• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Хих дерг дуьйцу дакъа

Опубликовано: 06 мая 2012

4. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ГIира акхарой а, иштта кхин йолу дийнаташ а тIе гуллуш долу гIум-аренгара хи лелон мегаш дуй?». Цо жоп делира: «Нагахь хи ши къулла (кIудал) юззал далахь - иза бехдалуш дац».

Кхечу ривайатехь аьлла: «… - иза цIена ду» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 63, ат-Тирмизи: 67, ан-Насаи: 52, ин Мажа: 517. Ибн Хузайма а: 1/49, ибн Хьиббана а: 4/57, ал-Хьакима а: 1/224 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

5. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Лийчар тIедоьжна а долуш, лаьтташ долучу хи чохь лийча ма луьйчийла шух цхьа а » (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 282, 283).

Ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «Шуна дихкина ду - лелаш а доцуш, цхьана меттехь лаьтташ долучу хичу хьаткъа телар а, цул тIаьхьа оцу чохь лийчар а» (хIара далийнарг ал-Бухари ву: 239). 

Абу Даудан ривайатехь аьлла: «Шуна дихкина ду - лаьтташ долучу хичу хьаткъа телар а, парз-лийчар тIера даккха оцу чохь лийчар а» (хIара далийнарг Абу Дауд ву: 70). 

6. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех цхьамма дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зудчунна дихкира - стаг (лийчиначул) тIаьхьа бухадиссиначу хица лийчар, иштта стагана а – зуда (лийчиначул) тIаьхьа бухадиссиначу хица лийчар.  Шиммо а шен-шен канахь схьаэца хи аьлла, омра дира цо» (хIара хьадис, цIена зIе а ялош, Абу Дауда а: 81, ан-Насаис а: 238 далийна). 

7. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Маймуна (лийчиначул) тIаьхьа бухадиссиначу хица луьйчура» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 323). 

Абу Даудан а, ат-Тирмизин а, ан-Насаин а, ибн Мажан а ривайатехь далийна: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зударех цхьаъ теса чохь лийчира. Эццахь Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чуваьлла, оцу тесарчу хица лийча дагахь. ТIаккха цуьнан зудчо аьлла: «(ТIедоьжна) парз-лийчар тIера доккхуш яра хьуна со». Ткъа цо жоп делла: «Хина тIе дожац лийчар»» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 68, ат-Тирмизи: 64, ан-Насаи: 325, ибн Мажа: 370. ХIара бакъ хьадис ду аьлла ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 1/57).

8. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖIаьло чу мотт хьаькхна шун-пхьегIа ворхIазза йила деза, ткъа царех хьалхараниг – лаьттаца а» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 279).

Цуьнан кхечу ривайатехь аьлла: «Нагахь жIаьло шун-пхьегIанна чу мотт хьаькхнехь - иза дIаIано а деза, тIаккха ворхIазза дила а деза иза (ворхIазза хих даккха а деза иза)». 

Ат-Тирмизин ривайатехь аьлла: «…царех я хьалхараниг, я тIаьххьараниг – лаьттаца а» (Ат-Тирмизи: 91). 

9. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цицигийн хьокъехь элира: «Нажжаз дац уьш. Ма-дарра аьлча, шун (гIуллакхашка) хьийзачарех ду уьш» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 75, ат-Тирмизи: 92, ан-Насаи: 68, ибн Маджа: 367. Цул сов ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 1/55 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

10. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:  «Цкъа цхьа акха Iаьрбо, ван а веана, маьждиган кIажахь хьаткъа тела хIоьттира. Ткъа нах маьхьаршца иза эккхон дагахь тIегIоьртира. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), уьш совца а бина, ткъи и акха Iаьрбо хьаткъа телла ваьлча, омра дира: цигга тIе цхьа чийлик хи дотта аьлла (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 219, Муслим: 285).

11. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вайна хьанал дина шина тайпана делла дийнаташ а, шина тайпана цIий а. Делла дийнаташ - цIоз а, чIара а ду, ткъа ши цIий - доIах а, Iонжар а ду» (хIара гIийла хьадис далийнарш Ахьмад: 5690, ибн Мажа: 3220). 

12. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь аша молуш йолучу (муьлххачу хIуманна) чу моза боьжнехь - оцу чохь иза берриге а оцу буха а таIабай, цул тIаьхьа аратаса иза, хIунда аьлча цуьнан цхьана тIомехь – лазар ду, ткъа вукхуьнгахь – дарба ду» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5782, Абу Дауд: 3844).

Абу Даудан ривайатехь оцу тIе аьлла: «…ткъа моза шен лазар долучу тIомаца (дарба долу тIам ларбан гIерташ) ларлуш хуьлу». 

13. Абу Вакъид ал-Лайсис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийна а долуш, дийнатан дегIана тIера схьахадийна (схьадаьккхина) дакъа – елла хIума ларош ю» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 2858, ат-Тирмизи: 1480. Ткъа тIаьххьарачо дика хьадис ду а аьлла хIара. Хьадисан дIаяздар а ду цуьнниг). 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft