• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: весеташ дуьйцу дакъа

Опубликовано: 09 октября 2012

296. СаIд ибн Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ДIасакъаьсташ ден хьаьж дечу шарахь чIогIа цомгаш хиллера со. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гучувала веара со волучу. (ХIетахь) аса хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Хьуна ма-гарра, чIогIа тIетеIа суна хIара цамгар! Ткъа дукха хьал-бахам болуш (стаг) ву со. И сан цхьа йоI йоцург, кхин верас а вац сан, сан ирс эца. Оцу сайн бахаман кхаа декъах шиъ сагIина дIало аса (мискачарна)?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа». Аса хаьттира: «ХIета, оцу сайн бахамах ах дIабекъа аса, хIай, АллахIан элча?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа». Аса хаьттира: «ХIета, кхоалгIа дакъа дIадекъа аса?». Цо жоп делира: «КхоалгIа дакъа дIадекъа-м мегар ду, делахь а, кхоалгIа дакъа а дукха-м ду. Хьайн тIаьхье (верасаш) хьал долуш битар гIолехь ду хьуна – уьш къен буьтучул а, нахе сагIа а доьхуш! Бакъдолуш, АллахIан юьхьан дуьхьа ахьа харж мел йиначу сагIина дуьхьал, шеко а йоцуш, ял хир ю хьуна, ахьа хьайн зудчунна бага юьллуш йолучунна дуьхьал а цхьаьна». ТIаккха аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Сан накъостий дIабахана, кхузахь вуьтур вуй-те со?». Цо жоп делира: «ХIуъа хилча а, вуьтур вац хьо. Ахьа АллахIан юьхьан дуьхьа муьлхха а дика гIуллакх дахь - Цо, шеко а йоцуш, вазвина, даржехь лакха воккхур ву хьо. Цул совнаха, дукха ваха тарло хьо - хьо бахьанехь цхьана нахана пайда хилийта а, кхечарна зенаш хилийта а. Я, АллахI! Сан асхьабийн хIижрат чекхдаккха Ахьа! Юхабовлучу тIе а ма баха Ахьа уьш! Амма, миска СаIд ибн Хавла!». АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дагахьбаллам бисина хилар гайта хIоьттира - оцу стеган валар Маккахь нисдаларна» (ал-Бухари: 1295, Муслим: 1628).

297. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Наха (шаьш къехошна весет ден бахам) кхоалгIачу декъана тIера доьалгIачу декъана тIе охьабаьккхича (дика-м хир дара), хIунда аьлча АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма аьлла: «КхоалгIа дакъа (весет дан мегар-м) ду, делахь а, кхоалгIа дакъа а-м ду дукха» (ал-Бухари: 2743, Муслим: 1629).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft