• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Рибах дерг дуьйцу дакъа

Опубликовано: 21 сентября 2011

710. Iубада ибн Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дешех деши хийца, иштта детех дети а, кIех кIа а, мекхах мукх а, хурманех хурманаш а, туьханах туьха а. Ерриге а и (хIуманаш вовшех хуьйцуш елахь, терзанахь) цхьатерра нисйина хила а еза. Дуьхь-дуьхьал лучу шина хIуманан) дукхалла а ю цхьатерра хила езаш, (мах бан цхьаьнакхеттачара вовшах къастале) карара-кара дIалуш хила а еза. Нагахь (вовшашца аша хуьйцуш йолу) шун хIуманаш тайп-тайпана елахь-м - шайна ма-лаъара хийца, иза а карара-кара дIалуш хилчахьана». (Муслим: 1587).

711. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дешех деши хийца, амма цхьатерра оьзна а, барам цхьатерра нисбина а долуш. Детех дети а хийца, амма цхьатерра оьзна а, барамехь цхьатерра нисдина а долуш. Нагахь цхьамма тIетохахь, я тIетохар дехахь - ткъа иза риба хир ю» (Муслим: 1588).

712. Абу СаIид ал-Худрис а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен асхьабех цхьаъ Хайбарахь шен сардал хIоттийнера. Мухха а цкъа тоьллачу тайпанах йолу якъийна хурманаш а йохьуш, иза волучу веанера иза. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира цуьнга: «Хайбарара ерриге хурманаш а юй, ткъа, хIокху кепара дика?». Цо жоп делира: «Яц, хIай, АллахIан элча! АллахIах чIагIо ма йо аса: оха хIокху хурманех цхьа сахь кхечу тайпанан хурманех цхьана я шина саьхьан хурмашна дуьхьал хийца ма хуьйцу». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Ма делаш оцу тайпана хIума! Кхечу тайпанан хурманаш дирхIамех дIа а йохкий, ткъа цул тIаьхьа оцу дирхIамех эца кхин а тоьллачу тайпанан хурманаш». Оцул тIаьхьа элира цо: «Изза дан догIу терзанахь оьзна юхкуш йолучу массо хIуманийн хьокъехь а»» (ал-Бухари: 4/399, Муслим: 1593).

713. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - барам мел бу ца хуучу якъийначу хурманийн оьла барам билгалбина йолучу якъийначу хурманашна дуьхьал хийцар» (Муслим: 1530).

714. МаIмар ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Кхачанан цхьатерра сурсаташ хийца магош ду шуна, амма дукхалла цхьатерра нисйина хила еза». Ткъа оцу хенахь тхан кхача - мекхах бара»» (Муслим: 1592).

715. Фадала ибн Iубайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хайбар йоккхуш тIом хиллачу дийнахь, шийтта дирхIам мах а белла, деза (мехала) тIулгаш долу туьтеш (логан хIоз) эцнера аса. Ткъа аса уьш (туьтеш), ша-ша а даьхна, церан мах хадийначу хенахь, церан мах шийтта динарал а дукхаха хилар гучуделира суна. Аса цуьнах дерг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) довзийтиначу хенахь, цо элира: «Ша-ша а даьхна, мах мел бу хаъалц дохка мегар дац уьш» (Муслим: 1591).

716. Самура ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - цхьа дийнат кхечу дийнатах тIедиллина хийцар (дохкар)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 5/12, Абу Дауд: 3356, ат-Тирмизи: 1237, ан-Насаи: 7/292, ибн Мажа: 2270. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн ал-Жаруда а: 611 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

717. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) олуш хезна суна: «Нагахь шу тIедиллина хIума йохка а юхкий, цул тIаьхьа, лахара мах а луш, (и хIума) цуьнгара схьаоьцу мехаш лелон а дуьйлахь, хьелийн цIогарчий а лаьцна лела а дуьйлахь, латта лелорах тоам бина а хьийзахь, АллахIан новкъахь тIом бар а дитахь - АллахIа шуна тIе сийсазло тосур ма ю, шайн дине шу юхадерззалц шу цуьнах хьалха а дохур ма дац» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 3462, НафиIа дийцина аьлла. Амма цо дийциначу хьадисан зIенехь гIийлалла ю. Цуьнах тера ибн Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) хьадис Ахьмада а далийна: 4825, IатIаъ ибн Абу Муслима дийцина аьлла. Ткъа и хьадис дийцинарш теша хьакъ бу. Оцу тIе ибн КъаттIана бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

718. Абу Умама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага, ша шен вешехьа гIо даьккхича, вукхо, баркаллина аьлла, шена дина совгIат схьаэцнехь - рибан Iаламат йоккхачу неIарех чоьхьаваьлла иза» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад, Абу Дауд. Делахь а, и хьадис дийциначеран зIенехь эшам бу).

719. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт аьлла кхаъ лучунна а, кхаьънаш ийдечунна а» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 3580, ат-Тирмизи: 1337. ТIаьххьарачо бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

720. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), эскар кечде аьлла, омар динера соьга. ДIаладоьгIча, эмкалш тIецатоьуш яра. ТIаккха цо омра дира: тIедиллина эмкалш эца еза аьлла, царна дуьхьал закатна тесна схьаялон езаш йолу къона эмкалш лур йолучу бехкамца. Ткъа аса хIора эмкал, закатна еллачу эмкалех шишша эмкал дуьхьал а лур йолуш, тIедиллина схьаийцира» (ХIара хьадис далийнарш ал-Хьаким: 2/56, ал-БайхIакъи: 5/287. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу).

721. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) барам билгалбина йолучу якъийначу хурманашна дуьхьал бешара хIинца а чуерзонза йолу хурманаш хийцар дихкира, иштта чуерзонза кемсаш а – барам билгалбиначу кишмашна дуьхьал, иштта чудерзонза буьртиг-ялта а – барам къастийначу буьртиг-ялтина дуьхьал. Царех тера мел долу мехаш дар а дихкира цо» (ал-Бухари: 2205, Муслим: 1542).

722. СаIд ибн Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хоьттуш хезна ву со: «Керла хурманаш якъийначу хурманех хийца мегий-те?». Ткъа цо хаьттира: «Керла хурманаш якъаелча, хебаршка а йоьлхий, (оьший)?». Наха жоп делира: «Дера йоьлху (оьшу)». ТIаккха ца магийра цо и тайпана хIума дар» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1/175, Абу Дауд: 3359, ат-Тирмизи: 1225, ан-Насаи: 7/268, ибн Мажа: 2264. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн ал-Мадинис а, ибн Хьиббана а: 4982, ал-Хьакима а: 2/38 бакъ хьадис ду а аьлла хIара). 

723. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьатеттина декхарш керлачу декхарех дохкар дихкира» (хIара хьадис далийнарш Исхьакъ, ал-Баззар, амма хьадис дийциначеран зIе гIийла ю).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft