5. Цу юккъера хIора аят дешар. Цуьнан
аятех лоруш ду (юьххьехь доккхуш долу) бисмалла а.
6. МаьIна догIочу кепара гIалат деш ца дешар.
7. Парз ламазехь ирахь волуш дешар.
8. Ша доьшург ша-шенах озуьйтуш дешар.
9. (Фатихьа суратах) доцу зикр цуьнан
(аяташна) юкъацадалор.
Фатихьа суратан къовларш (ташдидаш)
Фатихьа суратехь ейтта ташдид ю:
1. «БисмиллахI» - «лам» элпан тIехь ерг.
2. «ар-Рахьман» - «ра» элпан тIехь ерг.
3. «ар-Рахьим» - «ра» элпан тIехь ерг.
4. «ал-Хьамду лиллахIи» - АллахI цIеран юккъерчу «лам»
элпан тIехь ерг.
5. «Раббил Iаламийн» - «ба»
элпан тIехь ерг.
6. «ар-Рахьман» - «ра» элпан тIехь ерг.
7. «ар-Рахьим» - «ра» элпан тIехь ерг.
8. «Малики йавмиддини» - «дал» элпан тIехь ерг.
9. «Иййака наIбуду» - «йа» элпан
тIехь ерг.
10. «ИхIдинас-сиратIал мустакъим» -
«сад» элпан тIехь ерг.
11. «СиратIаллазина» - «лам»
элпан тIехь ерг.
12. «АнIамта IалайхIим гIайрил магIдуби IалайхIим валаддаллин» -
«дад-лам» шина элпан тIехь ерг.

