• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Iумдатул-ахькам: маккин хьурмат дуьйцу дакъа

Опубликовано: 22 февраля 2013

214. Шурайхь Хувайлид ибн Iамр ал-ХузаIи ал-Iадавис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ТIеман тобанаш Макка хьажош воллучу Iамр ибн СаIд ибн ал-Iасе дехар дира аса: «ХIай, амир! Бакъо лохьа суна, Макка яьккхиначу шолгIачу Iуьйранна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцинарг хьайга дIахьахо. Сан лергашна хезна а ду хьуна и, сан даго кхачам боллуш дIалаьцна а ду хьуна и. Цо и дуьйцучу хенахь сан бIаьргашна гуш а вара хьуна иза. (Цкъа хьалха) АллахIна хастам а бина, (Цуьнан хазачу куьцашца) хеста а вина И, цул тIаьхьа элира цо: «Боккъалаъ, Макка Сийлахь-Везачу АллахIа хьарам йина стигланаш а, латта а кхуллучу дийнахь. Наха шайггара йина а яц и хьарам. Цундела АллахIе а, эхартан дийне а иман диллиначу цхьана а стагана мегаш дац цигахь цIий Iанор, я цигара дитт хадор. Нагахь цхьаъ, АлахIанан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бина цигахь тIом бохуш, шена а (тIом бан) некъ леха волахь, аша цуьнга олийла: «АллахIа шен элчанна бакъо елла, ткъа шуна ца елла Цо и бакъо». (Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла): «Боккъалаъ, суна  бакъо елла - дийнах цхьана ханчохь». (Цигахь тIом хиллачу шолгIачу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира): «Тахана, хьалха санна, хьарам а хилла дIахIоьттина (кхузахь тIом бан мегаш цахилар), селхана санна. Цундела кхузахь волучо дIакхачадойла кхузахь воцучуьнга». ХIетахь цхьамма хаьттина Абу Шурайхье: «ХIун жоп делира хьуна Iамра?». Цо аьлла: «Цо соьга хIара дешнаш элира-кха: «ХIай, Абу Шурайхь! Хьуначул а дикаха хаьа-кха суна и. Боккъалаъ, хьарма - лочкъийла хила йиш йолуш яц я (муьтIахьаллех воьхна) Iеса ваьлла цига лачкъа ваханачунна а, я цIий хьаьрчина цига веддачунна а, я ямартлонца цига веаначунна а»» (ал-Бухари: 104, Муслим: 1354).

215. IабдулахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Макка йоккхучу дийнахь элира аьлла: «(Маккина тIехь) толам баьккхиначул тIаьхьа (цигара кхечанхьа хIижрат дан) кхалха ца оьшу, амма жихIадехь (дакъалаца дезаш хилар) а, (дика) негат хила дезаш хилар а (дIадала йиш йоцуш) латта дезаш ду. Цундела, нагахь шайга (гIазоте) кхайкхахь, сихо елаш (арадовла)». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) Макка йоккхучу дийнахь элира: «Боккъалаъ, хIара шахьар (Макка) – стигланаш а, латта а кхуллучу дийнахь хьурмате лерина ю, шен сий дан дезаш а ю, АллахIа хьарам йина хилар бахьана долуш къематде даллалц. Оцу чохь тIом бар сол хьалха цхьанненна а магийна хилла дац. Дийнах цхьана ханчохь бен суна а дац и магийтина. (И суна магийтина йолу хан) – хIара хан ю. Иза – сийдарца лара езаш ю, АллахIа хьарам яр бахьана долуш къематде кхаччалц: цигара кIохцалг (тIехь долу дитт-хIума) хадон йиш йолуш а дац, цигара экха къехкон йиш йолуш а дац, цигахь карийна йолу хIума схьаэца йиш йолуш а яц, (цуьнан да лохуш) дIакхайкхон дагахь волучунна а бен, цигара буц хьакха йиш йолуш а яц». ХIетахь Iаббаса элира: «ХIай, АллахIан элча! (Болх-гIуллакхехь лелонза ца йолуш йолу) изхар буц йоцург (алий, и юкъара яккхахьа), хIунда аьлча аьчкан пхьерашна (цIераш лато) а, тхевнаш дечу хенахь а оьшуш ю иза». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Изхар (буц) йоцург» (ал-Бухари: 3189, Муслим: 1353).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft