• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: чIир эцарах дерг дуьйцу дакъа

Опубликовано: 19 августа 2012

Хьамад ибн Зайда дийциначу хьадисехь аьлла: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Шух шовзткъе итт стага дуй баа - церан стага вийна ма ву шайн стаг алий. ТIаккха шуьга (чIир эцийта) схьалур ву цара иза». Цара элира: «Ткъа оха муха буу дуй тхайна гина а доцучу хIуманан хьокъехь». Цо элира: «ХIета, жуьгтех шовзткъе иттамма шуна дуй буур бу, тIаккха уьш оцу бехках дIа а цIанлур бу». Цара элира: «ХIай, АллахIан элча! Керста нах бац уьш?!».

СаIд ибн Iубайдан хьадисехь дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), оцу (вийначуьнан) цIий эрна дита а ца лиъна, цунна дуьхьал закатна тесначу эмкалех бIе эмкал мах текхира» (ал-Бухари: 6898, Муслим: 1669).

340. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа нахана цхьа йоI карийнера, шина тIулгана юккъехь Iаьвдина корта а бохийна, Iуьллуш. Наха хаьттина цуьнга: «Мила ву хьуна тIехь хIара болх бинарг? Хьенех вуй? Минех вуй?». ТIаьххьара а, цара цхьаьна жугтичуьнан цIе яьккхича, цо шен корта таIийра. И жуьгти схьалаьцча, цо даре дира - и зулам ша дина хиларна. ТIаккха Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан корта шина тIулгана юккъехь Iовдий, бохабе аьлла, омра дира» (ал-Бухари: 2413, Муслим: 17/1672).

341. Муслима а, ан-Насаис а даладо Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «Цхьана жуьгтичо цхьа йоI йийнера - цуьнгара цхьацца детин хаздергаш бахьанехь. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу (йоIана) дуьхьал (цо иза ма-ерра, ве иза аьлла) чIир эцийтира цуьнгара» (ал-Бухари: 6879, Муслим: 1672, ан-Насаи: 22/8).

342. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIа Шен элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Маккина тIехь тIолам а белла, (цо иза) яьккхиначул тIаьхьа, ХIузайл тайпано Лайсан тIаьхьенах цхьаъ вийнера - Iеса заманахь шайх вийна хиллачунна дуьхьал. ТIаккха Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахана хьалха дIа а хIоьттина, кхайкхам бира: «Боккъалаъ, АллахIа Макки чу ца дуьтуш пил сацийна, амма Шен элчанна а, муъма-нахана а оцу гIалина тIехь толам баккха аьтто бина Цо. Сол хьалха хиллачу цхьанненна а Маккахь тIом бан магийна хилла дац, ткъа суна цхьанна магийна оцу чохь тIом бан - цхьана дийначохь, цхьана сохьтехь. ХIинца дуьйнна дIа цхьанненна а магийна хир долуш а дац и. Кхузара экха (талларца) хьедан мегаш дац, кхузара къохцалгаш кегдан мегаш дац, кхузахь карийна хIума, и карийна хилар дIакхайкхорна а бен, схьаэца мегаш дац. Нагахь кхузахь хьеннан а цхьаьннан гергараниг вийнехь - шайн стаг вийначеран шиннах шайна луъург цхьа сацам тIеэца бакъо ю: я чIир эца, я мах эца». Эццахь тIе а вена, Йеменара Абу ШахIин цIе йолучу цхьана стага элира: «ДIаязбехьа суна (и сацамаш), хIай АллахIан элча». ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира: «ДIаяздейша (и цунна)». Циггахь хьала а гIаьттина, Iаббаса элира: «ХIай, АллахIан элча! Оцу бехкамашна юккъера хаза хьожа йогIу эрз дIабаккхахьа, вай кешнаш дечу хенахь а, цIенош дугIучу хенахь а лелош болу». ХIетахь цо тIетуьйхира: «Хаза хьожа йогIу эрз боцург» аьлла (ал-Бухари: 112, Муслим: 448-447/1355).

343. Iумар ибн ал-ХаттIаб (АллахI реза хуьлда цунна) нахах дага велира - (цхьамма тохар бахьанехь) хеназа бер дина йолучу зудчуьнан хьокъехь (бан безачу сацамах лаьцна). ХIетахь МугIира ибн аш-ШуIбас (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIурра токхуьйтуш сацам бира оцу хьокъехь: лай я гIарбаш». ХIетахь (Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна)) элира: «Айхьа дуьйцучунна теш валон везар ву хьан». Ткъа цуьнца цхьаьна теш хIоьттира Мухьаммад ибн Маслама. (ал-Бухари: 7317, Муслим: 1689).

344. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ХIузайл тайпанах йолу ши зуда вовшахлеттера. Цаьршиннах цхьамма, ласттийна баьхьна вукхунна тIулг а тоьхна, иза а, цуьнан кийрара бер а дийнера. Ткъа нах, и гIуллакх а эцна, АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бевлира. ТIаккха  АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира: дийначу кийрара берана тIера тоьлларг стаг-лай я зуда-лай такха, ткъа йийначу зудчух мах такхаран жоьпалла - оцу зудчуьнан гергарачарна тIе диллина. Текхна хилла болу мах дIасабийкъира - йийначу зудчуьнан кIантана а, бухабиссиначу верасашна а юккъехь. Циггахь Хьамл ибн ан-НабигIа ал-ХIузалис хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Мах хIунда токху аса - цкъа а мелла а доцучух, я хIума йиъна а доцучух, я къамел дина а доцучух, я дилхина а доцучух? Оцу тайпана хIума дуьтуш ма дара». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Боккъалаъ, хIара – бозбуунчийн, къайленаш хаьа бохучийн вежарех ма ву - оцу кепара (цара санна) мукъамехь цхьанна тов дешнаш кхо алар бахьанехь» (ал-Бухари: 5758, Муслим: 36/1681).

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кийрара бер дерна мах такха аьлла, омра дечу (кхиэл ечу) хенахь цигахь хилларг мила ву шух?». ТIаккха Хьамл ибн ан-НабигIас, хьала а гIаьттина, аьлла: «Со вара-кх ши зуда вовшахлеттачу хенахь цигахь. Цаьршиннах цхьамма вукхунна туьйхира…» (ХIара хьадис Абу Дауда а (4572), ан-Насаис а (8/21), ибн Мажас а (2641) далийна. Ткъа ибн Хьиббана а (5989), ал-Хьакима а (3/575) бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь Абу Дауд: 3825].

345. Ал-Хьасан ибн Абу ал-Хьасан ал-Басрис дийцина: «ХIокху маьждигехь Жундуб бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис дийцира тхуна. Цо дийцичахьана дуьйнна тхуна дицделла а дац и хьадис, я тхан цхьана а агIор сагатдойла а яц Жундуба АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIехь доцург кхоьллина хила мега аьлла. (Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна)) дийцира,  АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьалха заманчохь баьхначарна юккъехь чов йина цхьа стаг хилла. (Ткъа оцу чевнан лазарна) сацатохаделлачу цо, урс схьа а эцна, шен куьг дIахадийна хилла. И бахьанехь цIий дIа а ихина, и (стаг) велла. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Сан лайно (Суна дуьхьал кхачарехь) хьалхе яьккхи Сол а, (ша-шена Iожалла а йина). Цундела ялсамани хьарам йина Аса цунна»» (ал-Бухари: 3463, Муслим: 180-181/113).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft