221. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза
хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан
элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен асхьабашца цхьаьна Макка
веаначу хенахь, мушрикаша элира: «Кхуза, шу долучу, богIуш цхьа нах бу,
Ясриберчу хоршано гIора а дайина». ХIетахь Пайхамара (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) цаьрга омра дира: (хьаьжцIенна гонаха дохучу гонех)
хьалхара кхо го чехкачу боларца баккха, ткъа шина маьIигна тIехдовлучу хенахь
гуттарчу боларехь тIехдовла аьлла. Царех къахетар бахьанехь Iийра иза, цаьрга
омра ца деш: (ворххIе а) го чехкачу боларехь баккха аьлла» (ал-Бухари:
I602, Муслим: 1266).
222. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша Макка а веана, Iаьржачу
тIулгах дIа а хьакхавелла, гонаш даха волалучу хенахь, чехкачу гIулчашца ворхIаннах
(хьалхара) кхо го боккхуш гира суна» (ал-Бухари: 1603, Муслим: 1261).
223. IабдуллахI
ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьххьара дина хьаьж дечу хенахь эмкалахь
тIаваф дира, шен саттийна тIам болу Iаса хьаьжцIийнан сонах хьакха а йолуьйтуш» (ал-Бухари: 1607, Муслим: 1272).
224. IабдуллахI
ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къихетам а, маршо а хуьлда цунна) хьаьжцIийнах, Йеменан ши са боцучу
цхьана а меттигах, хьакхалуш ца вайра суна» (ал-Бухари: 1609, Муслим: 1269).

