220-гIа дакъа
Бутт цIинбелла гича олуш дерг
1228. ТIалхьата бин IубайдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бутт цIинбелла гича пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттара а олура: «Я, АллахI! Тхуна схьакхетийта Ахьа и кхерамазаллица а, иманаца а, диканца а, Исламаца а! Сан Дела а, хьан Дела а - АллахI ву, хIай, бутт! Нийсачу новкъа а, диканна а лелар хуьлда (хьан)! (АллóхIумма ахIиллахIу Iалайнá бил амни, вал úмáни, вассалáмати вал ислáми. Робби ва роббукаллóхIу, хIилалу рушдин ва хайрин!)» (ХIара хьадис Тирмизис даладо: 3447, «хьасан» даржехь ду аьлла цо хIара).