325. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь цхьана стага шен зуда бехке йина зина дарна. Цо дина цуьнан бер шен бер хилар тIе а ца дитина цо. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт кхайкхаде аьлла, омра дина цаьршинга. Ткъа цаьршимма, Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара, неIалт кхайкхира. Цул тIаьхьа доьзалхо зудчунна кхачош сацам а бира, неIалт кхайкхийна долу и шиъ (зудий, марий хила йиш йоцуш) вовшах а къастийра» (ал-Бухари: 5315, Муслим: 1494).
326. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бани-Фазарат тайпанах цхьана стага, Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира: «(ХIай, АллахIан элча!) Сан зудчо Iаьржа бер дина?!». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Эмкалш юй хьан?». Оцу (стага) жоп делла: «Ю». Цо хаьттина: «Муьлхачу беснашкахь ю хьан уьш?». Оцу (стага) жоп делла: «Хьаьрса ю». Цо хаьттина: «Овкъаран басахь эмкалш юй хьан царна юккъехь?». Оцу (стага) жоп делла: «Ю». Цо хаьттина: «Мичара евлла уьш оцу кепара?». Оцу (стага) жоп делла: «Схьахетарехь, дайх йисина хьу хир ю-кха Iаткъаме яьлларг». ТIаккха цо аьлла: «Иштта хила тарлуш хьан кIентан хьал а ду хьуна. Схьагарехь, цунна Iаткъам бинарг а хир долуш ду – дайх дисинарг» (ал-Бухари: 5305, Муслим: 1500).
327. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «СаIд ибн Абу Ваккъасний, Iабд ибн ЗамIанний юккъехь цхьа кIант бахьанехь къийсам бара. СаIда элира: «ХIай, АллахIан элча! Иза – сан вешин Iутба ибн Абу Ваккъасан кIант ву, и (шен бер хилар дIакхайкхор) суна тIедиллина хилла волучу. Хьажахь цуьнга, мел тера ву иза (сан вешех)». (Цул тIаьхьа) Iабд ибн ЗамIас элира: «ХIай, АллахIан элча! Иза – сан ваша ву, сан ден меттахь вина а ву иза цуьнан гIарбашо». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (оцу бере) бIаьрг туьйхира. Массарна а гуш иза Iутбах тера хилар а гира цунна. ХIетте а цо элира: «Иза - хьан ву, хIай Iабд ибн ЗамIа, хIунда аьлча бер маттана* кхачон дезаш ду, ткъа нахацалеллачунна – тIулгаш (тоха догIу)! Ткъа хьо - цуьнах дIакъовлалой лела, хIай Савда»».
(Iайшата) аьлла: «Оцу жимачу стагана цул тIаьхьа цкъа а Савдин (юьхь-сибат) ца гира» (ал-Бухари: 6817, Муслим: 1457).
* Вуьшта аьлча, шен меттахь диначунна кхачош ду бер.
328. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана дийнахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), сел юьхь лепаш, самукъане, со йолучу чувелира. Цул тIаьхьа цо элира соьга: «Ца хезна хьуна: Мужаззиза, Зайд ибн ал-Хьарисе а, Усама ибн Зайде а хьаьжна, церан когаш цхьана цIийнан уьйраш йолуш ду-кха аьлла, аьлларг» (ал-Бухари, Муслим).
Кхечу хьадисехь аьлла: «Ларрашца цIийнан гергарлонийн уьйраш къастон хууш стаг вара» (ал-Бухари: 3731, Муслим: 1459).
329. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), зударшна арахьа васваларах лаьцна хаьттиначу хенахь, цо жоп делира: «Ткъа хIунда лела до аша и хIума?!». Цо ца элира: «Цхьаммо а ма дойла аша и тайпана хIума, хIунда аьлча: «АллахIа кхолладала (доьгIна) долу са – (хьаммо хIуъа леладахь а) кхоллалур долуш ду» (ал-Бухари: 7409, Муслим: 132/1438).
330. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь, дуссуш лаьтташ Къуръан а долуш, дассалучу хенашкахь зударшна чу ца дассадала), тхешан бехке меженаш зударшна чуьра схьа а йохий, арахьа Iанайора оха (оралла). Ткъа и хIума ша ца магийна хIума хиллехьара - (оцу хенахь дуссуш лаьттачу Къуръано) дихкина хир дара тхуна» (ал-Бухари: 5208, Муслим: 1440).

