728.
Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) Iаьржа бос эццалц кемсаш йохкар (ца магийра). Иштта
буьртиг болу ялта дохкар а ца магийра - буьртиг чIагIбаллалц» (ХIара хьадис
далийнарш Ахьмад: 3/221, Абу Дауд: 3371, ат-Тирмизи: 1228, ибн Мажа: 2217. Ткъа
ибн Хьиббана а: 4972, ал-Хьакима а: 2/19 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
729. Жабир
ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цьунан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь
ахьа хьайн вешина стом боьхкинехь, цул тIаьхьа Iаламан бохамаш бахьанехь иза
телхинехь, - цуьнгара цхьа а хIума схьаэца бакъо яц хьан. Муха оьцу ахьа
харцонца хьайн вешин бахам схьа?» (Муслим: 1554).
Оццу хьадисан кхечу
ривайатехь дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
омра дира: Iаламан бохамаша дина зенаш меттахIиттаде аьлла».
730.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага дургал
эдиначул тIаьхьа хурмин дитт доьхкинехь - оцу тIера стом иза доьхкиначуьнан бу,
нагахь иза эцначо ша оьцучу юккъехь (дургал эдинарг цхьана механа юкъабогIуш бу
аьлла) билгалдаьккхина ца хиллехь» (ал-Бухари: 2379, Муслим: 1543.

