324-гIа дакъа
БоргIална лер дихкина хиларан хьокъехь
1730. ЖухIанерчу Зайд бин Халида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «НIаьнина (боргIална) лен ма лоьйла шу, хIунда аьлча ламазана (шу) самадохуш ерг ма яй иза» (хIара хьадис «сахьихь» иснад йолуш Абу Дауда далийна: 5101).

