Цул тlаьхьа, (лакхахь дагардина ворхl) хи, (церан куьцашка хьаьжжина) деа декъе декъало:
Хьалхарниг: Ша цIена долуш, кхийолу хIума цIан а еш, лелор дика ца хила бахьана доцург ду. Иза - цlена хи ду.
ШолгIаниг: Ша цIена долуш, кхийолу хIума цIан а еш, амма лелор дика цалеринаг ду. Иза - маьлхо дохдина хи ду.
КхоалгIаниг: Ша цIена долуш, кхийолу хIума цIанъеш доцург ду. Ткъа иза – (ламаз оьцуш, луьйчуш, нажас дlайоккхуш,) лелийна хи ду. Цу (юкъа доху), шех цIена хIуманаш иэр бахьанехь (бос, я чам, я хьожа) хийцаделла хи а.
ДоьалгIаниг: Нажжаз
хи ду. Ткъа иза - шина кхабанал(1) к1еззиг долуш, чу нажжаз йоьжна хи а, иштта шина кхабанан барамехь долуш, (делахь а чу
йоьжна нажжаз бахьанехь я бос, я чам, я хьожа) хийца елларг ду. Ши кхаба,
герггарачу хьесапехь Багдадан пхи бlе ритlле(2) нисло, цу (шиннан барам къастош lелимнаха аьллачех) уггар нийса хила тарлург и ду.
__________
1. Кхузахь юьйцу кхаба, герггарачу хьесапехь 216 литар хи
тарлуш, чухоам берг ю.

