748.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стаг шен лулахочуна
новкъарло ян йиш йолуш вац, шен пена тIе хен (тIай) ца тосийтуш». Цул тIаьхьа
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Ткъа стенна го суна шу оцу
тIедилларна пен бетташ? АллахIах чIагIо ма йо аса: гуттар а шуна дагадоуьйтуш
хир ма ву со оцу хьокъехь дерг (я шун белшашна тIе туьйсур ма ю аса уьш)» (ал-Бухари:
2463, Муслим: 1609).
749.
Абу Хьумайд ас-СаIидис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) элира аьлла: «Стаг бакъо йолуш вац - цуьнан лаам а боцуш, шен вешин Iаса
схьаэца а» (ХIара хьадис далийна шен «Сахьихь» жайнахь ибн Хьиббана а:
7/587, шен «Мустадрак» жайнахь ал-Хьакима а: 3/637).

