798. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Iумарна (АллахI реза хуьлда цунна) Хайбарахь латтанаш кхаьчнера. Цул тIаьхьа, оцу хьокъехь дагавала пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) волучу а веана, цо элира: «ХIай, АллахIан элча! Хайбарахь латтанаш кхаьчна суна, цул а мехала хьал-бахам со да волуш цкъа а хилла а боцу». Цо аьлла: «Нагахь хьайна лаахь - и латтанаш вакъф дан йиш ю хьан, оцу тIера даьлла ялта сагIина а хьежош». ТIаккха Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) сагIина дIаделира (и латтанаш), весет а дира цо: «Уьш дохка йиш йолуш а дац, ирсана кхача йиш йолуш а дац, совгIатна дала йиш йолуш а дац. Цигара схьадолу ялта декъа дезаш ду оьшучарна а, гергарачарна а, иштта лайш маьрша баха а, АллахIан новкъахь дечу гIазот-гIуллакхашна а, карахь дерг хаьддачу некъахочунна а, хьеша-дена кхача хIотто а. И ялташ лелон тIехIоттийначух дерг аьлча, ткъа цуьнан а ю цигара даьллачу ялтанах кхета (даа) бакъо - амма кхетамечу бараман дозанаш а ца талхош, шен доттагIчунна хIума яо а. Амма цуьнан бакъо яц: цигара долуш долу ялта шена дIа а дуьллуш, цуьнах шена бахам бан» (ХIара хьадис далийнарш: ал-Бухари: 2764, 2772, Муслим: 1632. Ткъа схьабалийна болу хьадисан могIа Муслимниг бу).
Ал-Бухарин ривайатехь дийцина: «Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) весет дира: и латташ я дохка йиш йолуш а дац, я совгIатна дала йиш йолуш а дац, ткъа цигара даьлла ялтанаш – сагIина дIасадекъа дезаш ду».
799. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) закат схьагулдан Iумар вахийтира. Иза вухавирзича, наха дийцира: ибн Жамила а, Халид ибн ал-Валида а, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлад цунна) ден вашас Iаббаса а закат дIацаделла бохуш. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Ибн Жамилера-м бехк баккха а дера богIура, хIунда аьлча дукха хан йоццуш ма вара иза къехо, ткъа хIинца АллахIа бахам белла цунна. Ткъа Халидах дерг аьлча, харцо еш дохку шу цунна, хIунда аьлча цо шен гIагIнаш а, тIеман гIирсаш а Сийлахь-Везачу АллахIан новкъахь дечу тIемашна (вакъф а дина) дIа ма делла. Ткъа ал-Iаббасах дерг аьлча, цо цхьана шеран закат хьалххе дIаделла дара»» (хIара хьадис далийнарш: ал-Бухари: 1468, Муслим: 983).

