(1) Велларг - цуьнан да Абу Суфйан вара.
322. Умм IатIыййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан эчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зудчун бакъо яц кхаа буьйсанал сов веллачунна чIир кхаба - нагахь велларг цуьнан майра вацахь, ткъа цунна-м - беа баттаххьий, итт дийнаххьий чIир кхаба еза цо. Оцу ханчохь тIе басар дина духар доха бакъо а яц цуьнан - нагахь иза (тегале хьалха) басар диначу уьйригах дина дацахь. Сурьма хьакха бакъо а яц цуьнан, хаза хьожа йогIург тоха йиш а яц цуьнан. Беттан цIано йохарах цIанъелча, цуьнан бакъо хуьлу – кIеззиг хаза хьожа йогIу га я азфар (2) хьакха» (ал-Бухари: 534I, Муслим: 66/938).
(2) Азфар - хаза хьожа йогIу Iаьржачу басахь хIума ю, мIарех тера а йолуш.
323. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«Цхьана зудчо, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
волучу а еана, хаьттира:
«ХIай, АллахIан элча! Сан йоьIан майра
велла. БIаьргаш лазар леткъа до цо. Сурьма а хьаькхна, басар дан мегар дуй
тхуна цуьнан уьш?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) шозза (я: кхузза) «Дац» аьлла, жоп делира цунна. Цул тIаьхьа элира цо: «Биъ буттий, итт дей даьллачул тIаьхьа а
(бен) дан мегаш дац иза». (Цул
тIаьхьа элира цо цуьнга:) «Iесачу
заманах дерг аьлча, шен майра кхелхича) шух хIора а шо даьлча (уьстагIан
боьхалла) луьст кхуьйсуш хуьлура». Зайнаба
дийцира: «(Оцу хенахь) зудчуьнан
майра велча, и ((зуда) цхьана) мискачу лаппагIина (чу хуура), шена тIехь уггаре
а тиша духар а леладора цо. (Иштта оцу хьолехь) шо даллалц (Iара иза). Шех я
хаза хьожа йогIург а я муьлхха а цуьнах тера хIума а ца хьакхайолуьйтура цо.
Цул тIаьхьа цунна тIе я вир, я уьстагI я (муьлхха а цхьа) олхазар даладора.
ХIетахь цо цуьнан дегIана тIехула куьг хьокхура. Цул тIаьхьа оцу гIуллакхехь
лелийна долу (дийнат я олхазар, цуьнах йогIу хьожа а ца лалой) дукха хьолехь
лара. (Цул тIаьхьа дуьйна зудчо шен и лаппагIа) дIатосура)). ТIаккха цуьнга
(уьстагIийн) луьст (я эмкалийн пхьаж) лора, ткъа цо иза дIалестабора. Цул
тIаьхьа шена ма-луъу хаза хьожа йогIург лелон паргIат хуьлура иза!» (ал-Бухари: 5336-5337, Муслим: 1488-1489).

