378. Абу Бакаран йоIа Асмаа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу хенахь, говрана урс а хьаькхна, йиира оха иза» (ал-Бухари: 5510-5511, Муслим: 1942).
Кхечу хьадисехь аьлла: «Тхо Меднахь долуш».
379. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIерачу варрийн жижиг даар дихкира, ткъа говран жижиг даа магийра цо». (ал-Бухари: 5520, Муслим: 1941).
380. Ша цхьана Муслима далийначу ривайатехь (хьадисехь) аьлла: «Хайбар (йоккхучу) хенахь говран жижиг а, акхачу виран жижиг а диира оха. Ткъа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIерачу варрийн жижиг даар дихкира».
381. IабдуллахI ибн Абу Авфас (АллахI реза хьулда цунна) дийцина: «Хайбар йоккхучу буьйсанашкахь чIогIа мацалла хьаьгнера оха. Ткъа Хайбар дийнахь тхан кара цIера варраш яьхкира. ХIетахь оха царна арсаш хьаькхира. Уьш чохь яйнаш кхехка доьллачу хенахь АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) кхайкхамхочо кхайкхкам бира: яйнаш бертал тоха (дIаIанаде) аьлла. ХIокху кепара (оцунна тIе) элирий-те бохуш а ву со: варрийн жижигах хIумма а ма кхалла». (ал-Бухари: 5528, Муслим: 1936).
382. Абу СаIлабас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АлахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIерачу варрийн жижиг даа хьарам дира».
383. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Со а, Халид бин ал-Валид а АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна Маймунан хIусаме дахара. Ткъа беана кхаьрзина моьлкъа хIоттийра (тхуна) хьалха. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен куьг цунна тIедаьхьира. Циггахь Маймунан хIусамехь хиллачу зударех цхьамма элира: «Хаийта АллахIан элчаннна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шаьш цунна хьалха хIоттийнарг хIун ю». Ткъа аса элира: «Моьлкъа бу хьуна и, хIай, АллахIан элча. Бууш вуй хьо и?!». ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юхадаьккхира ша тIекховдийна хилла шен куьг, бат а ца туьйхира цо цуьнах. (Халид ибн ал-Валида) хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча, хьарам ду, ткъа, моьлкъанан (жижиг даар)?». (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIан-хIа. Делахь а, сан къоман лаьттана тIехь лелаш хIума дац (уьш даар), ткъа сан даго тIе ца оьцу и». Халида элира: «Ткъа аса, Iовша а Iовшуш, биира иза. ХIетахь дерриге а и гуш АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вара, ткъа (суна) дехка а ца дихкира цо»» (ал-Бухари: 5537, Муслим: 1945).
384. IабдуллахI ибн Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна ворхI гIазот дина оха, оцу муьрехь цIоз а дууш» (ал-Бухари: 5495, Муслим: 1952).
385. ЗахIдам бин Мударриб ал-Жармис дийцира: «Цкъа тхо Абу Муса ал-АшIари волучохь долуш, «Схьадал шун» аьлла, шун схьадийхира цо. Оцу (шуьнахь) котаман жижиг дара. ХIетахь Бану ТаймиллахI некъех волу цхьа стаг чу велира, цIен а волуш, (гарехь) лоллех мукъабаьхначарех тера а волуш. Цо элира цуьнга: «Схьавола, схьатIехила!». Ткъа важа, тIе ца хуьлуш, сецира. Юха а элира цо цуьнга: «Схьавола, схьатIехила, хIунда аьлча, боккъалаъ, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юуш гина суна (котам)»» (ал-Бухари: 5518, Муслим: 9/1649).
386. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух цхьамма хIума йиънехь - шен куьг дIамахьокхийла (дила ма дуьлийла) цо ша цунна тIе мотт хьаккхалц я кхечуьнга хьакхийтталц» (ал-Бухари: 5456, Муслим: 130/2031).

