306-гIа дакъа
ЖIаьла кхабар хьарам хилар дуьйцу дакъа, нагахь иза талларан дуьхьа я даьхнина, я ялташна ха дан кхобуш дацахь
1688. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «ЖIаьла кхобуш волучу стеган (дикачу Iамалшна) дуьхьал догIу совгIат - хIора дийнахь ши къиратI кIезиглуш ду, нагахь цо иза я талларан дуьхьа, я даьхний лардайта (кхобуш дацахь)» (Бухари: 5480, Муслим: 1574).
1689. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, жIаьла долучуьнан дикачу Iамалшна дуьхьал догIу совгIат - хIора дийнахь къиратI кIезиглуш ду, нагахь цо и жIаьла я кха, я даьхний (лардайта кхобуш дацахь)» (Бухари: 2322, Муслим: 1575).
Оццу хьадисан (Муслима далош долучу цхьана ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла): «Я хадарна, я латта я даьхний (лардаран Iалашонна а) доцуш, жIаьла кхобучуьнан ял - хIора дийнахь ши къиратI кIезиглуш ю».

