• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

295-гIа дакъа

Опубликовано: 07 апреля 2010

295-гIа дакъа

Коьртах цхьаберг дIа а баьшна, важаберг башанза битар ца магош хиларан а, зударшна корта баша мегаш ца хиларан а, стегаршна берриге корта баша мегаш хиларан а хьокъехь

1638. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) коьртан цхьа агIо дIа а яьшна, (бисинарг битар) дихкина» (Бухари: 5920, Муслим: 2120).

1639. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчанна цхьа кIант гина - коьртан цхьана агIонгара месаш дIа а яьшна, важа агIо яшанза йитина. «Я берриге дIабаша иза, я банне а хье ма бе иза» аьлла, дихкира цо и царна[1]» (хIара хьадис Бухарин а, Муслиман а бехкамашца цхьаьна а йогIуш, «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда (4195) далийна).

1640. IабдуллахI бин ЖаIпара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Шен хенахь) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ЖаIпаран (АллахI реза хуьлда цунна) доьзална кхо де хан елира. Цул тIаьхьа уьш болучу а веана, элира цо: «Таханачул тIаьхьа сан вешина тIаьхьа ма делха». Цул тIаьхьа элира (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)): «Схьакхайкхал суна тIе сан вешин кIентий». Тхо схьадалийра, кIорнеш санна, ткъа цо омра дира: «Ларгант схьакхайкхал суна тIе» аьлла. Цуьнан омрица (оцу ларганта) тхан кортош дешира[2] (хIара хьадис Бухарин а, Муслиман а бехкамашца цхьаьна а йогIуш, «сахьихь» йолучу иснадаца Абу Дауда (4192) далийна).  

1641. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зударашна корта башар дихкина» (ан-Насаий: 2-130).



[1] Вуьшта аьлча: дайшна а, наношна а, я оцу кепара цуьнан иза бешначуьнна а.

[2] Кхузахь дуьйцург - пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шича волучу ЖаIпар бин Абу ТIалибана (АллахI реза хуьлда цунна) тIаьхьабелхар ду, Муъта тIамехь кхелхина волучу (629-чу шеран кIамарс баттахь, я сентябрь баттахь).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft