224-гIа дакъа
Марханех хьакхалуш долу цхьацца гIуллакхаш
1242. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (цхьамма багахь марха а долуш) вицвалар бахьанехь (цхьа хIума) яахь я малахь - шен марха кхиндIа дуьззина дIакхобийла цо, хIунда аьлча, боккъалаъ, цунна яийнарг а, цунна малийнарг а АллахI ву» (Бухари: 1933, Муслим: 1155).
1243. ЛакъытI бин Сабирата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, ламаз муха эца деза дийцахь суна». Цо жоп делира: «Хьакъ долучу кепара (эца ма-деззара, дуззий) ламаз эца[1]. ПIелгашна юккъера меттигаш йила, леррина мара а цIанбе, нагахь хьо марха долуш вацахь[2]» (Абу Дауд: 2366. Тирмизи: 788, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).
1244. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен зудчух кхетар бахьанехь жунуб хилла (лийчар тIедоьжна) а волуш, сахилча, лийча а луьйчий (кхиндIа) шен марха кхаба волалора» (Бухари: 1930, Муслим: 1109).
1245. Iайшата а, Умму Саламата а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) масийттазза а, тIедоьжна лийчар а долуш, Iуьйранна самаваьлча, гIенах лаамза хуьлучу вассаваларан (поллюция) бахьаненна а доцуш[3], цул тIаьхьа марха кхаба волалора» (Бухари: 1931, Муслим: 1109).
[1] Кхечу дешнашца аьлча: дуьззина, хIуммаъ юкъах ца дуьтуш.
[2] Вуьшта аьлча: хьайн марха а долуш, айхьа ламаз оьцучу хенахь хи дукха кIорге мерачу ца озон гIорта, иза кийра ца эккхийтархьама.
[3] Кхечу дешнашца аьлча: лийчар тIедожаран бахьана - зудчуьнца вижаран гIуллакх деана хилла хилар ду. ГIенакхоьлах лийчар тIедожарах (поллюция) дерг аьлча - цуьнан бахьанех цхьаъ шайтIанан хIуьмалгаш хила йиш йолуш ду, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гергадан йиш йоцуш хилла долу я кхинболчу пайхамаршна а (АллахIера маршо хуьлда царна).

