Закатех дерг дуьйцу жайна
Хьалхара дакъа
Тlера закат даккха богlу бахамаш ворхl тайпа ду
1. Хьайбанех эмкалш, бежнаш, уьстагlий ду.
2. Деши, дети ду.
3. Стоьмех хурманаш а, кемсаш а ю.
4. Буьртиг-ялтех кlа а, мукх а, хьаьжкlаш а, дуга а ду.
5. Махлелоран-бахамна тlера дала дезарг: махлелочу товаран механ
итталгlа декъах доьалгlа дакъа ду.
6. Хазна ю.
7. Маьlда ю.

