НАЖАСАН ДАКЪОШ
Нажасаш кхаа тайпа ю:
1. ЧIогIа нажас.
2. Йайн нажас.
3. Юккъера нажас.
ЧIогIа нажас: Иза - жIалин
а, хьакхин а, иштта царех кхоллаеллачу хIуманийн а нажас
ю.
Йайн нажас: Иза – шен ненан шура йоцург кхин яъхIума йиъна а
доцу, ши шо кхаьчна а доцу беран хьатI ду.
Йуккъе нажас: Йисина ерриг нажасаш кху юкъа йогIу.
НАЖАС ДIАЦIАНДАР
1. ЧIогIа нажас: Ткъа и нажас, нагахь и гуш
ялахь, дIаяьккхиначул тIаьхьа, ворхIазза
йиттича дIацIанло, царех цхьаъ лаьттаца йитта
езаш ю.
2. Йайн нажас: Ткъа и тайпа нажас
тIекхетта йолу меттиг дIацIанло,
хьаткъа кхеттачу ерриг меттиге а кхочуьйтуш, хи хьакхарца, нажас дIаяьккха
а еза.
3. Юккъера
нажас: Ткъа иза, шина декъе екъало: хаалуш ерг а, хаалуш йоцург а.
Хаалуш ерг: я бос, я хьожа,
я чам гуш-хаалуш ерг ю. Ткъа цу тайпанарчу нажасан бос, хьожа, чам а дIабаккха
безаш бу.
Хаалуш йоцург: я бос, я
хьожа, я чам гуш-хаалуш йоцург ю. Ткъа и (тайпа нажас) хих яьккхичахьана йолуш
ю.

