121-гIа дакъа
Духар хоржучу
хенахь юккъера барам ларбар суннат хилар - нах кхаьрда болучунна тIехь кхачам а ца беш, нагахь иза цхьана хьаштанна я ШарIо лоьхучу Iалашоне кхача
дацахь
803. Iамр бин ШоIайба дийцина, шен дас дийцира шен дендегара, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахI дезаш ву ша диначу диканийн лараш Шен лайна тIехь гар» (Тирмизи: 2820, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

