1120. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бойла-кх - малхбузан ламазал хьалхара диъ ракаIат (суннат) ламаз деш волучу стагах!» (Абу Давуд: 1271, Тирмизи: 430. Цо аьлла хIара дарж «хьасан» долуш хьадис ду).
1121. Iалий ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) малхбузан парз-ламазал хьалха гуттар а ши ракIат (суннат) ламаз дора» (хIара хьадис бакъ йолучу зIенаца Абу Дауда далийна: 1272).
_______________
(1) Вуьшта аьлча: хьалхара ши ракаIат диначул тIаьхьа, «Ассаламу Iалайкум варахьматуллахI» («АллахIера маьршо а, къинхетам а хуьлда шуна») олуш.

