356. Абу Бурда ХIаниъ
ибн Нийар ал-Балавис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Иттаннал сов шед (гIаж) тухуш таIзар дан
йиш йолуш дац - нагахь и (таIзар) Сийлахь-Везачу АллахIа барам а къастийна
тIедехкиначарех дацахь» (хIара хьадис ал-Бухарис а: 6848-6850,, Муслима а: 1708 далийна).

