229-гIа дакъа
Оршотан а, еарин деношкахь а марханаш кхабар суннат хилар
1255. Абу Къатадата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шега оршотан дийнахь марха кхабаран хьокъехь дерг хаьттича, жоп делира: «Со вина де ду и, со (пайхамар а вина) ваийтина де ду и (соьга (АллахIера дуьххьара) хаам беана де а ду и)» (Муслим: 1162).
1256. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Адамийн) Iамалш (АллахIана) хьалхахIиттош ю оршотан а, еарин а деношкахь. Цундела суна сайн Iамалш хьалхахIиттайойла лаьа, сайн марха а долуш» (Тирмизи: 745, цо аьлла хIара хьадис «хьасан» даржехь ду. Муслима а далийна: 2565, амма юккъехь хьахош марха а доцуш).
1257. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оршотан а, еарин а деношкахь гуттара а марханаш кхобура» (Тирмизи: 745, цо аьлла хIара хьадис «хьасан» даржехь ду).

