• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

ДогIа доьху ламаз

Опубликовано: 30 декабря 2011

Иштта дийцина, IабдуллахI ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Оцу дийнахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, къилбехьа а вирзина, АллахIе доIа деш. Цул тIаьхьа ши ракаIат ламаз дира цо. Оцу шина ракаIатехь КъурIан хозуьйтуш а дийшира цо» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1012, Муслим: 894).

Абу ЖаIпар ал-Бакъира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, ад-ДаракъутIнис далийначу хьадисехь аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шена тIера палаш тIекIелъяьккхира – йокъа-йокъанерачу догIане хийцаялийтар лоьхуш» (хIара хьадис «мурсал» ду).

417. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана пIерасканан дийнахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахана хьалха дIа а хIоьттина хутIба деш а волуш, цхьа стаг маьждигна чу велира. Вахана АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юьхьа-дуьхьал дIа а хIоьттина, элира цо: «ХIай, АллахIан элча! Бахамаш а хIаллакьхилла тхан, ваха-ван а цатарлуш, доьхна дIахIиттина некъаш а ду! ДоIа дехьа АллахIе - вай кIелхьара дохуш догIа даийтар доьхуш». Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен куьйгаш доIанна хьала а лаьцна, элира: «Я, АллахI! ДогIа даийтахьа тхуна! Я, АллахI! ДогIа даийтахьа тхуна! Я, АллахI! ДогIа даийтахьа тхуна!» («АллахIумма агIысна! АллахIумма агIысна! АллахIумма агIысна!»). «ВаллахIи» аьлла, АллахIах чIагIо ма йо аса: оцу хенахь стигалахь тхуна гуш я марханаш а ма яцара, я цхьана тайпана кхолар а ма яцара. Оцу тIе, тхуний, СалI ломанний юккъехь цхьана тайпана я цIенош а, я кхин гIишлош а ма яцара. ЦIеххьашха оцу ломанна тIехьара цхьа марха схьагучуелира, кхалкханчух тера кеп а йолуш. Ткъа иза, яхана стигална юккъе дIа а хоьттина, яьржжина дIаса а яхана, тIаккха догIа делхийра цо. «ВаллахIи» аьлла, АллахIах чIагIо ма йо аса: оцул тIаьхьа нийсса ялх дийнахь малх ма ца гира тхуна! Цул тIаьхьа рогIерачу пIерасканан дийнахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дIахоьттина хутIба деш а волуш, цхьана стага, юха а оццу неIарехула маьждигна чу а веана, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьххьал дIа а хIоьттина, элира: «ХIай, АллахIан элча! Хьал-бахам хIаллакьхилла тхан, дIасаваха таро йоцуш некъаш а хедда тхан! АллахIе доIа дехьа, догIа сацаде алий!». Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), юха а шен куьйгаш хьала а лаьцна, элира: «Я, АллахI! Тхуна гондIашхула даийта Ахьа, тхуна тIе а ца доуьйтуш! Я, АллахI! ДогIа – баьрзашна а, гунашна а, хершашна чу а, боьранашка а, дитташ тIедовлучу а даийта Ахьа». Цул тIаьхьа догIа дIа а сецира. Ткъа тхо, ара а девлла, хьаьжна малх а болуш, дIасадахара». ХIара хьадис дийциначарех волучу Шарика Анасе хаьттира: «Дуьххьара веана стаг варий и шолгIа веънарг а?». Анаса жоп делира: «Ца хаьа суна» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1014, Муслим: 897). 

418. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Йокъа хIоьттиначу хенахь Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) Iаббас ибн Iабд ал-МуттIалибехула догIа доьхура. Цо олура: «Я, АллахI! Хьалха, тхайна догIа даийта олий, тхайн пайхамарехула (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доьхура оха Хьоьга. Ткъа Ахьа догIа а доуьйтура тхуна. Ткъа хIинца оха доьху хьоьга цуьнан ден вешехула (цуьнан ден вешин доIанехула): догIа лохьа тхуна! Цул тIаьхьа догIа долалора» (ал-Бухари).

419. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа тхо АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна а долуш, догIа доладелира. Ткъа цо шен дегIан цхьайолу меженаш гучуехира, царна тIе догIанан тIадамаш эгийтархьамма. Эццахь элира цо: «Дукха хан йоццуш шайн Дална юххехь хилла ду уьш»» (Муслим: 898).

420. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна), догIа долалуш гича, олура: «Я, АллахI! Дуккха а, пайдехь а де Ахьа тхуна хIара догIа!» («АллахIумма саййибан нафиIан») (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари, Муслим).

421. СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) догIа доьхуш доIа дечу хенахь элира аьлла: «Я, АллахI! Дуькъа, къекъа догIа дутту, ткъес детташ йолу марханаш лаца Ахьа тхуна тIехула массанхьа а. ХIай, Сийлаллин, Дикалин да! Чехка догIа даийта Ахьа тхуна - серса догIа, кхевссина догIа» («АллахIумма жаллилна сахьабан касифан къасифан далукъан дахьукан! ТумтIырна минхIу зузазан къитIкъитIан сажлан я зал жалали вал икрам!») (хIара хьадис шен «ас-Сахьихь» гуларахь Абу Iавана далийна). 

422. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мухха а цкъа АллахIе догIа деха араваьллачу Сулайманна (АллахIера салам а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа зингат гина, букъана тIе дIа а дижина, леккха хьалаайдина когаш а долуш, Деле доьхуш: «Я, АллахI! Ахьа кхоьллиначу хьан кхолламех кхолламаш ду-кха тхо. Хьан хи доцуш данне а хене довла агIо болуш а дац-кха тхо». Циггахь Сулаймана (АллахIера салам а, маршалла а хуьлда цунна) нахе аьлла: «Юхадерза шайна, хIунда аьлча догIа доуьйтур долуш ду шуна кхечара дина доIа бахьанехь»» (ХIара хьадис далийнарг Ахьмад. Ткъа ал-Хьакима: 4731 бакъ хьадис ду аьлла).

423. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) догIа доьхуш доIа дечу хенахь шен куьйгийн баккъаш стигланехьа дерзийна дара» (Муслим: 896).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft