь сема йохур ю аса». ШолгIачо аьлла: «Ткъа аса – со дийна мел ву марханаш кхобучуьра совцор дац». КхозлагIачо аьлла: «Ткъа со - зударех хера вер ву, цкъа а зуда а ца ялош». Циггахь царна тIевеъначу АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина цаьрга: «Шу дуй уьш - иштта хIара а, иза а аьлларш? АллахIах дуй ма буу аса: шуна юккъехь уггаре а чIогIа АллахIах кхоьруш верг а, шул массарел а чIогIа АллахIах озалуш верг а ма ву со! Делахь а, аса марха а кхобу, ца кхобуш хан а йогIу, ламазаш а до, дIавуьжуш хан а йогIу, зударий а балабо. Ткъа муьлхха а оцу сан новкъа (суннатна тIаьхьа) ваза цалуург - цхьа а хIума долуш ма вац соьца» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5063, Муслима: 1401 далийна).
838. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), зуда ялае олий, кест-кеста омра дора тхоьга. Сацам боллуш зуда ца ялон негат дар дехка а доьхкура цо тхуна. Цо олура: «Безаме а болу, кест-кеста бер хуьлуш а болу зударий балабе. Къематдийнахь шун дукхаллех дозалла дийр ду аса кхин болучу пайхамаршна хьалха» (ХIара хьадис Ахьмада: 3/158 далийна, ткъа ибн Хьиббана: 1228 бакъ хьадис ду аьлла хIара. Цуьнах тера, МаIкъал ибн Йасара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, хьадис далийна Абу Дауда а: 2050, ан-Насаис а: 6/65, ибн Хьиббана а: 1229).
839. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зударий диъ дика бахьанехь балош бу: цуьнан хьал-бахам а, цIе яханачу нахах хиларна а, цуьнан хазаллина а, дин лелош хиларна а. Мухха делахь а, хьайн пхьуьйшаш хьала а карчадай, зуда дин лелош ерг ялае» (хIара хьадис далийнарш бу: ал-Бухари: 5090, Муслим: 1466, Ахьмад: 2/427, Абу Дауд: 2047, ан-Насаи: 6/67, инб Мажа: 1858).
840. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зуда ялийна стаг декъалвеш олура: «АллахIа беркат дойла хьуна, хьуна тIе Шен беркат а доийтийла Цо, диканца цхьаьна а тохийла цо шуьшиъ» («БаракаллахIу лак, ва барака Iалайк, ва жамаIа байнакума фи хайр») (ХIара хьадис далийнарш бу: Ахьмад: 2/381, Абу Дауд: 2130, ат-Тирмизи: 1091, «Iамал ал-йлвм вал лайл» цIе йолучу жайнахь ан-Насаи: 259, инб Мажа: 1905. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а, ибн Хьиббана а бакъ хьадис ду аьлла хIара).
841. IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тоьшалла даран доIа Iамийра тхуна, хьашт хиллачохь деша дезаш долу. Цо боху: «Боккъалаъ, хастам цхьана АллахIна хьакъ бу, вай шена хастам беш а, гIо доьхуш а, гечдар доьхуш а волучу! Я АллахI, лардехьа тхо тхешан синойн вонах! АллахIа нийсачу новкъа нисвинарг - цхьаммо а тиларна чу вуьгур вац, ткъа АллахIа нийсачу новкъах тилийнарг - цхьаммо а нийсачу новкъа а нисвийр вац. Аса тоьшалла до - АллахI воцург кхин дела цахиларца. Юха а тоьшалла до ас - Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца» («Иннал хьамда лиллахIи, нахьмадухIу, ва настаIиинухIу, ва настагIфирухIу, ва наIузу биллахIи мин шурури анфусина. Ман йахIдихIи-ллахIу фала мудылла лахIу, ваман йудлил фала хIадийа лахIу. АшхIаду анла илахIа иллаллахIу ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу»). Цул тIаьхьа кхо аят доьшура цо» (хIара хьадис далийнарг: Ахьмад: 1/392, Абу Дауд: 2118, ат-Тирмизи: 1105, ан-Насаи: 3/194, ибн Мажа: 1892 ву. Оцу тIе ат-Тирмизс а, ал-Хакима а: 2/182 дика «хьасан» дарж долуш хьадис ду аьлла хIара).
842. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ зуда еха дагахь велахь, нагахь иза ялорна тIехьоьхуволучу (ялон бахьана хIуттун долучу) цуьнан дегIан межешашка хьожийла а делахь - ткъа и дойла цо» (ХIара хьадис Ахьмада: 3/334, Абу Дауда: 2082 далийна. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу, ткъа ал-Хьакима: 2/165 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
843. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уллохь нисвелира со, цо зуда ялийначу цхьана стаге хоттучу хенахь: ««Хьуна гинай иза?». Оцу стага жоп делира: «Ца гина». Цо элира: «ХIета, вало, гIан а гIой, хьажал цуьнга» (Муслим: 1424).
844. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен вашас (захало а хьахийна, далон лериначу) нускале захало дIа ма хьахадойла шух цхьаммо а - и зуда ялон гIерташ волу (шайн ваша оцу захалонах) юхаваллалац я цо шайна захало дIахьахо пурба даллалц» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5142, Муслима: 1421 далийна, ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
845. СахIл ибн СаIд ас-СаIидис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа цхьана зудчо, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлад цунна) волучу а еана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Хьан зуда хила, хьуна дIаяла еана-кх со». АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьаьжира цуьнга. Когашкара коьрте кхаччалц хьала а, тIаккха коьртера когашка кхаччалц охьа а бIаьрг а кхарсттйина, цул тIаьхьа корта охьабахийтина АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). И зуда, шен хьокъехь цо цхьа а сацам тIеоьцуш ца байча, яхана охьахиъна. Эццахь цхьана асхьаба, хьала а гIаьттина, аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь хьо иза ялон ойла йолуш вацахь, соьга яийтахьа иза». Цо хаьттина цуьнга: «Ткъа, хIуммаъ юй хьан (урдонна яла)?». Цо жоп делла: «ХIай, АллахIан элча! ВаллахIи, я-м яц сан цхьа а хIума». Цо аьлла: «Хьада вало, хьайн цIа а гIой, цхьа а хIума карайой хьажа хьайна». (Цо шега ма-аллара ваха а) вахана, цхьа хан яьлча вухавеаначу цо аьлла: «АллахIах дуй ма буу аса: цхьа а хIума ма ца карий суна». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Аьчкан чIуг караяй а караехьа». Юха а дIа а вахана, вухавеаначу цо аьлла: «ХIан-хIа, хIай, АллахIан элча! АллахIах чIагIо ма йо аса: хIуммаъ ма ца карий суна, я аьчкан чIург а. Цхьабакъду, хIара изар-м ю сан, цуьнан ах цунна хир ю-кха». ТIехула тIекхулларг а яцара цуьнан (оцу асхьабан). АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цо хIун дийр ду хьан изарх? ХIунда аьлча ахьа и хьайна тIейоьхча - цунна хIуммаъ юьсур яц цуьнах, нагахь цо и тIейохахь - хьан лелон хIуммаъ хир яц». ТIаккха и стаг охьахиъна. Вехха хиъна Iийначул тIаьхьа, хьала а гIаьттина, дIаваха ветталуш иза гиначу АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), схьакхайкха иза аьлла, омра дина. Асхьабаша схьакхайкхира цуьнга. Иза тIевеъначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «КъурIанчуьра хIун хаьа хьуна?». ХIара а, иза а сураташ хаьа шена аьлла, шена хууш долу сураташ дагардан вуьйлира иза. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира цуьнга: «Дагахь хууш дуй хьуна уьш?». Цо жоп делира: «Ду». ТIаккха элира цо: «ДIавало, хIета! Хьан зуда йи аса иза - хьуна дагахь хууш долучу КъурIанца» (ХIара хьадис ал-Бухарис: 5030, Муслима: 1425 далийна. Цул сов тIаьххьарачуьнан дIаяздарехь аьлла ду: «ДIавало хьайна! Хьан зуда йи аса иза. Амма цунна КъурIан Iамон дезар ду хьуна ахьа»).
Цуьнах тера хьадис Абу Дауда а далийна: «Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дагахь хIун хаьа хьуна?». Оцу стага жоп делла: ««Ал-Бакъарат» сурат а, цунна тIаьхьадогIург а». Цо аьлла: «ХьалагIатта, (хьайна хуучарех) ткъа аят Iамаде цуна» (Абу Дауд: 2112).
846. Iамир ибн IабдуллахI ибн аз-Зубайра дийцина, шен дас (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIарадаккха - зуда ялор а, маре дар а» (хIара хьадис Ахьмада: (5/4) далийна, ткъа ал-Хьакима: (2/183) бакъ хьадис ду аьлла хIара).
847. Абу Бурда ибн Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, шен дас дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зуда ялор нийса дац - нускалан верас а воцуш» (ХIара хьадис Ахьмада: 4/394, Абу Дауда: 2085, ат-Трмизис: 1101, ибн Мажас: 1881, ибн Хьиббана: 1243 далийна. Ан-Насаис дийциначарех дац хIара хьадис).
Ал-Хьасан дийцина, Iимран ибн ал-Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зудий, майрий цхьаьнакхетар нийса дац - нускулан верас а, ши теш а воцуш» (хIара хьадис ал-БайхIакъис: 7/125, ад-ДаракъутIнис: 3/225 далийна).
848. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь зуда, шен верасан пурба а доцуш, маре яханехь - цо дина маре нийса дац (доьхна маре ду). Нагахь иза яханарг цуьнца шеца валар нисделлехь - урдо шена Iаддадита дезаш ю иза, цуьнан шеца деъначу гIуллакхна. Нагахь церан барт бохахь - верас воцучу зудчуьнан верас урхалча хилар диц ма делаш» (ХIара хьадис Абу Дауда: 2083, ат-Тирмизис: 1102, ибн Мажас: 1879, Абу Iавана, шен «Муснад» жайнахь Ахьмада: 6/661, ибн Хьиббана: 1248, шен «Мустадрак» жайнахь ал-Хьакима: 2/168 далийна).
849. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цкъа маре дина хилла йолу зуда маре ялан йиш яц - цуьнах дагаваьллий бен. Оцале маре дина хилла йоцу йоI-стаг маре яла йиш а яц - цуьнгара даьккхина пурба а доцуш» (Ал-Бухари: 5136, Муслим: 1419).
850. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Маре дина хилла йолу зуда - шех долучунна шен верасчул а бакъо сов йолуш ю. ЙоI маре ялале хьалха цуьнах дагабовла беза, ткъа иза реза хиларан билгало – йист цахилар ю» (Муслим: 1421).
Оцу хьадисан кхечу ривайатехь аьлла: «Верас бакъо йолуш вац - оцале маре дина хилла йолучу зудчун хьокъехь долучунна. Ткъа байлахь кхиъна йолу йоI – цуьнгара пурба даккханза маре яла йиш яц» (хIара хьадис Абу Дауда: 2100, ан-Насаис: 6/84 далийна, ткъа ибн Хьиббана: 1241 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
851. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зудчун бакъо яц - кхин зуда маре ялан а, я ша-ша маре ялан а» (ХIара хьадис ибн Мажас: 1882, ад-ДаракъутIнис: 3/227 далийна. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу).
852. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) элира аьлла, НафиIа дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шигIар тайпа зуда ялор дихкира. Иза – цхьана стага шен йоI кхечу стаге маре ялар ду, оцу (стага) шен йоI шега маре яларна дуьхьал урдо а ца дуьллуш» (ал-Бухари: 5112-6960, Муслим: 1415. Цара аьлла, оцу гIуллакхан бух буьйцуш аьлла дешнаш НафиIан ду).
853. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, цхьана гIарбаш-йоIа дIахаийтина цуьнга - шен дас ша ца луъушехь маре елла хилар. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен лаамехь харжам бан бакъо елла цунна» (хIара хьадис Ахьмада: 2469, Абу Дауда: 2096, ибн Мажас: 1875 дийцина, ткъа тIаьххьарачо «мурсал» хьадисех ду аьлла хIара).
854. Самурас элира аьлла, ал-Хьасана дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршоьа хуьлда цунна) элира: «Нагахь шина верасо йоI шина стаге маре лахь – ткъа иза оцу шиннах дуьххьарачуьнан ларош ю зуда» (хIара хьадис Ахьмада: 5/8, Абу Дауда: 2088, ат-Тирмизис: 1110, ан-Насаис: 7/314, далийна. Цул сов ат-Тирмизис дарж дика «хьасан» долуш хьадис ду аьлла хIара).
855. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а шен элин я ша долахь волучуьнан пурба а доцуш зуда ялийна волучу лайно лелорг - къахьпалла (нахаца лелар) ду» (хIара хьадис Ахьмада: 3/301, Абу Дауда: 2078, ат-Тирмизи: 1111 далийна, ткъа тIаьххьарачо бакъ хьадис ду аьлла хIара).
856. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана хеннахь зудчуьнан а, цуьнан ден йишин а хIусамда латта йиш яц, я зудчуьнан а, цуьнан ненан йишин а» (ал-Бухари: 5109, Муслим: 1408).
857. Iусмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ихьрамехь волу хьаьжо - зуда ялон йиш йолуш вац, я зуда маре яхийтаран гIуллакх лелон йиш йолуш а вац, я зуда еха бакъо йолуш а вац» (Муслим: 1409).
Ибн Хьиббанан ривайатехь цунна тIетоьхна: «… я цуьнга зуда еха а ца еза цхьаммо» (ибн Хьиббан: 1274).
858. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ихьрам дихкина а волуш, Маймуна ялийра» (ал-Бухари: 1837, Муслим: 1410).
Муслима далийначу кхечу ривайатехь Хьарисан йоIа Маймуна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ихьрамехь воцуш ялийра со» (Муслим: 1411).
859. Iукъба ибн Iамира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре а лардан хьакъ долу лардарш – аша шайн зударшца (меттахь догIу) гIуллакх дар царех дазийна хилла долу бехкамаш ду» (Ал-Бухари: 2721, Муслим: 1418).
860. Салама ибн ал-АкваIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АвтIасехь тIом хиллачу шарахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхаа дийнахь цхьана ханна зуда ялор магийра, ткъа цул тIаьхьа дихкира цо и» (Муслим: 1405).
861. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хайбарахь тIом хиллачу шарахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана ханна зуда ялор дихкира» (ал-Бухари: 5115, Муслим: 1407).
862. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хайбарахь тIом хиллачу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - цхьана ханна зуда ялор а, цIера виран жижиг даар а» (хIара хьадис далийна ал-Бухарис: 4216, Муслима: 1407, ат-Тирмизис: 1794, ан-Насаис: 6/126, ибн Мажас: 1961).
863. РабиI ибн Сабурас дийцина, шен дас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аса магийна дара шуна - цхьана ханна зуда ялор. Ва амма хIинца дуьйнна дIа къематде даллалц АллахIа, хьарам а дина, дихкина шуна иза. Нагахь шух цхьаъ хIинццалц, цхьана ханна зуда а ялийна, Iаш велахь - и шен зуда мукъа а юьтийла цо, ша цунна деллачух хIуммаъ юханехьа схьа а ма оьцийла цо» (хIара хьадис дийцина Муслима: 1406, Ахьмада: 2/404, Абу Дауда: 2072, ан-Насаис: 3367, ибн Мажас: 1962, ибн Хьиббана: 4146).
864. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера кинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт аьлла - хьалха хиллачу майрачунна (цо йитина йолу) зуда (юханехьа цунна) магочунна а, шена и гIуллакх деш волучу (оцу зудчуьнан хьалха иза йитина хилла волучу майрачунна а)» (ХIара хьадис далийна Ахьмада: 1/448, ан-Насаис: 6/149, ат-Тирмизис: 1120. ТIаьххьарачо хIара бакъ хьадис ду аьлла а ду. Цуьнах терра хьадис, Iали ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, далийна Абу Дауда: 2076, ат-Тирмизис: 1119, ибн Мажас: 1935).
865. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьла: «Нахаца леларна (зина дарна) шена гIожмаш йиттина волу стаг - шех терра зуда а бен ялон йиш йолуш вац» (хIара хьадис далийна Ахьмада: 2/324, Абу Дауда: 2052, ткъа хьадис дийцинарш теша хьакъ бу).
866. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана асхьаба шен зуда кхузза йитинера. Цул тIаьхьа (цо йитина и зуда) кхечу стаге маре яхара. Цо а йитира иза, цуьнца шеца а валале. Цул тIаьхьа цуьнан дуьххьара хиллачу майрачунна юха а шена ялон лиира иза. Цуьнах дерг цо АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттиначу хенахь, цо элира: «ХIан-хIа, мегаш дац иза - кхечу стагана меттахь догIучу гIуллакхехь цуьнгара там хиллалц, дуьххьара хиллачу цуьнан майрачунна ма-хиллара» (ХIара хьадис далийна ал-Бухарис а: 5261, Муслима а: 1433. Хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду).

