• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: дуйнаш даар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 26 июля 2012

359. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршала а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа шуна дихкина шайн дайх дуйнаш даар».

360. Муслиман ривайатехь (хьадисехь) аьлла: «Дуй баа лериначо - АллахIах боийла, я вист ма хуьлийла иза».

Кхечу ривайатехь дийцина, Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах дуй ма буу аса: я сайн са а кхеташ, я кхечо иштта дуй биира аьлла дуьйцуш а, оцу кепара дуй биина ма вац со, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) и доьхкуш хезначу хенера дуьйна». (Бухари: 6642-6647, Муслим: 1646).

361. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа) АллахIан Пайхамара Даудан кIанта Сулаймана (АллахIера маршо хуьлда цаьршинна) аьлла хиллера: «Билггал, тховса (сайн) езткъай итт зуда йолучехула чекхвер ма ву со, ткъа царех хIораммо а цхьацца кIант а вийр ма ву сунна – АллахIан новкъахь тIемаш ден волу». Цуьнца цхьаьна хиллачу (стага я малека) аьлла цуьнга: «Нагахь АллахIна лаахь алий тIетохахь». Амма (Сулаймана, вицвалар бахьанехь, хIумма а) ца аьлла. Цул тIаьхьа царех хIора а йолучехула чекхваьлла иза, амма цуьнан зударех цхьаммо а доьзалхо ца вина, цхьа зуда йоцучо, ткъа цо а ах бер дина. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цо аьллехьара: «АллахIна лаахь» - цхьаъ делахь, йина хилла чIагIо а юхур яцара цуьнан; шиъ делахь, хила лиънарг кхочуш а хир дара цуьнан» (ал-Бухари: 3424, Муслим: 1654). 

362. IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба стеган бахам шена дола берзо къера дуй биина волу (стаг) - АллахIна дуьхьал кхетар ву, И шена оьгIазе а волуш».

(Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «И тIечIагдеш хIара аят) доьссира: «Боккъалаъ, АллахIца бина хилла барт а, шаьш йина чIагIонаш а кIад боцучу мехах юхкуш берш». (Бухари: 6676, Муслим: 138).

363. АшIас ибн Къайса дийцина: «Суний, кхечу цхьана стаганний юккъехь цхьана гIуна тIехула къовсам бара. Ткъа оха и гIуллакх АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даьккхира. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Я ахьа ши теш валон веза, нагахь (хьан валон ши теш вацахь) - цо дуй баа беза». Аса элира: «ХIета, иза-м мел къера а дуй буур болуш ву хьуна». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Нагахь цхьамма, бусалба стеган бахам шен долаберзо харцонца, къера дуй баахь, - иза АллахIна хьалха хIуттур ву, (АллахI) шена оьгIазвахана а волуш» (ал-Бухари: 6677, Муслим: 138).

364. Сабит бин ад-Даххьак ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) диттан бухахь чIагIо йира. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Нагахь цхьамма хуъушехь, Ислам-динаца а ца бууш, муьлхха а цхьана кхечу динаца харц дуй биънехь - ма-дарра аьлча, иза цо (ша-шен) цIе ма яккхаре ву. Нагахь шух цхьамма муьлххачу а цхьана хIуманца (эчигца) ша-шен вехь - цуьнца Iазап латтор ду цунна къематдийнахь. Шен долахь йоцучуьнан хьокъехь чIагIонаш ян а ца еза стага».

Кхечу хьадисехь аьлла: «Бусалба стагана неIалт кхайкхор - иза вер санна лоруш ду». 

Кхечу хьадисехь аьлла: «Харцонца шен доцург ду моттийта гIиртинарг, и бахьанехь цхьана (санехь) сов вала дагахь, - АллахIа сийсазаллехь бен сов воккхур вац иза» (ал-Бухари: 1363, 4171, 6105, 6652, Муслим: 110).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft