181-г1а
дакъа
Гуттар
къуръан доьшуш хила аьлла дина омра а, и дицдарах ларвала везаш хилар а
1002. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Къуръан кест-кеста (даима а) деша, хIунда аьлча аса дуй ма буу Мухьаммадан са
Шен карахь долучух, боккъалла а, карара чехка долуш ма ду и – шен барголах
хецаелла эмкал санна» (Бухари: (5033), Муслим: (791)).
1003. Ибн Iумара
(АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) элира аьлла: «Боккъалла а, Къуръан дагахь хууш волу стаг шайн когех
барголаш тоьхна эмкалш йолучух тера ву: нагахь цо уьш гуттар а оцу хьолехь
латтаяхь - (шен) карахь латтор ю цо уьш, амма нагахь цо уьш (когаш а даьстина)
дIахецахь
- йовдур ю уьш» (Бухари: (5031),
Муслим: (782)).