• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Ихьрам а, цхьацца цуьнах доьзнарг а

Опубликовано: 15 октября 2011

609. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: ихьрамах, (я хьаж) дихкиначул тIаьхьа тIедоха мегаш долучу духарах лаьцна. Жоп луш элира цо: «(Хьаж дихкиначо) тIейоха мегаш дац я коч, я чалба, я хечеш, я башлакх йолу палаш, я берриге когаш дIахьулбеш йолу маьхьсеш (мачаш). Нагахь хьажочунна когайоха тударгаш (сандалаш) цакараяхь - тIаьрсиган (неIаран) маьхьсеш юхийла цо кога, хьалххе хьакхолгашал а лахара хада а йина. Иштта тIемадухийла аша шапранца я можачу диттаца басардина цхьана а тайпана духар а» (ХIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 1542, Муслим: 1177. Ткъа хIокху хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).

610. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаза хьожа йогIург хьокхура аса - цо ихьрам дехкале хьалха а, цо ихьрам даьстиначул тIаьхьа а, хьажцIенна гонаха тIаваф дан дагахь волуш а» (ал-Бухари: 1539, Муслим: 1189).

611. Iусман ибн Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ихьрамехь волу хьажо бакъо йолуш вац - я шена махбан а, я кхечуна махбан а, я зуда еха а» (Муслим: 1409).

612. Абу Къатада ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), хьаж (ихьрам) дихкина а воцуш, акха вир лацаран хьокъехь долучу дийцарехь дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ихьрам (хьаж) дихкина болучу шен асхьабашка хаьттира: «Шух цхьаммо а омра динерий цуьнга - (варрийн) гIеранна тIелата аьлла, я цхьана а кепара къедораш а (динерий аша)?». Цара жоп делира: «ХIан-хIа». Цо элира: «ХIета, диссина жижиг дIадаа аша»» (ал-Бухари: 1824, Муслим: 1196).

613. Ас-СаIб ибн Жассам ал-Лайсис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина. Цкъа деана АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) акхачу виран жижиг деллера цо. Оцу хенахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ал-Абваэхь я Вадданехь вара, ткъа цо и жижиг схьацаоьцуш юхаделира. Жижиг схьацаэцаран бахьанехь асхьабан юьхьа тIехь халахетар а хааделла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Дера, бакъдолуш, оха юха-м лур дацара хьуна и, тхаьш хьаж (ихьрам) дихкина ца хиллехьара» (ал-Бухари: 1825, Муслим: 1193).

614. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Дийнаташна юкъахь пхеа тайпана хIума ю, царех хIора а зене (бохаме) йолуш. Мухха делахь а, ен мегаш ю (и пхи хIума) - хуьлда уьш дезачу лаьттана тIехь а, иштта цунна арахьа а. Ткъа уьш ю – сту лоцу гезг, мохмуьйлург (маккхал), къиг, дахка, хьерадаьлла жIала» (ал-Бухари: 1829, Муслим: 1198).

615. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ихьрамехь а волуш (хьаж дихкина а волуш) цIий даьккхира» (ал-Бухари: 1835, Муслим: 1202).

616. КаIб ибн Iужрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевигинера со, сан юьхьа тIехула охьаоьхуш мезий а долуш. Ткъа (и сурт гиначу) цо элира: «Суна-м, дера, ца хаьара оцу жуккарша хьо оцу кепара хьийзош вуйла. УьстагI хила агIо буй хьан?». Аса жоп делира: «ХIан-хIа». Цо элира: «ХIета, кхаа дийнахь марханаш кхаба я ялх мисканна хIума яае, хIора мисканна ах сахь а кхачош»» (ал-Бухари: 1816, Муслим: 1201).

617. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Макка яьккхиначул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахана хьалха дIа а хIоьттина, АллахIна хастам а бина, АллахI ваз а вина, цул тIаьхьа элира: «Боккъалаъ, АллахIа Макки чу ца дуьтуш пийл сацийна, амма Шен элчанна а, муъма нахана а оцу гIалина тIехь толам баккха аьтту бина Цо. Сол хьалха хиллачу цхьанненна а Маккахь тIом бан магийна хилла дац, ткъа суна цхьанна магийна оцу чохь тIом бан цхьана дийначохь цхьана сохьтехь. ХIинца дуьйнна дIа цхьанненна а магийна хир долуш а дац и. Кхузара экха (талларца) хьедан мегаш дац, кхузара къохцалгаш кегдан мегаш дац, кхузахь карийна хIума, и карийна хилар дIакхайкхорна а бен, схьаэца мегаш дац. Нагахь кхузахь хьеннан а цхьаьннан гергараниг вийнехь - шайн стаг вийначеран шиннах шайна луъург цхьа сацам тIеэца йиш ю». Оцу хенахь ал-Iаббаса элира: «ХIай, АллахIан элча! Оцу бехкамна юккъера хаза хьожа йогIу эрз дIабакхахьа, вай кешнаш дечу хенахь а, цIенош дугIучу хенахь а лелош болу». Цо тIетуьйхира: «Хаза хьожа йогIу эрз боцург» (ал-Бухари: 3433, Муслим: 1355).

618. IабдуллахI ибн Зайд ибн Iасима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ИбрахIима дIакхайкхийна Макка - йихкина хилар, цигарчу бахархошна доIа а дина цо. Ткъа аса дIакхайкхадо Медна - йихкина хилар, доIа а до аса: хIокху гIалара хIора мудд а, хIора сахь а ИбрахIима Маккарчу бахархошна доIанехь дехначул шозза сов (беркате даккхар доьхуш)» (ал-Бухари: 2129, Муслим: 1360).

619. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Меднара дихкина латтанаш - Iайр (ломанна тIера) Савр (ломанна тIекхачалц) юккъехь дерш ду» (ал-Бухари: 6755, Муслим: 1370).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft